ГАУ «Издательский дом»

АЙДАМИРОВА Машар. Безаман къайленаш

Дийцар

Тоххарехь маьркIаж-хан а хилла, дIасавоьдург вогIу-воьдучура ваьлла.
Гуьйренан цIемзалло сахьт-доза туху адаман лаамашна – мел лиъча а, арахь латта, хьошалгIа ваха догдог1у хан-зама яц тIехIоьттинарг. Мичара богIу а ца хууш схьахецабеллачу махо Iуьйранна дуьйна тIуналлах дистина мархийн гай дат1ош, догIа охьахийцира. Кийра уьйзучу шийлачу хIавао цхьа тамашийна ша буьллура пехашна – дегIехь халла сийсачу йовхонах хьаьрчий, кхарзаеллачу йовхаршца юха арататталора.


БIаьста-аьхкенан ховхачу махо-малхо хьистина, дехха самукъане той дIакхехьна дитташ хIинца можа-мокхачу басе дирзина. Шаьш горахIитто гIертачу дерачу мехашна ма-хуьллу дуьхьало ян гIерташ, наггахь гIийла узарш а хеза церан. Амма, мел кадеттарх а, тIаьххьара шайх къаьста гIа а ца сацало. ХIокхеран луьстачу гIашлахь зевне декначу олхазарийн долу ирс а ца хили – шелонна тIам ластийна, кхидIа а шайн той дIакхехьа бовхачу махка, дIадаха.
ТIегIертачу буьрсачу Iаьнна йилхина яьлла гуьйре тIаьххьара сауьйзуш ю.
Асхьабан дагара хууш санна, Iийжа иза.


Машенан не1аран ангали охьадахийтина, цигаьрка а латийна, кIур сутара чууьйзира цо.
Таханлерачу дийнах догдилла дезар ду – мел ладегIарх а цхьа сом пайда ца беа. «Дахар – кепек», – бохург хIун ду хии.
ХIан-хIа, хIуьттаренна Iийр ву-кх иза. Iан дезахь, буьйса юккъе яххалц а.
Болх-м яцара хIара, делахь а хене ца ваьлча волий? Дийнна де дIадолу, рагI ца кхочуш а: машен мел йолчух а, таксист хилла.
ХIун до дIавахана а?
Чуьраниг яц чомахь йистхуьлуш а, бераш а ду иштта дех уьдуш. Къаьсттина йоккхахйолу йоI.
Кхуьур ю маре яха а, дIаяхча юхаян а… Беран тIорза!


– Ваши! – ойлане а ваьлла, вицвелла Асхьаб меттавалийра корехь гучуваьллачу къоначу стага.
– Ваши, хьо мукъа вуй?
– Дера ву-кх, Iуьйранна дуьйна-м. Хьо стенга ваха веза?
– ГIалара аравала а ца деза. Тхо кхоъ ву. Машен галъяьлла тхан, кхин лоьхуш Iен хан яцара…
К1ант, воьхна, дIасахьаьвзира.
– Сингаттаме хIумма-м дац? – шекваьлла, хаттар дира Асхьаба.
– Ваши, хан йиллина йоI ю-кх тхоьга хьоьжуш лаьтташ… ТIаьхьадисича, товш ма дац ишттачохь!
Резавоцуш корта ластийра Асхьаба.
– ЙоI ядо дохку-кх шу!?
– ХIан-хIа, ваши, йоI реза ю, цуьнан шен гергарчу зудчо арайоккхуш а ю…
Машен, шен чиркхийн серлонца Iаьржа бода цоьстуш, буьйсане кхин а цхьа къайле кховдо новкъаелира.


Кегийрхой юкъа-кара вовшашка лохха бистхуьлуш хезара. Гуш дара: уьш ханна воккха волчу Асхьабах, гIиллакх лоьцуш, ийзалуш хилар. Къоначу нахехь долчу иэхь-ийманах бIаьрг буьзира кхуьнан.
– Кхин некъ ца карийра шуна?
– Бехк ма биллаллахь, ваши, ахь аьллачух ца кхийтира со, – аьлла, хьалха хиъна вогIург хаттарца схьавирзира.
– Ас-м, йоI, иштта, обаргаш санна, тебар доцуш, массарна а хууш, еза-йоккха йига ца мегара? – бохура.
– ВаллахIи, мегар-кх, дукха мага а мегаш-м. Вайн дайн оьздачу гIиллакхца, шарIо ма-бохху и чекхдаккха а ма хьаьвсира тхо. Баккхий нах а бахийтира йоI еха, молла хьалха а ваьккхина… Да дукха буьрса стаг хиллера-кх цуьнан…
–Реза ца хили?


– ХIан-хIа!
– Нуц муьлханиг ву шух? Хьо-м вац?
– Вац дера-кх, – куьг ластийра жимхас. – Тхо доттагIий ду.
– Ша хIунда вац куьг бехкениг?
– Шен куьйгаш цIена дитархьама, – велавелира кIант. – ЙоьIан сий лардархьама! Захалонна хьалхара некъ бихкича, шолгIа некъ харжа дийзи тхан, амма иза а ма бу цIена дIакхехьа безаш… Там-мах барца долу хIума дIадирзича, гучувер ву нуц а…
Асхьабана тайра и къамел.
– ЦIерачарна хууш дуй аша юьхьарлаьцнарг? – хIоьттина тийналла йохорхьама хаттар дира цо.
– Ду дера-кх, – юха а къамеле велира хьалха хиънарг. – Тховсалерниг-м, Дала мукъалахь, зен-зулам доцуш дIадоьрзур дара, ваши! Стохка тхуна хилларг ца хилчхьана…
– ХIун дара иза?


– ЙоIа тешамана елла чIуг а йолуш, цо аьллачу дийнахь ехийта баккхий нах бахийтинера оха. Да вацара цуьнан, вежарий бара. Амма тIаьххьарчу минотехь чIогIа захалонна дуьхьалбевлира уьш. Бахьана хIун дара аьлча, дIо мацах цкъа, микли заманахь, шина а агIорчеран тайп-тукхамашна юкъахь хилла цхьа дов-питана айбина хиллера цара. ХIун дийр ду ткъа? Тур-тапча а яьккхина чугIертийла а ма дацара нехан нахана! ХIинца-хIинца нускал цIа кхочу бохуш, доккха той хIоттийна Iаш кIентан цIеранаш а бу, схьахуьлуш нускал а дац… Эццахь дIатохавеллачу тхан тобанан хьалхарчу стага, Якъуба, оцу юьртахь марехь йолчу шен шичица барт бина хиллера, цуьнан йоI яло… Шен дагахь оха айбина гIуллакх юьхьIаьржонца ца дерзийта…И тусаделлачу тхан захало духатоьхначу вежарша тхоьга хабар туху, шаьш реза ду, шайн йиша дIайига олий…


– ХIунда? – дуьйцучо цецваьккхина Асхьаб, кхеташ вац вежарша лелочух.
– ВаллахIи, ваши, хьуна догIу аьлла ца боху ас, ахь бехк а ма билла иштта аларна, наггахь баккхийчара лелочунна, мел тIекхиа гIиртича а, тхо, кегийрхой, царах кхета ма ца кхета хьуна… Тхоьгахь сакхташ лоьху, шайн сакхташ гучохь а ца хуьлу. Тхо-м, дуьне-дахар довзаза хилийтахьа, ткъа шортта дахаран зиэделларг а долуш, хан-замано кIорггера хьекъал а, кхетам а белла хила ма беза тIекхуьучу тхуна хьехарш дан декхарийлахь болу къаной… КъинтIеравалалахь, ваши, массо ледара бу бохург дац хьуна иза…
– Хьо харц вац-кх, жима къонаха, бакълуьйш ву, – дахарехь шех йийлина ледарлонаш дагаяьхкинчу Асхьабана ша-шех иэхь хийтира. Цхьадика, бодашкахь гойла а дацара хьаьжа тIехь буьрттигал даьлла хьацар а, цIийелла юьхь а. – ТIаккха, дIадигин аша нускал?
– Ткъа тхуна хууш ма дац Якъуба бина сацам… – соцунгIа а хилла, дийца волавелира кIант. – Тхо нускал иэцна, дукха хазахетарна, хьерадевлча санна, дIакхочу, тхуна тIаьххье Якъуб а вогIу-кх кхин цхьа нускал а далош!


– И бохург хIун ду? – Асхьаба, ша хIун леладо а ца хууш, машен а лаг1йинера.
– И ду-кх. Тхан доттагIчунна шиъ нускал хили-кх!– велавелира дуьйцуш верг. – Шинненна а хууш дац хIоьттина хьал, тхан цхьаъ нускал долуш ду, хьо дIагIо бохуьйла а ма дац тIедалийначуьнга…
– ХIун ди аша?
–ДоттагIий стенна оьшу, ишттачохь орцах а ца бевлча?! Царах цхьамма шена дерзийра шолгIа нускал. Цхьана дийнахь ши той дир-кха оха. Долалуш худар кегийнехь а, чаккхе, Делан къинхетамца, дика хилира!
– АлхьамдуллилахI, Далла бу хастам! – доггаха вистхилира Асхьаб. – ХIинца муха ду оцу шина доттагIчун Iер-дахар?
– Оцу тIехьа хиъна Iаш ву-кх и шиъ, цаьршинга хаттахьа! – гIадвахана, велавелира жима къонаха.


– ЭхI, Дала дукхадахадойла шу! – самукъаделира Асхьабан а.
– И чолхенаш хIуьттур ма яцара, баккхийчара шаьш лелочун ойлаеш хиллехьара! – ша хIинцца дийцинчун дегаIийжамца жамI дира кIанта.
– ХIумма дац, тхуна бехк билла сихлой шу-м. Олуш ма ду: – «Къоначарна – хьехамаш, къаношна – бехказбийлар!»
– Цунах а кхета тарло, амма тхох дийлина гIалаташ нисдан йиш хиларх, баккхийчарех девлларш доккхачу зуламе доьрзу-кх.
Буьйсанна дIаиккхинчу машенах вота етташ охьаIеначу догIано долчун тIе а сагатдора.
Хьажахьа, хIара кегийрхой-м, хьанора бу, жимчохь хIокхуьнгахь ца хилла кхетам болуш а, лела хууш а!


Ткъе пхи шо хьалха, хIара санначу гуьйренан цIевзинчу буса дара иза а. ХIинца кхарна т1ехIоьттина киртиг яра – йоIан да резавацара захалонна. ТIаккха йо1а ша араер ю элира. Йиллина хан тIекхечира. Дагна езарг хьеялайоьлча, сагатделла, шен доттагIий машенахь а битина, кертал дехьа а ваьлла, бешахула, тебаш, йоI ехачу цIийнан коре дIаохьавелира хIара. Чиркх байина бара. Кор деллалуш а хезна, ша волччохь бIаран стоммачу гIодах дIаийна, са оззийнчохь дIатийра безамо хьалхатоьтту къонах.
Беш хадош дIахьаьдира ший а, амма гена ца делира – когаш кIелара латта дедира.
Ден бертаза ша хIинцца яьккхинчу гIулчо Iадийначу йоIанна дицделлера шен дас бешахь гIу яккхар.


ХIинца, таллархочо ижуна биллинчу гурахь санна, ший а гIорасиз доьхна хьийзара готтачу гIу чохь. Орца а я гIар-тата йокхийла а дац. Цхьадика, меже ца каглуш, дийна дисира, амма цу чуьра хьалавалалур ву бохург аьттехьа а дацара.
– Вайшимма хIун де-те? – дукхахдерг бIаьргашца хаттар дира кхераяларна яхьийначу йоIа.
– Цкъа хьо хьалаяла, новкъахь лаьтташ кIайн «Волга» ю, ахь сан накъосташка хилларг дийца, цара суна гIо дийр ду…
– Со хьала муха йолу? – шабаршца, дуьйцург а хазарна кхоьруш, дистхилира нускал.
– Сан коьшкала хьалаяла… Хьалхе-м дара хIара, делахь а мацца цкъа коьшкала хаориг хилча, тховса дуьйна хуьлуьйтур вай иза! – иштта шабаре ваьлла, забар ян гIертара хIокху йоьхначу буса нуц хила араваьлларг а.

17 комментариев

  • Всех приветствую, вот и пришла весна! Точнее уже на носу лето, но не все себе поставили летнюю резину, а может кто-то хотел прикупить себе новые и стильные литые диски. Сейчас для этого пришло лучшее время.

    В нашем интернет-магазине pneuexpert.md вы можете купить шины и диски по дискон ценам, например [url=https://pneuexpert.md/ru/catalog/tires/shiny_dlya_agro_tekhniki_anvelope_p_u_agro_tehnic/]купить аграрные колеса[/url] можно приобрести со скидкой до 30% еще и с бесплатной доставкой до вашего дома или гаража!

    Для вас мы собрали огромный ассортимент и конечно сделали удобный сайт на котором вы можете узнать все подробности о товаре и детально его рассмотреть, чтобы ездить с комфортом и на красивых дисках.

  • Всех приветствую, вот и пришла весна! Точнее уже на носу лето, но не все себе поставили летнюю резину, а может кто-то хотел прикупить себе новые и стильные литые диски. Сейчас для этого пришло лучшее время.

    В нашем интернет-магазине pneuexpert.md вы можете купить шины и диски по дискон ценам, например [url=https://pneuexpert.md/ru/catalog/tires/vnedorozhniki_suv/]шины внедорожник кишинев[/url] можно приобрести со скидкой до 30% еще и с бесплатной доставкой до вашего дома или гаража!

    Для вас мы собрали огромный ассортимент и конечно сделали удобный сайт на котором вы можете узнать все подробности о товаре и детально его рассмотреть, чтобы ездить с комфортом и на красивых дисках.

  • Всех приветствую, вот и пришла весна! Точнее уже на носу лето, но не все себе поставили летнюю резину, а может кто-то хотел прикупить себе новые и стильные литые диски. Сейчас для этого пришло лучшее время.

    В нашем интернет-магазине pneuexpert.md вы можете купить шины и диски по дискон ценам, например [url=https://pneuexpert.md/ru/catalog/tires/shiny_dlya_gruzovikov_anvelope_camioane/]цены на шины грузовик[/url] можно приобрести со скидкой до 40% еще и с бесплатной доставкой до вашего дома или гаража!

    Для вас мы собрали огромный ассортимент и конечно сделали удобный сайт на котором вы можете узнать все подробности о товаре и детально его рассмотреть, чтобы ездить с комфортом и на красивых дисках.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.