ГАУ «Издательский дом»

КАСАЕВ Батраз. Дайн илли

Батраз Касаев вина 1950-чу шеран х1утосург беттан 18-чу дийнахь. Къилбаседа-ХIирийчоьнахь йолчу Нарон йуьртахь. Чекхйаьккхина К. Хетагуровн цIарах Къилбаседа Х1ирийчоьнан пачхьалкхан университетан филологин факультет. Поэт, Россин журналистийн, йаздархойн союзан декъашхо. Къилбаседа ХIирийчоьнан культурин хьакъволу белхало. Белхаш бина газетехь, радиохь. Батраз Касаев масех поэзийн гуларан автор ву. Царна йукъахь йу «БIаьстенан кхайкхар», «Кхолламан керчар», «Серлонча», иштта кхийерш.

Дайн илли

ХIораннан а, Даймехкан Сийлахьчу тIамехь дакъа мел лаьцначун, шен са ца кхоош, толам баккхарна тIехь къа мел хьегначеран сий-тIалам хуьлийла! Цхьаммо а вайн иэсера йойур йац церан цIерш, церан майралла, тешам, доьналла – уьш массо ханна лаьттар ма бу, шайх масал а хилла, тIаьхьа тIебогIучарна.
Ишттачарах вара Заманкулера Знауран Ахберд Кусов, артиллерист лакхара лейтенант. Иза кIеззигчу ханна, сан гIийла аз хезна, йухавирзира шен Деле йуьхьарлаьцначу новкъара.
ТIаккха схьахезира генара Iожаллин гIовгIа… Ахбердана, тIам тIе дIавахийтале, ша зIенан училищехь боккхуш болу кхо бутт, сатийсаман а, сахьийзаран а уьйриг хилира, шад а хилла, легашка гIерташ. Амма, дукха хье ца луш, Ростовехь лаьттачу 56-чу эскарх хIара дIатоьхча, тIеман кIуьро легашкара и уьйриг дIатеттира, дууш долу са те а деш.
Хеталора, къизалла йа цабезам бац хIара тIеман новкъахула вуьгург – йарий-техьа иза маршо аьлла хета, нана-зуьдо шен кIезий кхабарх терра, маршонах йузуш хеталора кхуьнан майралла доьналлица цхьаьна. Ткъа ЦIен Седа Орден, Ахбердана йелла йолу, дахаран ловзорг йара, совгIат а доцуш, хIунда аьлча къахетаррий, эргIаддаллий эскархойн куча тIе оллалур ма йац.
Заманкулера Даппын тIай когаш кIелахь леста. Цул дехьа, нагахь лома хьалагIортахь, Дзикка шовда долчу кхочур ву. Амма хьогалла йайа сих ма лолаш – довхачу дийнахь сатохар гIоли ду, цергаш лахочу Кочи шовданна тIе кхаччалц, жимма лакхахь долчу. Кхин дIа – шуна кIелдIахула лилула сийначу бай тIе доьду тача ду Мысык, хьоьца цхьаьна – белшана тIехь мангал а, ша стелахаьштиг санна малхехь къегаш, хьан хьуьнар а. Луьста буц когаш кIел йуьжу, бецан тамехь хьожа мер чу йеттало, амма йистйоцу синпаргIато йу-кх хьоьца. Кху новкъа Сослан шен дедеца Ахбердаца, хийла говран ворданахь дIасхьаветташ, ихна ву. Дедас илли дIадоладора, ламанан некъаш тилон санна, ткъа цу иллин цIена мукъам говранна некъан тIай хуьлура. И илли, цуьнан аз, деден кийрарадаьлла, литтина, шовданан хи санна, гIайгIанех а, самукъадаларх а долу, хIинца а дIакхойкхуш ду шена тIаьхьа дикаллин а, безаман а бухбоцчу Iома чу.
Йа, ламанан йийсарера аралилхина хин Iовраш санна, уггар а кIорга чоь лоьхуш, новкъа мел дерг, кхуьссуш, дIа а оьхуьйтуш, хьан сих хьерчаш.
Йа, фандыран мерзех чекхдолий, муьшан бохалла шен дегI ловзош волу пелхьо санна, тIаьхь-тIаьхьенашна дIагIерташ.
ХIоразза а, беран лере мосазза кхочу, ворданна тIехь хиъна Iаш долчу, цу беран лерган кеп схьаоьций, цуьнца гергарло таса сихлой – тидам бехьа! – цуьнан дагца цхьаьна эшар а нислой, Iуьйренан дахкарх хьерчош, вон мел долчух лардан гIерташ. Делахь а, доллучух а ларвелла вер вуй? Замане къар ца ло и мукъам, эша ца ло, тиш ца ло, хIоразза а карлаболу, цIинло, серлабуьйлу.
Дийцина а вер вац, деден дог мел карзахдоккхура цу иллино. Аьлла а, йийцина а вер вац цуьнан дикалла. БIаьрг тIаьхьа а кхуьур бац, Ахбердана тIе мел Iиттаделларш схьалаца, хIай Iаламат! Цунна хьалха тIехдуьйлу мацах мел хилларш, синтем боцуш, амма хIара бер-м ду цу долчуьнца – бахьана а, жамI шеца доьзна долу, тIеман буьрса денош а, деден лозу чевнаш а.
Дуьйцу, I947 шарахь Ахберд Заманкуле цIа вирзира, тIеман заьIапхо а волуш. «Ирыстон» колхозе балха хIоьттира, «Къинхьегаман ветеран» мидал йелира, зуда а йалийра, кхиийра цхьа кIанттий, йалх йоIIий. Цу тIе, Ахберда кегийрхой кхетош-кхиоран болх а бора, колхозан юкъарчу гIуллакхашкахь жигара дакъа а лоцура, хаьржира йуьртахь депутат. Ткъа, нагахь санна, йуьртахь зуда йалийна меттиг хилча, йа эскаре воьдуш жима стаг, леррина Ахберд кхойкхура вистхилийта. Цуьнан цIеначу иллеша хазбора муьлхха а синкъерам. Ахбердан берийн бераша йоI-бIаьрг санна, лардеш лелош дара цуо тIамера даийтина кехат:
«Маршалла ду шуьга, хьомсара нана, вежарий, лулахой! Салтичун доккха-довха маршалла ду Курскера. Со хIинца, салти хилла а ца Iаш, эпсар ву, йаккхийчу тоьпийн эскарехь эпсар. Ас дакъалаьцна Ростов, Сталинград, Курск а мостагIчух паргIатйоккхуш хиллачу тIемашкахь. Суо хIинццалц дийна висаран баьхьана Заманкулерчу зераташа ларвар ду аьлла, хета суна. Массаьрга а соьгара маршалла дIалуо. Шун Ахберд».
И кехат йаздинчул тIаьхьа, цуо дакъа лецира Украина а, Польша а, Чехословаки фашистех маьршайоккхуш. ХIорш Прагина чубоьлхуш ,чIогIа чов а йира. Лоьраша исс баттахь инзаре къахьийгира, Iожаллин багараваккха гIерташ, тIаьххьар а ваккха а ваьккхира.
Даймехкан декхарш кхочушдарна, ЦIен Седанан Орден а, Даймехкан тIеман хьалхарий, шолгIий даржийн орденаш а, кхойтта мидал йелира Ахбердана. Царах йара «Майраллин», «ТIеман заслугийн», «Кавказийн оборонийн» мидал а, «Германина тIехь толам» баккхарна а, иштта дI.кх. а.
Ахбердана и доллу совгIаташ, цуьнан 21 шарера 27 шере кхаччалц йолчу хенахь, дина ду. ХIинца цуьнан кIентан кIант, Сослан, ша килса чуьра суьрташка санна, хьоьжу цу мидалшка. И дика кхета, адаман муьлхха а дикалла шеца цхьаьна кхерам боцуш цахиларх, ткъа деда тIамехь дийна висар – Дала цуьнан хан тIаьхьататтар дуйла. Гуттар а и ойланаш коьрте хьийза Сосланна, цу мидалшка хьоьжуш Iаш. Ткъа доллучул а хIара цецвоккхург – ворданахь шаьшшиъ вогIуш Ахберда аьлла илли лерера цадалар. Дешнаш кхунна дага ца догIу. Уьш-м башха коьрта а дацара. Коьртаниг – цу иллин мукъамо сийлалле вигар, кхайкхар, майралла дегIах йолийтар, ирсечу дахаре новкъаваккхар. Хетарехь, и илли тоьллачу дахаран илли долчух тера дара. Ца хилча, иштта са карзахдохур ма дацара цуо. Ткъа и тайпа хилча Ахбердан илли – и доцуш мегар вуй Сослан? И ца хилча, вахалур вуй? Цхьана дахаран илли хилла ца Iаш, маршонан, паргIатонан, безаман жовхIарш ду цуьнан хIор а мукъамехь. И санна долу хIор а илли хIиричо тIаьхьенгара-тIаьхьенга кхачош, лардеш, схьадохьу, ткъа кхана, цхьа кхераман киртиг тIехIоьттича, шайн синош а, догIмаш а ца кхоадо.
Цу ойлано самукъадаьккхира Сосланан, хIост а хилла, даг чу а дижира, цуьнан дуьхьа вахар эрна доций а хиира. Эрна цахиларх кхийтира, Къилба-Кавказан технологически университетан экологин факультет лаккхарчу кхиамца йаьккхина ваьлча, шен говзаллехула балха ца воьдуш, ша Гергиеван цIарахчу искусствон колледжан иллиалархойн декъе деша вахча. Нийсса шо даьллачул тIаьхьа, хьехархоша кхуьнан иллиаларан говзалла ма-йарра гучайаьккхира, цул тIаьхьа церан дехаршца хIара Москва деша вахара, Iедалан цIарах йолчу театран искусствон институте – дедайн иллин дог дузош долу мукъамаш лекха. Ткъа Толаман Дийнахь, хуьлийла и Москвахь йа Буру-гIалахь, Лийрйоцучу полкехь лаккха айдина, хьо кхуо Кусов Ахбердан сурт.
Белшах белш а тоьхна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дIакхелхинчу шайн гергарчу нехан суьрташ а айдина воьдуш, даг чохь кхоллало дешнаш:

Заманкулера ламан буьххьера айделлачу лечанна
ницкъ тоьар бу тIемаш даржо,
махана дуьхьал гIертар ма ду и,
йуьхьарлаьцнарг кхочушдан,

деден илли жимахчо дIаэр ду,
сатийсаман суй хилла, догур ду,
даг чохь цIе латор йу, маьлхан барамехь
хилла шех стиглара шед.
Гочдинарг –Алиев Саламбек

Орга №2. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.