Курумова Селимин дахар а, кхолларалла а
(1914 – 1968)
Курумова Селима йина 1914 шеран лахьан беттан 18-чу дийнахь Нохчийчоьнан Бамат-Йуртана ткъех километр йуьстах йолчу кӀотарахь (Советан Ӏедал дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа «Комсомолец» цӀе хилла оцу кӀотаран). Селимин да Курумов Муса Соьлжа-ГӀалара «Горское училище» кхиамца чекх а йаьккхина, Ставропольски божарийн гимназе деша вахна. Иза тӀехдика доьшуш, дешин медаль а луш, чекхйаьккхича, Петербургерчу Горный институте дӀаэцна (хӀетахь цуьнан йуьззина ц1е «Горный институт Императрицы Екатерины II» хилла, хӀинца «Национальный минерально-сырьевой университет «Горный» йу иза). Горный инженеран говзаллица институт чекх а йаьккхина, белхаш бина Горно-рудный инспекцехь, тайп-тайпанчу геолого-поискови партешкахь а. Советан Ӏедал дӀахӀоьттинчул тӀаьхьа, болх бина «Грознефть» йукъайогӀучу организацешкахь. Кхелхина 1927 шарахь.
Селимин нана Медни Чермоев Орцин йоI хилла.
Хьалха дуьйна а Нохчийчуьрчу хьалдолчу нахах хилла КурумовгӀар.
Селима 1922 шарахь шен вешица Сурхоца Соьлжа-ГӀаларчу № 2 йолчу ишколе деша дӀайелла шен дас. 1930 шарахь чекхйаьккхина ишкол. Кхин цхьа шо даьлча, деша йахна Соьлжа-ГӀаларчу автомобильни техникуме. 1935 шарахь, техникумера дешна йаьлча, «Грознефтан» авторемонтни мастерскойшка техник-контролеран балха йахна. Болх барца цхьаьна, Грозненски нефтяной институтан суьйренан отделене деша хӀоьттина.
Курумова Селима 1936 шарахь, маре а йахна, Москва дӀайахна цигахь инженеран болх беш волчу шен цӀийндеца. Москварчу нефтяной институте дехьа а йаьлла, инженер-механик корматаллехула дешар дӀадаьхьна цо.
Сийлахь-боккхачу Даймехкан тӀамехь цӀийнда кхелхича, 1942 шеран май баттахь институтан 5-чу курсехь доьшуш йолчуьра Нохчийчу ц1а а йеъна, шен ненаца Ӏийна Селима. Оцу муьрехь цо белхаш бина йуьхьанца Нохч-ГӀалгӀайн республикин музейхь промышленни отделан кьуйгалхо йолуш, цул тӀаьхьа, 1943 шеран 5-чу июнехь дуьйна вай махках даххалц йолчу хенахь, «Грознефтан» № 2 йолчу авторемонтни мастерскойхь инженеран даржехь хилла иза.
Нохчийн къам махках доккхучу хенахь, цӀахь ца хилла Курумова Селима. Ц1а йеача, кхетта хиллачу бохамах. ТӀамехь чевнаш йина, Соьлжа-ГӀаларчу госпиталехь Ӏуьллуш хилла Селимин ненан шича Идрисов Шамсудди. Цуьнца цхьаьна госпиталехь нисвелла чевнаш хилла волу нохчийн эпсар Куразов Г1ани. Иза госпиталера араволуш, цуьнга, там-мах а бина, дӀайелла шен ненан шичас Селима. 1944 шеран июнь баттахь шен цӀийндеца Куразов ГӀаница махках йаьлла Селима.
Казахстанехь Алма-Атана йуххерчу Малая Станица олучу йуьртахь Ӏийна уьш. Курумова Селимас 1944 шеран 2-чу августехь дуьйна шина шарахь инженеран болх бина «Союззаготранс» олучу организацин Алма-Атарчу областнойн отделенехь. Цул тӀаьхьа «Каззаготживсырье» организацехь лаккхара технолог лаьттина, тӀаккха «Казсовхозтрансехь» эксплуатацин декъан начальник хилла. Иштта оцу тайпана болу шен корматаллица богӀу белхаш бина цо Алма-Атахь, даймахка цӀайерззалц.
1949 шеран 28 февралехь Алма-Атахь спецкомендатуро тӀедилларца хӀоттийнчу анкети тӀехь, къам а, ненан мотт а билгалбоккхучохь, Курумова Селимас йаздина нохчи йу, ненан мотт нохчийн мотт а бу, аьлла. Нохчийн маттах дозалла деш хилла йаздархочо.
Даймахке сатуьйсуш, цӀа йан гӀерташ хилла Селима, 1952 шарахь Ӏедале кехаташ йаздина цо, спецучетера дӀайаккхахьара ша, бохуш. Амма хӀетахь къаьмнаш даймахках дохуш бинчу Ӏедалан сацаман харцо чӀогӀа хилла. Спецучетера д1а-м муххале ца йаьккхина, мелхо а чӀагӀдина, хьо нохчи йу, цундела махках а йаьккхина, аьлла.
Къомана паргӀато йаьлча, шен доьзалца даймахка ц1а йеъна Курумова Селима. 1957 шарахь дуьйна Соьлжа-ГӀалахь «Сельстрой» трестан бахамашкахь кхиамца белхаш бина. Муьлххачу меттехь болх беш а, доггах, хьанал къахьегна цо. Къинхьегаман хьуьнарш билгалдохуш 1966 шарахь «Къинхьгаман ЦӀечу байракхан орденца» совгӀат а дина.
Курумова Селима кхелхина 1968 шарахь Соьлжа- ГӀалахь.
Шайн дайшкахь дуьйна а, йоза-дешар кӀорггера Ӏамош а, хууш а хилла КурумовгӀар.
Курумова Селима шен инженеран говзаллица цхьаьна исбаьхьаллин литературе марзо йолуш хилла. Исбаьхьаллин дош девзаш а, дезаш а хилла иза. Цуьнан йоккхахайолу йиша Бата, Нохчийн книжни издательствехь балхахь а йолуш, говза гочдархо хилла. Шайн дикаллица йевзаш йу цо гочйина А.С. Пушкинан стихаш: «Ӏаьнан суьйре («Зимний вечер»), «Тутмакх» («Узник»), кхийерш а. М. Горькийн «Нана» роман а нохчийн матте йаьккхина цо.
Къаьсттина мехала бу Курумова Селимас исбаьхьаллин литературехь бина болх. Цуьнан произведенеш дукха йац, амма дика йу.
Йаздархочун произведенеш дуьххьара зорбане йевлла дӀадахначу бӀешеран 50 шераш чекхдовлучу а, 60 шераш дуьйлалучу а муьрехь. Уьш «Орга» альманаха тӀехь, «Ленинан некъ» газета тӀехь зорбатухуш арадилийна дийцарш, очеркаш йу. Царах ду «Дорчин Донча», «Жарманан некъ», «Ца йинчу ненан хӀусамехь» дийцарш. Нохчийн 1ер-дахаран хьелаш, къоман гӀиллакхаш дика девзаш хилла автор. Меттан говзалла а хилла цуьнгахь. Цундела авторан произведенеш , къоман дахарера гӀуллакхаш шайн чулацамехь а долуш, дикачу маттаца йазйина йу.
Курумова Селимин книга дуьххьара арайаьлла 1962-чу шарахь. Книги ц1е «Дохк» йара. Цу т1ехь зорбатоьхнера «Дохк» ц1е йолу повесть а, масех дийцар а. И повесть йу Курумова Селимин ц1е нохчийн литературехь йовзийтинарг а, ч1аг1йинарг а. «Дохк» повестехь уггар мехалниг меттан исбаьхьалла йу.
Цуруев Шарипан «Дахкарлахь» байначийн къа-бала (Курумова Селимин «Дохк» повестах ойланаш)» ц1е йолу статья зорбатоьхна 2003-чу шарахь. Цу т1ехь автора теллина «Дохк» повестан чулацам. Къаьсттина тидам бина меттан башхаллин. Статья масех декъах лаьтташ йу. Кхузахь даладо «Авторан мотт а, турпалхойн къамелаш а» ц1е йолу дакъа: «Авторан мотт хьал долуш бу.
Турпалхойн къамелаш (диалогаш), цхьа а тайпана шеко йоцуш, тоьллачу исбаьхьаллин кхиамех лара мегар ду повестехь.
Уггар хьалха дешархочун тидаме йовлу шатайпа, чолхе йоцу синтаксически конструкцеш. «Адам-хатӀ ду» бохург бакъ делахь, Курумова Селима шен заманхошна йукъахь вуно къаьсташ стаг хилла, хӀунда аьлча, иштта нохчийн исбаьхьаллин литературехь вуно атта къасталур йолуш, шатайпа хатӀ ду цуьнан произведенийн. Цуьнан йозанан хотӀан коьртачу билгалонех ду предложенин йоций хилар. Уьш къаьсттина йацло, билггал долу психологически хьал хӀуттучохь, синхаамийн карзахалла чӀагӀйеш, дешархочун са кӀамдеш… Повестера предложенеш, йуккъера лерича, 6-7 гергга дашах лаьтташ йу.
Американски Ӏилманчаша чӀагӀдарехь, оцу тайпанчу йоцачу предложенеша беш болу хаам дешархочо дика тӀелоцу, дика дагахь а буьсу. Говза а, шуьйра а пайдаэцна автора инверсех а. Нохчийн нийсачу предложенин иштта формула йу: субъект (подлежащи) – дар (сказуеми – хандош делахь) – объект (нийса кхачам) (тӀаьххьарлерниг болуш а, боцуш а хуьлу). КӀеззиг нисло сказуеми, подлежащел хьалха долуш йолу предложенеш. Дукхахьолахь, ишттанаш поэзехь, эшаршкахь нисло. Ткъа хӀокху повестехь, йерриге бохург санна, предложенеш сказуеми (хандешнаш) подлежащел хьалха долуш йу. Хандашца-сказуемица чекхйолуш предложени массийтта бен йац хӀокху повестехь. Хандешнех вуно дукха дезар оьцу авторо. Уьш оцу кепара дукха хилар ларамза дац – исбаьхьаллин гӀирс санна, шайн маьӀна леладо цара. Цара – оцу йоцачу предложенешкахь подлежащел хьалха нислучу хандешнаша – (сказуемеша), – шатайпа чоьхьара динамика, боламан хьал (фон, атмосфера) кхуллу.
1xbet promo code nepal. Click Here:👉 https://www.aamas.org/news/1xbet_free_code_registration.html