Пьеса
Дакъалоцурш:
Къурша – забаре стаг
Липали – Къуршин хIусамнана
Лулахо
Некъахо
Йуьртахо
Базарахь:
I-Йохкархо
2-Йохкархо
Сцени тIехь:
Шайн хIусамехь Къурша а, Липали а.
Кресло дуьззина охьа а хиъна, телевизоре хьоьжуш йу хIусамнана Липали. Дехьо лаьттачу гIантахь йолу шен бедарш кегош воллу Къурша. Шен хIусамден забарш ца товш йуьхьанца, цуьнца девне йуьйлу Липали. Амма цкъа мацца а шен метта дош ала Iема хIусамнанна а.
Говзачу, забаречу дешнашца дIабоьдуш къовсам бу сцени тIехь.
Къурша. Ванах зуда, хIара сан бедарш хIинца а ца йиттина-кх ахь?
Липали. Ва-а йуьттур йу, йуьттур йу. Со кхуьуш ма йацара уьш йитта.
Къурша. Иттех де ду-кха, ас хIорш охьайехкина. Ткъа хьо, цхьана буйна телефон, вукха буйна телевизоран пуьлт лаьцна, дийнахь-буса а – «Богатые плачут», утром и вечером – бедные плачут. Делкъана «Санта Барбара».
Хьо муха кхуьу гIуллакх дан? И хьайн ши бIаьрг хьажахьа, и телевизор санна квадратни! Со-м ву, сайн бехйелла бедар хийца йиш йоцуш.
Липали. Собар дехьа, стаг, «Кармелита» ма йу дIайолалуш.
Къуршас, резавоцуш, цхьацца гIам-гIим деш, схьагулйо шен бедарш. Схьадохьу цхьа доккха буога.
Бедарш йитта оьшу гIирс берриг схьагулбо.
Липали. ХIе-ей! ХIун до ахь?! Йитта воллу хьо? Тахана цкъа йиттарх, хьан галдала а дац хIумма.
Шен гIирс марахь, хIусамда кевнал аравала воьлча, цуо лелочух шек а хуьлий, цунна тIаьхьахIутту Липали. Ша лелориг дерриг дIагайта, урамехь адамаш дIасалелачу охьахуу Къурша.
Липали. Стаг, хьо хIинца йуьртахошка суна цхьаъ кхоллийта гIерта?
Схьачоьхьавалахьа! Схьалохьа уьш соьга, ас хIокху сахьта, йиттина, хьалаухкур йу-кха уьш.
Къурша. Мичара, хIокху сахьта! Суткехь ткъе диъ сахьт ду. ХIара бедарш ас охьайехкина итт де ду. Двести сорок часов! Арифметика, зуда, арифметика.
Бога, чудахьа дагахь, дIаозадо хIусамнанас. Цуьнан карара схьадоккху хIусамдас. Генавоццуш схьавогIуш хIокхеран лулахо ву.
Липали. ХIай стаг, ма хIоттайе со йуьхьIаьржа, хьуьлла лулахо а ву вайна тIекхочуш. Ма лела сонта, схьало уьш соьга!
Къурша. ХIан-хIа, тахана сан рагI йу.
ХIусамнана, дан хIума а ца хуьлий, йелха йолало. Лулахо а, вогIий, тIехIутту. Къурша-м, чопа эккхийтина, шен бедарш хьекхош ву.
Лулахо. Ассаламу Iалайкум! ХIай сан лулахо, со ма ца кхета аш лелочух. Хьо хIун деш воллу?
Къурша. ВаIалайкум салам! Хьуна ма-гарра, сайн бедарш йуьттуш ву-кха.
Лулахо. Хьо бедарш йуьттуш ву, ткъа хIара хIусамнана хIунда йоьлху хьан?
Къурша. Хьо, аьлча а, тешар вац. ХIара дера йоьлху, шенаш хьалха йитта бохуш.
Липали, йоьдий, шайн уьйтIа оьккхий, къайлайолу. Къурша а шен буога а карахь цунна тIаьххье керта воьду. Цара лелочух а ца кхетий, шен ши куьг дIаса а лоьцуш, белш а сеттош, лулахо а дIавоьду.
Липали. Ас иза хьуна дIа ца декхахь! Со йуьртахь а йийцийта гIерта хьо?!
Къурша. Хьайна ма-ттов доькхийла йу-кха хьан. ХIокху вайн хIусамехь мел йолу хIума йитта йезаш, йила йезаш, лийчо йезаш йу-кха. Кайолийла хьан!
Липали. Со Iийр ма йац хIокху хIусамехь, сан дог иэтIош бен хьо Iаш вац. КIордийна и хьан сонта забарш.
Шен тIоьрмиг схьа а оьций, неIаре йолу Липали.
Къуршас сихонца неI дIалоцу.
Къурша. Вайн Делора гIур йац-кха, хIинццехь со вен а вийна, сан докъа тIехула йаьлла бен. Хьо дIайахийта йиш йу ткъа.
И дешнаш хезча, хIусамнана мелла а дагна кIадлой, йухайолу. Шен тIоьрмиг а охьабуьллу. Къурша а неIарера сехьаволу.
Къурша. ХIокху чухула дIасахьажахьа, зуда. ХIара гIурт дIа ца листа, дIайаха а реза йу хьо? Капи-та-альный марафет йай, тIаккха дIагIо хьо. Ахь талу даржийначу хIусаме соьга керла нускал догIур ма дац.
Йуха карзахйаьллачу Липалис, дIакатухий, шен тIоьрмиг схьаоьцу, неIаре хьоду. Цуьнгара хьалхе йоккхуш, неIаре хIутту Къурша,
хIинца йуха а неI дIалоцу.
Къурша. Хьайн устазора, зуда, ма гIуо дIа! Забарш йо, за-ба-арш. ХIей, со ца вевза хьуна хIинца а? Лаьий хьуна, ас кхана эцца гIала базара йуьгу хьо, къинтIерайаккха цхьа совгIат дан. Схьаала, хIун йеза хьуна?
ХIусамненера тоьрмиг, схьаоьций, охьабуьллу Къуршас.
Къурша. Зуда, духи, хIан-хIа, чухьожу куьзга эций хьуна?
Шен хIусамненан букъ тIиэхьа ву Къурша,
Липалина ца го цуо маьттаза сетто бат.
Липали. ДIаволалуш ву хьо йуха а? Куьзга хIун йу?
Къурша. Аса-м карманный дуьйцу, телефон санна схьа а доьллуш, зурма а локхуш – турецкий.
Липали. Ма хьехайе соьга и кега-мерса хIуманаш, суна дика йевза хьан писалла.
ХIусамнана уллерачу совцIачу йолу, Къурша майраволу.
Къурша. ХIара ма йу, куьзгана хьаьжча, ша-шех кхералуш. Хьуьлла уьйтIара йоьхна лаьтта ворда йедда-кх, хIара гича. Цу куьзганца чIогIа гамо йу тхан………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)