
Эдилов Хасмохьмад вина Ачхой-Мартанан кIоштарчу ВаларгтIе йуьртахь. Жимчохь дуьйна дешарна чIогIа тIера хилла Хасмохьмад. Баккхийчара дуьйцуш, вайн халкъан дийцаршка, иллешка ладегIна цо. И бахьанехь кхоллабелира цуьнан байташ йазйан лаам.
Цуьнан дуьххьара байт 1939-чу шарахь зорбанехь арайелира. Мамакаев Iарби лорура цо шен хьехархо. Iарбис йазйинарш санна, хаза йека цуьнан стихаш. Йеша атта а, исбаьхьаллица къаьсташ а йу уьш. Цо берашна а, баккхийчарна а йазйина поэмаш а, стихаш а, дийцарш а, повесть а. Ишколехь дешархоша Iамайо поэтан кхолларалла.
ХIокху номерехь оха шуна йовзуьйту Хасмохьмадан ши байт.
Ло ду дог1уш
Iуьйре. Даккхий чимаш оьгуш,
Тийна, паргIат догIу ло.
Ткъа бераш а, шаьш ца кIадлуш,
Салазаш тIехь хехкало…………………………………………
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№4.2024