ГАУ «Издательский дом»

ДАРЧИЕВ Давид. Стихаш

Дарчиев Давид (1911-1989)
Поэт, гочдархо, Къилбаседа ХIирийчоьнан культурин хьакъволу белхало. Вина Къилбаседа ХIирийчоьнан Алагирехь. Чекхйаьккхина Н. Крупскин цIарах Малхбален къинхьегамхойн коммунистически кхиоран Академи а, Москвара лаккхара литературин курсаш а. Белхаш бина меттигера газеташкахь а, издательствехь а. I932 шарахь дуьйна байташ йазйеш хилла. Байтийн а, поэмийн а гуларш арайийлина Буру-ГIалахь.

Аьрзу

БӀаьста ломахь гезди хийла
ТӀулган некъаш ас.
Хьаннийн шабарш хезаш, хьийжи
Аьрзу йуьйлуш раз.
Лаьтта, зоьртал дегӀ нисдина,
БӀешо кхаьчна нах.
Аьрзус тӀемаш тӀехь айдина
Стиглан сийна таж.
Лахахь Ӏуьллу сийна тогӀи,
Лаьтта хьуьнан пен.
Аьрзу йека, тӀемаш тухий,
КӀорни йоьхуш тIе.
Йоьху стигал йовза лаккха,
Йоьху тIемаш зиэн.
Нанас иштта бер гIулч йаккха
Iамадо-кха шен.
Аьрзунан кIорни, ненах Iемаш,
Йолччохь кхиссало –
Дац ладугIуш цуьнга тIемаш,
ГIатта и ца ло.
Амма, хезаш кхайкхар ненан,
Тохайели и.
Кхоссайелла, гаьн тIе йели,
Лакхахь генаш гин.
Иштта, попан буьххье йаьлла,
Дагна хилла там,
ГIаьтти кIорни, майрайаьлла,
Баржош шуьйра тIам.
И сурт тайна, вехха лаьтти,
Инзарваьлла, со.
Аьрзун кӀорни стигла гӀаьтти,
Баьккхи дуьххьар го.
ТӀаккха нана йолчу хьаьвзи,
Хьаьдда нийсса ирх,
Аьрзу-нанна уллохь ловзу
Стиглан кӀоргехь и.
Ойлайо ас, цаьрга хьоьжуш:
«Адамаш санна йу.
Са чохь мел долчунна оьшуш,
Хьоме нана йу.
Нагахь хьо и воьлча лера,
Уггар коьртаниг
Адамна а дуьххьарлера
ГӀулч йу халаниг».

Гочйинарг – Арсанукаев Шайхи

Орга №2. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.