
Дашо малх бу…
Дашо малх бу, тIера боьлуш,
Бутт бу нека деш стиглахь.
Хиндолчух хьо стенна кхоьру?
Стенна сагатдо-те ахь?
Орамаш ду, хилла йуьхкаш,
Денлуш, шайн чу доьлла са.
Гаьннаш а ду туьтеш ухкуш,
Гурахь тIера доьжна гIа.
Зезагаш ду бес-бесара
Техкаш сенчу бацалахь.
Дайн мехаш ду мархаш лоьхкуш,
Нагахь IиндагI кхачалахь!
Дашо малх бу, тIера боьлуш,
Бутт бу нека деш стиглахь!
Хиндолчух хьо стенна кхоьру?
Стенна сагатдо-те ахь?
Хьуо йицйе ма бахалахь
ГIамарийн арахь йитна лараш,
Ас мел лехарх, схьа ца карош,
Йойъуш кхоамаза дIа,
Дуьйли лаамаза Iа.
Хьуна-м вевзар вуй а хаац,
Нагахь воьду-вогIуш гахь,
Суна-м йевзар йу, хаалахь,
Ахь хьуо йовза пурба лахь.
Хилларг гергара сан сина,
Лийринарг ас дахарехь!
Воккхавинарг, б1аьрга гина,
Хьуо йицйе ма бахалахь!
……………………………………..
ТIаьхье йеша “Вайнах” журналехь (№4.2024)





