ГАУ «Издательский дом»

Ицлаев Iабдул. Асухин некъе

Тептар

ГIой-йистера, Хьалха-МартантIера, Соьлжа-ГIалара БузукаевгIар, ИсмаиловгIар, ХажмурадовгIар, ИцлаевгIар, АсухановгIар бу мелардойн Асухин некъе.

Асуха-Хьаьжа
АлдамгIезин Ильясан кIант Теркайистехь ваьхна. Цигара Хьалха-МартантIе схьавеана, Шемал Нохчийчоьнан имам хIоттийначул тIаьхьа. ХIинца доккха маьждиг лаьттачу куьпахь ваха хиъна иза ша эцначу ков-кертахь.
Дуьйш-лело оьшу латта хIор а шарахь, гIуркх бустуш, дIасадоькъуш хилла йуьртахь. Шина кIентан – Иццин а, ИсмаьIалан а – да хилла Асуха. Цаьрга нахаца ардаш къуьйсуьйтур дац ша аьлла, таханлера ГIоййист лаьттачу меттехь мохк эцна Асухас. Тешаша дийцарехь, II8 гектар хилла и латта. Сахьашкахь дустуш, деший, детий делла цунах. «Асухин кIотар» аьлла, йоккхуш хилла иза шен доьзалца ваха хиъначу меттиган цIе. ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкарчу Iедалан кехаташ тIехь «хутор Асуханова» аьлла, хьехош йу иза. Оцу заманчохь I09 стаг ваьхна цигахь.

Йуха, Iедал жимма хьалдолу йа шайн махкахь дош хета нах леца доладелча, «халкъан мостагIий» бина, Сибреха хьажийна Асухин шина кIентан тIаьхьенах кхо стаг – Исла а, Iусман а, Басука а.
Маситтазза ХьаьжцIа вахна а, масех мотт хууш а волу Асуха дика вевзаш хилла Теркайистехь а, Нохчмахкахь а. «ТIера дай дIакхелхинчу доьзалшна хаддаза гIо деш, Iилма долуш, къонахех къонах хилла Асуха-хьаьжа», олий, хIинца а вуьйцу иза. Цуьнан тIаьхьенах Асухин некъе олу. ХIинцачул 50 шо хьалха «Iаьржа нах» а олура ГIоййистерчу Асухин некъех.
1615-1645 шерашкахь Мелардана коьртехь лаьттинчу ТIурлон кIантах олуш хилла «Iаьржа адам» – Каракиши. Цу тIера схьадогIуш хила тарлуш ду ТIурлон тIаьхьенех «Iаьржа нах» алар.

Асухин Ицца а, ИсмаьIал а
Иццин сурт дисна, ХХ бIешо долалуш даьккхина. Суьрта тIехь эгIаза хетало иза. Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам, йоцца маж-мекх, ира хьажар… Вета болу коч, чоа, кучан туьйдаргах тесначу сахьтан детин зIе… Детица кхелина шаьлта…
«Хаддаза говрахь йа пайтонахь цхьанхьа воьдуш-вогIуш ву-кх иза», – олуш хилла Ицца вевзачара. Йерриг а Нохчийчуьра аьлча санна, хьеший хилла цуьнан. Ловзарга кхайкхича, шеца масех стаг, пондар лакха шен нус а оьций, кхочуш хилла цига дIа. Вевза-везарг шена тIевоьссича, цхьа совгIат ца деш, вуха а ца вахийтина.
Комаьрша, муьлххачу а хIуманна тIехь тешаме, доьналле хиларца билгалваьлла хилла ИсмаьIал а – Асухин шолгIа кIант. Шайн доьзалшка дешийта а гIиртина ши ваша.

Цкъа шен кIентакIант хьуьжаре велла Иццас. Дукха хан йалале вухавеана важа, ша кхидIа хуьйшур вац оцу стагана хьалха аьлла. ДIа ладоьгIча, шен хаттарна жоп ца делча, кIентан коган кIажех гIаж тоьхна хилла моллас. Вукхо, неIаре а вахана, аьлла: «Хьайн ворхIе дена неIалт хуьлда хьуна, кхин суна сара ца туху белахь!» И дерриг шена хиъча, Ицца кIанте хьаьжна: «ВаллахIи, хьо оцу хьуьжаре эцна воьдуш а, ма хаьара суна, хьох молла хирвоцийла», – аьлла.
Советан Iедал чIагIдала доьлча, галдевлла Асухин берийн гIуллакхаш. Шайн ков-керташкахь ма-хетта ваха ца витина царах цхьа а. Велларг а ца хилла шайн кIотаран кешнашкахь дIаволлуьйтуш. Луларчу ГIойчохь ду Иццин каш а, ИсмаьIалан каш а.
Иццин ши кIант хилла: Исла, Хьамид.
ИсмаьIалан виъ кIант хилла: Iусман, Басука, Хьажмурд, Махьмуд.

Иццин Исла а, Хьамид а
Хьамид хьалххе кхелхина. Цуьнан цхьа кIант хилла – Дауд. КIентан нана – Марьям – тур текхаш йара, олий, йуьйцу. Берриг марзой, «кулакаш» а бина, цIера баьхча а, Асухин кIотарахь йаха йисна иза, нахе леладойтуш алсам даьхни а долуш. ЦIийнада лаьцна йа вийна йисна зуда, дIадуьйций, схьадуьйций, колхозе балха хIотто аьтто болуш а хилла цуьнан. Немцошца болчу тIаме ваххалц колхозехь учетчик лаьттина Дауд а. Цуьнгара тIаьххьара кехат I943 шо чекхдолуш деана, Ленинградана гуонаха болчу тIемашкахь йоккхачу тоьпаца вара ша, хIинца, чов хилла, госпиталехь а ву, аьлла. Нохчий цIера баьхначу шарахь Казахстанехь дIакхелхина Марьям. Дауд тIам тIера цIа ца вирзина. Цунна тIехь, кхин тIаьхье ца йуьсуш, дIахаьдда Асухин некъен цхьа га.

Таро йолчу ден воI хиларна, буй къийла ца дезна Ислин. Ша а хилла дан дезачу хIуманна тIехь каде. Кхуьнан 33 шо дуьзначул тIаьхьа паччахьан Iедал а доьхна, халкъ декъаделла. Соьлжа-ГIалахь гIалагIазакхий тIамна гIевттина, Деникина шен эскарш а тесна нохчийн коча. Царна дуьхьалойечу нохчашна йукъа вахана Исла. Эскарш ГIойтIа гIоьртича – цигахь бехаш шен захалш а, гергара нах а бу аьлла, ткъа Чечанахь тIом болабелча – шен ненахошна дина тIелатар ду иза аьлла.

Кхануо, ша цIавирзича, дийцина: «ГIойтIахь «цIечаьрга» ладийгIира ас. Царна-м со шайн маттах кхета бохург дагахь а дацара. Ткъа цара дуьйцург цхьаъ дара – хьоладайшкара латтанаш, бахамаш схьабахар. Соьгара латта, кхидолу хIума схьадаккха арабевллачийн могIаршка хIоьттина хуьлура со. Церан цхьана а дашах теша мегар дац. Йамарт нах бу уьш. Кхана-лама шайга йаккхалург вайгара схьайаккха ца гIуртуш Iийр бац уьш».

Шен долахь долу хIума дохка волавелла Исла, йохкалуш йоцург – сагIина дIасайала. Цхьа-ши шо даьлча, керлачу Iедална дуьхьал ву боху цIе ца кхоллийта, пачхьалкхан балха а хIоьттина. БIогIамаш дугIуш, аьчкан серий туьйсуш, радио йалийна Соьлжа-ГIалара Хьалха-МартантIе кхаччалц. 1925-чу шарахь чекхбаьлла и болх.
Шайн кIотарш а йолуш Iен Iеминчу нахана «керла дахар» эшшане оьшуш ца хилла. Шайн ма-хуьллу дIа а титтина цара иза. Исла оцу къийсамашна йуьстаха виса гIиртина, айкхийн бага ца ваха а. ХIетте а ша лаца хьовзийча, ахшо ГIойтIаний, ГIоййистаний йуккъехь хиллачу Кхорийн арахь даьккхина, йоIа Падама йуург тIе а кхоьхьуш.

Идда вер вац-кх аьлла, Исла ша вахана Iедална тIе. ХIара а, кхуьнан хIусамнана Серижа а, кулакаш санна, Сибреха хьажийна. Йалх бер – кхо кIант, кхо йоI –Iедалан кара ца дахийта, цкъа ГIойтIахь гергарчу наха лелийна, йуха – Чечанахь. Жимахйолу йоI Соьлжа-ГIалахь аьчканекъа тIехь гиначу бухIанйуьртахочуьнга дIайелла Ислас, шен кхечу берех дIатохахьара аьлла. Ши шо гергга хан, бусий бен арадовла йиш йоцуш, шайн дешичин чохь йаьккхина Ислин ворхI беро.
I939 шо чекхдолуш цIа йеана Серижа. Дикка тIаьхьа – Исла а. Шайн берашца Мартанчохь дIатарбелла уьш. Цигара, берриге нохчий цIера бохучу дийнахь, йуха а хийрачу махка а баьхьна, эрна арахь охьакхиссина. Цигахь, Казахстанехь, I946-чу шеран I-чу февралехь, дIакхелхина Исла. Цул тIаьхьа цхьайтта шо даьлча Даймахка бухабирзина цуьнан доьзалш.

ИсмаьIалан Хьажмурд, Iусман, Басука, Махьмуд
Виъ кIант хилла ИсмаьIалан. Царах шиннан – Iусманан а, Басукин а кхоллам Исличух тера бу. I935-чу шеран кхолламан беттан 2I-чу дийнахь хиллачу суьдан сацамца, «кулакана» санна, чохь йаккха хан тоьхна Iусманна. 43 шо кхаьчна хилла иза хIетахь.
Оцу муьрехь лаьцна Басука а. Цуьнан долахь Марта-хин татол тIехь йиллина хьер а, йалта ору гIирс а, алссам даьхни а хилла.

Асухин некъех кхо стаг лаьцна а волуш, церан бахамаш шен долабаьхна колхозо.
ИсмаьIалан Хьажмурдах дерг аьлча, вехха кхуьнан ваша ву ша бохуш, леллачу тешнабехкечу лулахочуьн карах нисделла цуьнан кхалхар. Масех шарахь ведда лелла куьг бехкениг. Эххар а чIир эца аьтто а баьлла, йуьрта чу богIу Асухин некъех бIаьрг кхетча, пхьоьхане гулбеллачу нахах цхьамма элира, боху: «Кхара хIун леладо? Герзах боттабелла а ца лелаш, шайн мостагI вийна велара кхара!». Кхечо элира, боху, тIаккха: «Тахханалц царах цхьа а ца гина вайна герз карахь. ХIинца уьш чIир эцна богIучух тера ду».

ТIедеана берриг а нохчий бохийна 1944-чу шеран чиллан беттан 23 де.
Шелоно йахьийна лаьттачу Казахстане кхаьчна ИсмаьIалан ши кIант – Iусман а, Махьмуд а. Цигахь шина-кхаа батта чохь дIа а кхелхина и шиъ а, Хьажмурдан кIант Ахьмад а.
Ахьмадан виъ кIант – Iадама, Iаднан, ГIани, Манап – денанас Амас кхиийна.
Хьажмурдан шолгIа кIант – Iабдрахьман – Казахстанера цIадирзича, I964-чу шарахь дIакхелхина.
КхоалгIа кIант Хасамбек а дIакхелхина Нохчийчохь. Къора, къена а хилла иза, амма мало йоцуш. Говр-вордий бен ца эшна цунна хьанал сискал йаа…

Продолжение читайте в журнале “Орга” №1. 2024

21 комментарий

  • Ata Tohumculuk 25 Adet Tohum Badem Salatalık Köy Salatalığı Tohumu Yerli Tohum Bol Verimli. Kendi sebze ve meyvesini yetiştirmek isteyenler için kullanılan tohum son derece önemlidir. Tohum, koruyucu bir dış kaplama içine alınmış bir embriyonik bitkidir. Tohum oluşumu, açık tohumlular ve kapalı tohumlular bitkileri dahil olmak üzereTürkiye’ nin tercihi ödüllü marka Tohumevi. Sertifikalı, tohum, çiçek soğanı, fide, fidan ve saksılı çiçek çeşitlerinde online alışveriş https://www.tohumdunyasi.com.tr/

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.