***
Тезеташ… Тезеташ… Бисинчийн карзахе хьийзар…
КIур байна лаьттачу кхерчашкахь неIарийн цIийзар…
Да воцуш бисинчу доьзалийн Iийжаме тийжар,
Рицкъанах хаьддачийн шайн боцчу бахаме хьийсар…
Кадамаш… Кадамаш… Харц дуйла хуъушехь, багах
Схьадуьйлу тоьшаллаш, кIомалло вийначунна а,
Къолана ваханчохь, садала хьаьхначу стагах.
Вай дуьйцу диканаш хуьлийла дикачуьнан а…
Нуьцкъалчо ницкъ бинарг, чуьра са схьа а ца доккхуш,
Вай дера хьекхавар, ца вуьтуш когаш тIе хIотта,
Да волчух ваьллачун, дисинчу да воцчух воккхуш,
Десачу дēкъа тIехь чоь йеса гIаланаш йоттар.
Де дийне мел долу хIу лахлуш догIучу къоман
Дог, тешош диканах, ир-кара ца хIотто кхане,
Хьеречу даххаша шайн ирсан бойначу тIоман
ХьиегIаро оьздачу адамийн дерзадар бале…
И дерриг ган а гуш, лан а ловш, хан йаккха дезар,
Адамна хьакъ доцчу гIиллакхийн сонталле хьежар,
ДIаоьху хьеречу йортаца бесара денош,
Нисдала магарах тешаро дегнаш ца делош……………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№4.2024)