ГАУ «Издательский дом»

ДЖАБРАИЛОВА Азман. ЙоI а, тилпо а

– Нана, соьга тилпо лохьа, –

Хедас нене дехар до.

Нанас олу: «Ас бохург дехьа,

Малхе йалий, йолало».

КетIахь лулара йоI гича,

Цхьа самукъаделира.

Къамел дина, цхьа хан йаьлча,

Ши йоI ловза йелира.

– ХIара пеш йу, – олуш, бертал

ДеъкIов гIутакх диллира.

Мутт чохь хилла банка лехна,

Пеша тIе йай хIоттийра.

– Уггар мерза жижиг вайн ду –

Ши тIулг йай чу тесира. –

ХIара чорпа чомехь хир йу, –

Хедас чопа ийцира.

Толлан бекъа сара лехна,

Кегбеш, галнаш хедийна,

ГIаш лахьийна, шун кечдина,

Жижиг даьлча кхихкина,

Галнаш сихха йай чу тесна,

Чоьлпа-гIаж чухьовзийра.

Уьш кхихкина йевлла, аьлла,

Йуу сурт а хIоттийра.

Ши йоI къиэжа, вовше хьоьжуш,

Реза йу шайн ловзарна.

Жижиг-галнаш говза кечдан

Тахна шайна довзарна.

– Нана, суна дов ма делахь,

Аса гIамарш кегорна.

Ахь соь тахна тилпо йеллехь,

Со чохь Iийна хир йара.

ЙоI дIайахча йуьхь-куьг дила,

Нана йелакъежира.

Тилпо цуьнга кхин ца йала

Шен ойланехь сацийра.

СТЕЛА1АД №1. 2022

8 791 комментарий