– Баба, хьалха заманахь вайн дайша даккхий цIенош деш ца хилла? – цхьана хIуманна тIаьхьакхиа лууш, хоьтту БойсагIара. – Суна телевизор чохь гина кхечу къаьмнийн даккхий, ширачу заманера цIенош, бохь лекха, йаккхий гIаланаш.
– Вайн дайша тIулгийн тIеман бIаьвнаш йеш хилла-кх, Дога, – жоп ло бабас. Иза дакъийна жижиг, галнашца кхехкош йу. Тамехьчу хьожано чоь йуьзна.
– Даккхий, ши-кхо гIатт йолу цIенош деш ца хилла?
– Ца хилла, бабин кIант. Стенна оьшу оццул даккхий цIенош?
– Массарна а меттиг хилийта, хIораннан а шен чоь а йолуш, дуккха а хьеший тIеэца оьшу-кх.
– Хьеший, безаш тIеэца, доккха, дика дог оьшу, доккха цIа ца оьшу. Вайн лулара кхо гIатт йолчу цIа чохь дукха гой хьуна хьеший?
– Дага а ца догIу суна-м, – ойла йеш, корта лоцу БойсагIара………………………………………….
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№4.2024)





