ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Асет. Дийцарш

Цахилларг къовсар

Цахилларг хилла бохуш, къовсарца хабарш дийца лууш хилла цхьа хьеран да, хьалдолу стаг. Цахилларг хилла олий, къовса а къовсий, къечу, мискачу нахера цхьацца гирда хьаьжкIаш йохуш хилла цо.
Цхьана дийнахь гирда хьаьжкIаш ахьа веана цхьа миска стаг.
Хьеран дас цуьнга аьлла:
– Цхьацца гирда хьаьжкIаш а йахкий, къовса вайша, цахилларг хилла алий, муьлха тоьла хьажа.
– Къовса дера, – резахилла миска стаг.


Хьалха дийца воьлла хьолада, цахилларг хилла бохуш, бакъдина:
– Башха дика кхобуш цхьа котам йара сан. Цхьана дийнахь котам цIа чу а йоьллина, ваьлла цхьана гIуллакхе вахара со. ШолгIачу дийнахь, цIа ма веъанехь, айса котам чохь йитинчу цIа чу хьаьжира со. Тамашийна хIума гира сан бIаьргашна: чоь йуьззина xloaш а дина, кIур хьалаболучу туьнкалгана тIе а хиина, Iaш йара сан котам. ХIун дан деза ца хууш, цецваьллачу аса, мах а белла, белхалой а гулбина, баьхьаца х1оаш арахьакхийтира. Оцу хIоэх керт йуьззина котамаш а, боргIалш а йоьвлира суна. ТIаккха оьгIазваханчу аса, цхьа беха сара кара а эцна, кертахула дIа-схьа лелхийра уьш. Цул тIаьхьа и ерриге а котамаш а, боргIалш а, цхьа котаммий, цхьа боргIаллий хилла, дIахIиттира.


Шен къамел а сацийна, хьолахочо аьлла:
– Иза ду-кх сан цахилларг.
– Делахь дика ду, – аьлла къечу стага, – хIинца ас дуьйцур ду хьуна, ахьа ладогIалахь.
Йоккха мазлагIа йара сан, дуккха а накхарш а долуш. Накхармозашна йукъахь йерриге а мазлагIана ха деш, иза ларйеш, цхьа боккха эла накхармоза бара. Мича баха а ца хууш, тIапъаьлла бахана байра и эла накхармоза.
Иза кароза Iийр ма вац со аьлла, цIераваьлла, и лаха вахара со. Дикка хан-зама йаьлча, суна хезира, сайн накхармозийн эла цхьана генна меттехь лелаш бу аьлла. Цига вахара со. Лела-а-ш, вахана оцу метте дIакхаьчча, йалх стуца готанна дIа а боьжна, стерчийн дукъо ницкъ бина ворта а йаийна, латта охуш лелош, карийра суна сайн накхармозийн эла.


Стерчашца охана деш, хоршахь боьжна лелочуьра сайн эла накхармоза паргIат а баьккхина, иза а балош цIа а веана, нахе хаьттира аса:
– XIoкxy накхармозийн элан йаийна ворта муха талур йара-техьа? – аьлла. Хьекъалдолчу наха суна жоп делира:
– БIаран тIамарех хьакхар а тохий, иза дика хьен а хьей, кечде ахьа, цул тIаьхьа лазийначу вортан тIе дилла – уггаре а дика дарба ду хьуна и.


TIe хьакхар а тоьхна, лерина хьийна бIарийн тIамарш а кечйина, уьш накхармозийн элан йаийначу вортана тIе йехкира аса. Иза а дина, буьйсанна вахана дIавижира со. Iуйранна, хIун хьал ду-техьа сан дархочуьнгахь, аьлла, вахана хьаьжча, суна гира цхьа инзаре тамашийна хIума: накхармозийн элан вортанна тIе даьлла лаьтташ доккха бIаран дитт дара, тIехь бIараш а долуш. Цхьажимма бIараш эго дагахь, дитта тIе гIорза кхоьссира аса, иза, хьалакхоьссинчохь, дитта тIехь йисира, охьа а ца йогIуш. Лаьттан гIорзанах дийнна цхьа лаьттан ape-куп хилира, кхаа дийнахь бен аьхна а ца волуш.


Йалх сту а боьжна, кхаа дийнахь охана дира аса цу арахь. ТIаккха цу тIе хорбазаш а, пастанаш а йийра. Уьш кхиъна, хилла йоьвлча, вахана, хIун хьал ду-техьа цаьргахь аьлла, хьаьжира со. Сайн кха тIехь дика хьийкъина хорбазаш а, Iаламат йоккха цхьа паста а карийра суна. ХIуъу а дича а, паста цIа а ца йаелла, тур детташ, йуккъехула ши ах йира аса цунах.


Пастанан ши ах дIайеллалушшехь, пархъаьлла цу чуьра аралилхира цхьа пхьагал а, цунна тIаьххье дуккха а таллархой а. ТIаккха дIа чу кхоссавеллачу ас пхьагална диг туьйхира. Кхераеллачу пхьагало цхьа кехат тесира. Чехкка и кехат схьа а эцна, цу тIе хьаьжначу суна йоза гира: «ХьаьжкIийн гирда мискачу стагана йогIу», – аьлла.
Иштта чекхдаьккхина мискачу стага шен «цахилларг». Хьолада къера хилла ша эшорна. Мискачу стага ши гирда хьаьжкIаш йаьхна.

Стела1ад №1. 2022

320 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.