ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Асет. Дийцарш

Де дика дар

Нанас туькана йетшура эца вахийтина Мохьмад йухавогIура. Кхеран цIенна генайоццуш йара и туька. Цу хенахь, шен ков а диллина, кет1а йелира кхеран лулара йоккхастаг ПетIамат. Шена и гича, чIогIа вуьйхира кIант. Масех де хьалха, хIара доттагIашца ишколера цIа вогIуш, шен де дика дойла ма ца эли аш бохуш, кхарна хьехарш дина йолу йоккхастаг йара и. Кхеран лулахь ша Iаш йара и баба. Кхуьнан нанна дукха а йезара и, даима цунна гIо дора, ша йинчух йуург а хьора цо.


Цо шега муха хIун эр ду ца хууш, сагатдан велира Мохьмад. Де дика дан дезий-м кхунна а хаьара, нанас а даим олуш а ма дара кхуьнга и. Делахь а, эхь хетара Мохьмадна, шен хеннарчаьрга санна, баккхийчаьрга хьал-де хатта.
Бабица цхьаьна кхин цхьа зуда а йара. Шен хьешана тIаьхьа арайаьллачух тера дара и. Эххар а, церан де дика дан ойла хилира кIентан.

Амма, кIант йуххе кхоччушехь:
– Дукха вехийла! Далла везийла хьо! Дика кIант ву иза! – элира бабас.
Когаш вовшахтийсалуш, эхь хеташ, ша мича эккхар ву ца хууш, дIавахара и, жимма царна генаваьлча, ведда а воьдуш. Чукхаьчча, нанас хаьттира кхуьнга:
– Хьо цхьамма лаьллина валийча санна ма ву? ХIума-м ца хилла хьуна? – аьлла.

– Арахь чIогIа йовха йолу дела, сихха чувеанера со-м, – аьлла, жоп делира кIанта.
Цу дийнахь дукха ойланаш йира Мохьмада. Ша хIумма а ца аьллашехь, шега «Далла везийла!» хIунда элира цо? Цкъа-м, ша цуьнан де дика дина аьлла, моьттира цунна. Делахь а, иза бакъдацара. КIанта йеъначу йетшурица ахьар а хьакхийна, мижаргаш дина йолуш йоллура нана. Кхин Iен а ца велла, тахана хилларг шен нене дIадийцира Мохьмада.


– Хьо жима волуш дуьйна чIогIа дукха ма веза бабина. Цунна хьо дика кIант хила лаьа. Хьо баккхийчеран де дика а ца деш тIехваьлча, шеца цхьаьна хиллачу зудчо хьо гIиллакх доцуш ву аларна, кхоьруш ма хилла и. Цул сов, хьуна воккхачуьнга маршалла хаттар, цуьнца гIиллакх лелор тIехь дуй хаийта а гIиртина. Бабин а ма йу нахаца йахь. Кхетий хьо, нанин диканиг?! – аьлла, коьртах куьг хьокхуш, хьаьстира и нанас.


– Нана, суна эхь ма хета баккхийчаьрга вистхила, – лохха элира Мохьмада.
– Эхь х1унда ду иза? Дера дац. Мелхуо а, баккхийчарна хьуо жима хилар а, хьуо церан гIуллакхе хьажа кийча хилар а ма гойту ахь хьайн г1иллакхца. ГIиллакх лелор эхь дац хьуна. И цалелор ду-кх эхь, – коьртах куьг а хьокхуш, элира нанас.


– ХIинца, ас сагIина бала кечбина мижаргаш, тIуо-берам эций, баба йолчу гIо хьо, – аьлла, т1о-берам чохь болчу кедана гуобаьккхина мижаргаш а дехкина, хедар схьакховдийра нанас. Шаьш къамел дешшехь, шун кечдан ларийнера и.
– Хьуо чувахале, неI тохий, Бабига кхайкхалахь. И дуьхьалйагIахь, цуьнан суьйре дика а йай, хьуо сагIина хIума йохьуш веана алалахь. Нагахь, ара а ца йолуш, цуо хьо чукхайкхахь, чу а гIой, цуьнан суьйре дика а йай, хIара хедар стоьла тIе охьадилла. «Нанас хьуна хIумма а оьший хьажа ваийтинера со», алалахь! – аьлла, тIетуьйхира нанас.


Малх дIабуза лахбеллера, шен сарралц лаьттинчу йовхонах латта а, хIаваъ а дохдина. КIанта меллаша ков диллира Бабин, и арахь хиларе са а тосуш. Кертахь гуш цхьа а вацара. Ков тIекъовлале, жимма саца а сецна, йуха керта вахара. Ша цуьнан хьал-де хатта кечдина дешнаш ша-шега бохуш, кечамбора кIанта. Цкъа-м, йухавирзина, дIаваха ойла хилира цуьнан, амма корера бой меттахъхьовш хааделча, неI туьйхира. Баба дуьхьала йеара кхунна.


– Суьйре дика йойла хьан, Баба! Нанас сагIина хIума йохьуш ваийтина со, – элира Мохьмада.
– Далла везийла! Ирс долуш хуьлийла! Дера ву, бабиниг дика кIант! – олуш, кхуьнан коьртах куьг хьаькхира бабас.
Хедар чохь бабас елла кампеташ йохьуш, болар дайделла, самукъане цIа вогIучу Мохьмадан хаза ойла кхоллаелира: «Хьажахьа, башха хала хIума а ца хилла-кха маршалла хаттар а, гIиллакх лелор а. Ма эхь ца хилла-кх и! ХIинца дуьйна, Дала мукъалахь, баккхийчаьрга хьал-де ца хоттуш, де дика, суьйре дика ца йеш, Iийр вац-кха со!» – аьлла.

320 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.