ГАУ «Издательский дом»

КАСАЕВ Асланбек. Дийцар

Касаев Асланбек вина 1988-чу шарахь Эльхотово йуьртахь. Иза хьехархо, прозаик, журналист ву. Чекхйаьккхина К. Хетагуровн цIарах Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан университетан филологин факультет. Говзарш арайийлина «Мах Дуг», «Литературни Кабардино-Балкария» журналашкахь а, кхузаманан прозин Россин энциклопедехь а. ХIирийчоьнан пачхьалкхан М. Камбардиевн цIарахчу литературин совгIатан лауреат ву.

Сутарчу стеган кхаж

ЦӀейахначу аланийн тӀаьхьенех болу хӀирий шайн сий девзаш а, и лардеш а бара. Дахарехь шайга ларам хилийта а гӀертара уьш.
Кхиъна ваьллачу хӀиричо, къаьсттина ломахь вехачо, кара топ оьцура, талла а волалора, шен сий лардеш, мостагӀчунна дуьхьало йан кийча а хуьлура.
ХӀирий дика иччархой бара. Амма талла ваханчохь бохам хуьлуш меттиг а нислора: иччархо, ларамза ког шерший, кӀоргачу Ӏинах воьдуш а, дӀадолла дакъа ца карош, тӀепаза вовш а.
Иштта, цхьана ламанан йуьртахь вехаш вара Бечир боху цхьа хьал долу стаг. Оцу йуьртарчу дикачу иччархойх цхьаъ ларалуш а вара и. Докхан Ӏаса йара Бечира лелош. Талла ваханчуьра цӀа веъча, оцу Ӏасанна тӀехь киртиг йоккхуш Ӏедал дара цуьнан. Киртигаша дуьйцура, маса ламанан хьех дийна Бечирга. Ткъа уьш цо мел дайина гойтура, керла киртиг йаккха Ӏасанна тӀехь меттиг йисна цахиларо.


Бечира ша талла воьдуш, кхечу иччархоша санна, секха-Ӏаддий, ши пхай схьаоьцура, йа – топпий, ши патармий. Оцу шина пхарах йа патармех цхьаъ экханна лерина хуьлура, важа – новкъахь дуьхьалйала тарлучу барзана йа кхечу, адамна кхерамечу экханна.
Цу дийнахь дегӀ дика дацара Бечиран. Пхьуьйрал тӀаьхьа, массо дӀавижча а, наб ца кхеташ, дукха Ӏиллира и. Эххар а, буьйса йукъал тӀехйаьлча, наб озийра цунна. ГӀенан кхоьлах цхьа къано дуьхьалвеара цунна, йеха кӀайн маж а йолуш. Хье тӀехь сен маӀаш йара цуьнан, карахь – докхан Ӏаса а. «Нагахь санна ахь сан даьхнех кхин цхьа хьайба доь-кха – ас неӀалт кхайкхор ду хьуна!» – элира къаночо, Бечирана тӀе Ӏасанан йуьхьиг а хьажийна.
ЦӀеххьана самавелира Бечир, кхин наб ца кхеташ, сахуьланга а велира. Ӏуьйранна хӀусамнене дийцира цо шена гина тамашена гӀан. Зуда йехха йийлира майрачун гӀенах. Кестта оцу шинне а дицделира и гӀан.


Цул тӀаьхьа, цхьа хан-зама йаьлча, кӀентех жимахверг, лазаро лаьцна, меттахь а волуш, талла ваха вуьйлира Бечир. Хьалха санна, секха-Ӏаддий, ши пхай а эцна, доьзална ца хоуьйтуш, дукха Ӏуьйранна новкъавелира иза. Оцу буса шен кӀентан лазар чӀагӀделлийла ца хаьара цунна.
Цу дийнахь цӀа ца веара доьзалан да, хьехахь буьйса йоккхуш сецира. Ӏуьйранна, вехха толлуш лелча, масар гира цунна, кӀорница цхьаьна дежаш. КӀорни байлахь йуьтуш, дийра цо и масар.
Масар тила а дина, самукъадаьлла, цӀа вогӀуш вара Бечир. Геннахь шен йурт гучуйаьлча, турмала хьаьжначу цунна йуьртахой гира, сиха хьийзаш. Генахь хиларна, цигахь долчух ца кхийтира Бечир. Иза йуьрта йистте кхочуш, виъ стаг дуьхьалвеара кхунна. Цара кадамца хаийтира Бечире цуьнан жимахволу кӀант буса велла хилар. Иччархочун карара секха-Ӏад охьадуьйжира. Жижиг чохь долу тӀоьрмиг гира охьа а биллина, корта лаьцна, гӀайгӀане велира Бечир…


ЦӀа дӀакхаьчча, велла Ӏуьллу шен кӀант а гина, гӀагӀ-аьлла вилхира иза… КхоалгӀачу дийнахь волла ма-веззара дӀавоьллира кӀант.
ХӀетахь дуьйна, гӀел-г1еллуш, дег1ера г1ора эша дуьйлира Бечиран. Ткъа йуьртахоша цунна гина гӀан дийца даьккхира, кӀант валар – иза дас летийначу къиношна бина бекхам болчух туьдуш. ГӀенах лаьцна-м цуьнан зудчуьнгара хиънера йуьртахошна. «Цецена чохь хил башха, зудчун багахь дош ца соцу», – бохург лаа аьлла ма даций.
Денош беттанашка а довлуш, гӀеххьа хан йелира Бечиран кӀант веллачул тӀаьхьа. Дахар жим-жимма меттахӀуттуш дара. Берах къастар доьзална мел хала делахь а, сатоьхна, леллачу кхиэлана резахиллера уьш.
ТӀаккха цхьа де деара, Бечирана йуха а талла ваха дагадогӀуш. ХӀирийн кицано ма-боххура: «Дикачу иччархочо шена марзделларг ца дуьту».


Кечам бира цо. Ӏуьйрено буьйсангара рагӀ схьаоьцучу хенахь, новкъа велира Бечир. Делкъале Ӏаьржачу лома буьххьехь вара иза, ткъа сарале, нисделла хьех а дийна, иза дохьуш, цӀа веара. Хьех тилош, самукъадаьлла хӀара хьийзаш, муха хуьлу ца хууш, са а хилира.
Ӏуьйранна, доьзална даа алссам жижиг а кхехкийна, ков-кертара гӀуллакхаш дан хӀоьттира.
Садайра. Пхьор а диъна, дӀабижира доьзал. Бечирана наб сиха кхийтира. Иза мел Ӏиллира – хаац, амма гӀенан кхоьлах хьалхалерра къано дуьхьалвеара цунна. Хьалха кӀеда-мерза, гӀиллакхе хилла волу иза хӀинца оьгӀазей, кӀоршамей вара, цуьнан карахь докхан Ӏаса а йара – тӀехь киртигаш йолу Бечиран Ӏаса. Шен дегӀан дохалла иччархочунна тӀе а хӀоьттина, луьра вистхилира къано: «Къинош бахьанехь хьайна цкъа хилларг ца тоьа хьуна? ТӀаккхахула хиндерг кхин а далатоьхна хир ду хьуна!» – аьлла ваьлча – къайлавелира.


ЦӀеххьана самаиккхира Бечир. Сихха тӀе хӀума а йуьйхина, божал чу вахара. Катоьхна, топ схьа а эцна, кисана патармаш а кхиссина, коча тӀоьрмиг а тесна, воьду-вуьту а доцуш, Ӏаьржачу лома тӀе талла вахара: «ХӀара къано мила кхеро гӀерта?» – бохуш, азчӀогӀа гӀам-гӀим а деш.
Толлучу метте Бечир дӀакхочуш, садаржа доладеллера. Ломахула вехха лийлира иза, аьтто ца болуш, экханна тӀе ца нислуш. Резавоцуш, садаӀа охьалахвелира иза. ДӀахьаьжча – Ӏинна тӀехуларчу майданахь дежаш ламанан хьехарий гира цунна, ткъа Ӏинна йисттехь, тарха тӀехь, ша лаьтташ шурула-кӀайн хьех дара, хьийзина маӀаш а йолуш. Бечиран ши бӀаьрг серлабелира. Хьехаршна герга а вахана, ламанан терхина тӀехьа дӀа а тебна, хьийзина маӀаш йолчу кӀайчу хьехарна топ хьажийра цо. Герз делира, амма тоьпа чуьра даьндарг ара ца туьйхира! Татанах кхераделла хьехарий маьӀ-маьӀӀе дӀасадаьржира: цхьадерш Ӏинан йистонца дӀадевдира, вуьйш – кӀайчу хьехарца цхьаьна – лома тӀе хьалахьаьвдира. Тебаш, меллаша экханан лорах вахара Бечир. Эххар а гира цунна: Ӏинна тӀехула, лаба санна, дӀакхевдинчу тарха тӀехь, курра корта а айина, лаьттара цо лоьхург – хьийзина маӀаш йолу и кӀайн хьех.


Бечира тӀе герз хьажошшехь, меллаша бердал дехьа а кхоссаделла, лома тӀехьа къайладелира хьех. Дийна йухавала Ӏаламат хала долчу метте кхаччалц, иччархо шена тӀаьхьа вигира хьехаро. Йуха а гира Бечирана хьех. Ӏалашо лецира, лаг озийра – даьндарг йуха а уллехула йелира! Амма йаьллачу гӀовгӀано лаьмнаш дегийра, Бечиран кога кӀелара латта текхира, берд чухаьрцира. Бечир кӀоргачу Ӏинах вахара. Меженаш этира, амма дийна висира. Т1уьначу Ӏинахь иза иштта ша цхьаъ Ӏуьллуш, буьйса а йуьйлира. Шегара дийлинчу гӀалатийн ойла йан а, царах кхета а дукха хан йара цуьнан хӀинца. Эццахь иза кхийтира, гӀенан кхоьлах шена тӀехӀиттина и кӀайн маж йолу къано – хьуьнан акхаройн доладен Афсати хилла хиларх. Бечир кхийтира, хьийзина маӀаш йолчу кӀайчу хьехаран вастехь лелларг а изза хилла хиларх. Шен жима кӀант дукха хьалхе валар – ден гӀалаташ бахьанехь хилла бекхам хиларх а кхийтира. Ша тӀех кура, дуьненах Ӏехалуш ваьхна хиларан ойла а йира цо. Ша динарг-лелийнарг иччархочун гӀиллакхера доцуш, йамартчу стеган амалера хиларх а кхийтира…


Ӏуьйренан маьлхан зӀаьнарша ламанан баххьаш серладохучу хенахь, тӀаьххьара садоккхуш, велира Бечир. Декъазчу иччархочун дакъа масех дийнахь Ӏиллира кӀоргачу Ӏин чохь. Ӏаьржа хьаргӀанаш тӀехула хьийза йолайелча бен, кара а ца дира…

Къеначу дехках дийцар

Гуьйре. Маьлхан де. Нах шайн йалташ чудерзош бу. Хьийкъина даьхни лаьтта йуьртарчу керташкахь. Массеран а дегнаш даккхийдедеш, шортта беркат дохьуш, деана хӀара шо: цхьа а тидамза ца витина беркат латтош волчу Мкалгабыра. Шега доӀанашца дехарш дийриш дог ца хьостуш ца битина дохнна Ӏуналла деш волчу Фалвара а. БӀаьста къахьегаро шо кхаба йалтин беркат делла.


Воккха стаггий, зудий дара цхьана ламанан йуьрта йисттехь дехаш-Ӏаш. Дала деллачунна резахилла, Цуьнан оьгӀазлонах ларлуш, хан йоккхура цу шимма. Цхьа йетт, цхьа уьстагӀ а, масех котам а йара церан. Бакъду, тӀаьхье йоцуш дара и шиъ. Дерриг а Делан лаамца ду-кха.
Цхьана дийнахь сайрина йуххе вахара воккха стаг. Шена йалта лечкъо дехко сайрина даьккхина Ӏуьрг гира цунна. ОьгӀазваханчу воккхачу стага дехкана гур буьйгӀира нийсса цу Ӏуьрга хьалха.


Дахка холчухӀоьттира, кхин йалтин буьртигашна тӀекхача аьтто боцуш. Воккхачу стагана арз эцна, котамаш йолчу бахара дахка, цара шена гӀо дийр ду моьттуш: шайн зӀакаршца меттахбаккхий, и гур тӀекхетийтахьара аш, аьлла, цаьрга дехар а дира цуо. Шайна и гур новкъа бац, аьлла, дехкан дехар кхочуш ца дира котамаша.
ТӀаккха уьстагӀ болчу хьаьдира дахка. Хьайн маӀашца меттахбаккхий, и гур тӀекхетийтахьара ахь, аьлла, дийхира цуо уьстагӀе. Амма уьстагӀо а ца дира дехко бохург.
ТӀаккха йетт болчу хьаьдира дахка: «Ва, йетт! Мийр тохий, и гур тӀекхетийтахьара ахь. Сайри чуьрчу йалтина тӀе ца кхачалуш, со меца лела шолгӀа де ду-кха. ГӀо дехьа суна!» – бохуш, къила бахана, дийхира дехко.


Цуьнга ла а доьгӀна, атто жоп делира: «Ва дахка, хьо меца хиларца сан хӀун бала бу? Бало, хьуьлла хьаьрдаш йуккъехь цхьаъ лаха хьайна». Кхин и тергал ца беш, дӀабирзира йетт.
ШолгӀачу Ӏуьйранна, мичара болу ца хууш, схьабеана, дӀаьвше лаьхьа лецира гурано. Ша болчухьа йогӀуш хӀусамнана а гина, тап-аьлла дӀатийра лаьхьа, ша белла моттийта: тӀаккха хӀусамнанас ша дӀакхуссур бу аьлла, хийтира цунна. Амма лаьхьа гича, йедда йахана, бел а йохьуш, йеара йоккха стаг. Лаьхьанна бел тоха цо гур меттахбоккхушшехь, зудчун когах дӀовш туьйхира лаьхьано.


Зудчо мохь хьаькхира, лулахой орцах а богӀуш. Чу а йигна, метта а йаьккхина, дӀовш схьа а Ӏаьвдина, йоккхачу стеган ког дӀабихкира.
Амма ког беста болабелира, йоккхачу стеган хьал вочу а долуш. «Цомгашчунна котаман чорпа мало йеза, иза дарбане йу!» – элира цхьамма. Воккхачу стага котамаш йайъира. Амма цунах а гӀуллакх ца хилира, йоккхачу стагера хьал галдаьлла доьдуш дара.
Цомгашчунна тӀехӀитта алссам нах эха буьйлира кхаьрга. Цаьрца гӀиллакх лело а ма дезарий, кхачанах кхетийтиний бен, цхьа а дӀа ца вохуьйтуш. Цундела, стол йеса ца хилийта, уьстагӀна урс хьаькхира хӀусамдас.


Амма цхьана а хӀуманах дарба ца хуьлуш, йелира йоккха стаг. Иза йерзо ма-йеззара дӀайерзо а, тӀаьхьа сагӀа даккха а аттана урс хьакхийтира воккхачу стага.
И массо а хӀума генара тергал а деш, цхьа шен ойлайеш Ӏара дахка. ТӀаккха, хьала а таьӀна, бистхилира и: «Дахаро хӀун дохьур, ца хаьа. Цхьана декъазчу дехко бохучуьнга ладогӀар эрна доцуш хьал а хӀутту».

Гочдинарг – Ахматукаев Адам

Орга №2. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.