ГАУ «Издательский дом»

Чантиев Iабдул-Хьамид. Ватта-пхьиддий, къорза-къиггий

Нийсо – массо а ханна.
Тешнабехк – цхьана мIаьргонна!

Аьхкенан заманахь хазачу Ӏаламо коьртехь башха ойланаш сама а йохуш, цхьана Ӏома йистехь хиъна Ӏаш йара ватта-пхьид. Ша-шега бохура цо: «Ма дика ду-кх кху дуьнен тӀехь хиш а, Ӏаьмнаш а долуш! Уьш дацахьара, муха йехар йара-техьа со? Даима а лаьттахула лелла йер йарий ткъа? Ма вон а хир дара-кх, Iам чохь а, лаьттахь а нӀаьний а ца хилча а, леца мозий а дацахьара. Дика ду-кх, уьш долуш!».


Сов чӀогӀа гӀадйахарна, тохаделира кийрара дог, пхьид дIасхьа а хьуьйш.
Оцу хенахь, муха йогӀу а ца хууш, йеана, пхьидана улле охьахиира ижунна арайаьлла лела къорза-къиг.
Къиг шена гича, массо а ойланаш а, гӀадйахар а дайра пхьидан. ХӀинций-хӀинций дIакхоллу-кх кхуо со, – бохуш, хи чу эккха йоьллера иза.


Ша Ӏожаллина кӀелхьара муха йер йу ца хууш, гӀайгӀане хьаьвзира пхьид. Ткъа къорза-къиг, пхьид хи чу а иккхина кӀелхьарйаларна кхоьруш санна, йеха зӀок цунна тIе а йерзийна, ши бӀаьрг цунна тIе а боьгӀна, Ӏаш йара, йедча а, сох кӀелхьарйер-м йац хьо бохуш санна. Ойла йира пхьидо, ша Iожаллин багара хIун дича йер йара-техьа, бохуш. Ойла чехка йира, хӀунда аьлча, гӀуллакх дахдала таро йолуш дацара. Ойла йина ша йаьлча, къиге элира цо:
– ЧӀогӀа дика хета суна, хьоме къорза-къиг, хьо со йолчу йеана. Хlop денна a Ӏара со кхузахь, хьо йаре сатуьйсуш, хьо ларйеш, хӀунда аьлча, хьоьга дан кӀеззиг къамел долуш йара со.
– Схьадийцал хӀета, ватта-пхьид, – элира къийго, – хӀун къамел ду хьан соьга дерг?
Ватта-пхьид дийца йолайелира:


– Дукха хенахь дуьйна а чӀогӀа сатуьйсуш йара со, хIокху Iома йистехь ваьшшинна бен а баьккхина, вайшиъ цхьаьна йаха хааре. Вайша цхьаьна йаха хиъча, чӀогӀа синкъераме а, хаза а хир ду. ХӀунда аьлча, тӀейохьург а алсам хир йу, йуург а шимма цхьаьна йуур йу, ткъа хьо хӀума лаха ара мосазза йолу, вайшиннан бен а, цу чохь йерг а ас лар а йийр йу, Ӏаьнна шортта кхача а гулбийр бу вай.


Пхьидан къамел хьекъале хийтира къийгана. Резахилира и цо бохучунна. Пхьид йаа йеза боху ойла дIа а йаьккхира цо шен коьртера. Циггахь, пхьидо ма-боххура, шайна бен а баьккхина, цхьаьна баха хевшира уьш.
Къийго шортта йохьура тӀе хӀума: мозий а, нӀаьний а, бецаш а, кхийерш а. Пхьидо а кхоьхьура шена карориг, ткъа иштта, бен чохь йерг лар а йора цо кхечу пхьидех а,

олхазарех а. Шортта шайна йаа а йууш, тӀаьхьалонна кхачам а беш, бертахь йехара уьш. Амма церан и хаза дахар дохийра цкъа цхьана дийнахь цӀаьххьана пхьидан коьрта чу йоьссинчу ойлано.
ТӀаьхьалонна шаьш гулдинчу рицкъане хьаьжча, хийтира пхьидана: «Деллахь, ма дика хир дара-кх, йерриг a хӀара хӀума сан-сайн долахь хилча! ТӀаккха, хӀумма а шек а йоцуш, дика Iа доккхийла хир йара сан», – аьлла. Къиг цӀера а йалийтина, шен ойла кхочушйан сацийра пхьидо. Иштта дан а дира цо. Къиг ижунна арайелира. Ткъа и йуха цIа йерзале, пхьидо берриге а кхача ша хьалххе къайлах кечбинчу кхечу бен чу баьхьира. Ша а цу чохь сецира. Кхано, ижу а йохьуш цIа кхаьчначу къийгана бухахь йа пхьид а, йа ша гулдина рицкъ а ца карийра. ТӀаккха гучуделира къийгана пхьидо шена тешнабехк бина хилар. Ӏома йисте а хиъна, пхьид гучуйаларе сатуьйсуш, дикка Ӏийра къиг. Пхьид гучу ца йолура.


Кхайкхира къиг пхьиде:
– Гучуйала, ва сан доттагӀ пхьид! Вайша цхьаьна йехар йу, бохуш ма йара хьо.
Шен бена чуьра гучу а ца йолуш, пхьидо элира:
– Хьоьца цхьаьна йехачул, атта дац суна, ва даккхий бӀаьргаш долу къорза-къиг, ахь мел гулдинарг а, айса мел гулдинарг а сайна а дууш, со цхьа йаьхча?

Хьайн оцу йехачу зӀакарца суна бӀаьргагучуьра чехкка дӀайала!
– Собарде ахь, ва ватта-пхьид, – элира къийго, – мацца йеана а цкъа сан кара-м йогӀур йу хьуна хьо! И а аьлла, къиг дӀайахара.
Мерзаниг дууш, йехха, ша Ӏаббалц наб а йеш, деха Iа текхира пхьидо.
Кхано, бӀаьсте йолуш, рицкъ кхачийра пхьидан. Цу хенахь къиг а йицйеллера цунна. Къийгана иза-м ца йицйеллера. Къиг цунна тебаш йара.
Шен дегӀах керла xlo а, маьлхан йовхо а кхетийта а, моза-хӀума лаца а дагахь, бена чуьра ара а йаьлла, Ӏома йисте охьахиира пхьид. ХIа аьлла, шена уггар хьалха гинчу мозанна пхьид тӀекхоссалушшехь, «Моза хьан багахь, хьо сан багахь, – кхуьй а цхьаьна ду-кх вай хӀинца!» – аьлла, цо мохь хьоьккхушехь, ватта-пхьид а эцна, сихха дIайахара къорза-къиг.

«Стела1ад» №1. 2024

28 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.