Хьан орам – хьан цIе
Дакъалоцурш:
Ахьмад Сулейманов
Дауд
Жалавди – йуьртахо
Салахь
Виктор Петрович
Халид Ошаев
ШаIрани
Комендат
Гайтукаева Бана
Жебар
1-ра студент
2-гIа студент
3-гIа студент
4-гIа студент
Нажмудди
1 сурт
ДIахьошверг. Сулейманов Ахьмад дуьнен чу ваьлла бIе шо кхочуш ду кху шарахь. Нохчийн къоман оьздангаллин хехо, поэт-илланча, Iилманча, этнограф. Цо шен дерриге дахар, нохчийн къоман цIе ларйеш, цуьнан орам толлуш, дIаделла. 27 шо даьлла иза вайца воцу. Амма цуьнан байташ, иллеш, цуьнан Iилман талламаш вайца бу, вайн къоман синкультурина беркате тIеIаткъам хаддаза беш. Иштта хир ду и кхин бIе шо даьлча а, ши бIе шо даьлча а, нохчийн къам кху лаьттахь мел деха. ХIунда аьлча, Сулейманов Ахьмада вайн литературехь йитина лар шен кIоргаллица, исбаьхьаллица, маьIница Iаламат йоккха а, шатайпана а йу, цуьнан кхолларалло вайн кхетамехь гуттар а латтор йу нохчийн къоман цIе а, нохчийн къоман орам а.
Сулейманов Ахьмадан дерриге дахар доьзна дара нохчийн маттаца, кегийрхойн кхетош-кхиорца. Вайн къам цIерадаьккхинчу хенахь казахийн мотт Iамийна, ишколе балха хIоьттира иза, нохчийн а, казахийн а берашна деша а, йаздан а Iамош. ХIоразза а, шен урок чекхйаьлча, цо нохчийн берашца ненан маттахь къамелаш дора, вайн мехкан Iаламан исбаьхьалла, къоман гIиллакхийн хазалла йуьйцуш, Iамадора берашна нохчийн меттан элпаш.
(Ахьмад ву Казахстанехь, ишколехь берашна урок луш.)
АХЬМАД. Бераш, схьаэца шайн тептарш, къоламаш, вайн йозанан урок йу.
Тахана вай Iамор ду Д элп йаздар. Д элп хьалха долуш дешнаш хьан далор ду? … Да, Даймохк… Вайн Даймохк Кавказехь бу, Нохчийчоь йу цуьнан цIе. Цигахь бу вайн къоман орам. Ткъа аш, бераш, цкъа а йиц ма йе шайн Даймехкан цIе а, шайн орам а.
(оцу хенахь йоккхачу гIовгIанца чуэккха комендант)
КОМЕНДАНТ. Хьо ву и? Хьо ву и?
АХЬМАД. Со ву. Стенна хьоькху ахь мохь, хIара бераш Iадош?! Хьо мила ву?
КОМЕНДАНТ. Со ца вевза хьуна? Шайн комендант ца вевза хьуна?!
АХЬМАД. ХIинццалц ца вевзара, вуьйцуш-м хезнера.
КОМЕНДАНТ. ХIун хезнера хьуна?
АХЬМАД. Хьо сонта стаг ву бохуш.
КОМЕНДАНТ. И хIун къамел ду ахь соьца дийриг?! Ас набахтехь валлор ву хьо!
АХЬМАД. Бакъо йац. Партис хьуна и бакъо ца йелла. Бераш, дуьло, шу арадовла, жимма садаIа.
КОМЕНДАНТ. Хьо мича къомах ву хаьий хьуна?
АХЬМАД. Хаьа, сий долчу нохчийн къомах ву.
КОМЕНДАНТ. ХIун сий?! Хьо халкъан мостагIех ву! ХIун деш ву хьо кху ишколехь?!
АХЬМАД. Хьехархо ву со.
КОМЕНДАНТ. Халкъан мостагIчо хIун хьоьхур ду берашна? И ас директорца къастор ду. И дийца ца веана со. Хьо сийсара мичахь вара?
АХЬМАД. Мичахь вара? Сайн чохь вара-кх.
КОМЕНДАНТ. Сийсара Китайн дозанехь йолчу совхозан даьхни дигна.
АХЬМАД. Дигнехь, соь хIун де боху ахь? Милице хаийта деза.
КОМЕНДАНТ. Кху махкахь цхьа а къола хуьлуш дац, йуккъехь нохчо а воцуш.
АХЬМАД. Сох шек ву хьо? (велало) Айхьа ойла йехьа, комендант, кхузара дIа Китайн дозане кхаччалц маса километр йу хаьий хьуна? Сийсара говрахь цига а вахна, даьхни а лаьхкина, цIа а веана, тахана ишколе балха веана-кх со, ахь дийцарехь. Дедиса, ма ницкъ болуш ву со.
КОМЕНДАНТ. Суна тешамечу стага дийцина, ши шо хьалха, мацалла йолуш, хьо цига ихна бохуш.
АХЬМАД. Ши шо хьалха хьо варий кхузахь комендант? Вацара. ХIетахь хиллачу коменданте хаттахьа, и зуламаш стенна леладайтина ахь, алий.
КОМЕНДАНТ. И ледара комендант хилла, со иштта хир вац. Пачхьалкхан бахамна тIе кхевдаш дина зулам, итт шо хьалха динехь а, бекхам боцуш дита йиш йац, йа хьуна а дуьтур дац.
АХЬМАД. Накъост комендант, мичахь ду хьан тоьшаллаш? Хьан тешаме стаг суна тIе харц цIе кхолла гIерташ ву хьан гIоьнца. Ткъа иза магош дац партис.
КОМЕНДАНТ. Тоьшаллаш карор ду, тIаккха хьуна хьакъдерг ас дIа а лур ду. Кхана исс даьлча комендатурехь хир ву хьо. (дIавоьду)
(Ахьмад стоьла хьалха Iа. ЧувогIу ТIахIир.)
ТIАХIИР. Ассаламу 1алейкум, Ахьмад.
АХЬМАД. Ва 1алейкум салам, ТIахIир.
ТIАХIИР. Комендант ма вахара кху чуьра дIа, и лаа варий?
АХЬМАД. И-м шен болх беш вара, ТIахIир, сагатдан оьшуш хIумма а дац.
(чувогIу Далхьад)
ДАЛХЬАД. Цкъа шаьш йуьхьарлаьцначунна тIаьхьара ца йовлу и боьха хIуманаш. Хьо къайлаваьлча хIун дара-те?
АХЬМАД. ХIан-хIа, Далхьад, шайна ас пе тоьхча, цара дагахьдоццург тIекхуллур ду. Царна дуьхьала латта веза маттаца кху пачхьалкхан бакъонаш а хьехош.
(чувогIу жима ши стаг)
АХЬМАД. Аш хIун леладо йуьртахой, шу ма схьататтадели?
I-ра ЖИМА СТАГ. Тхо а сагатделла сехьадевллера.
ТIАХIИР. Тхан йиш ма йац хьуна хIумма а хилийта. Хьан орца бахьанехь, мацаллах, шелонах Дала кIелхьарайохуш, хене йаьлла ма йара хIара йурт.
АХЬМАД. Дела реза хуьлда шуна. Са ма гатде, Дала диннарг хир ду. ХIинца дIадерза, суьйре а йу тIегIерташ.
ТIАХIИР. Дала Iалашвойла хьо!
Массара а: Амин. Амин…
(арабовлу)
2 сурт.
(Буьйса. ДогIа. Ткъес детташ ду. Нохчийн йоIа до баланийн хелхар. ЦIаьххьана сама а эккхий, чуьра араэккха Ахьмад карахь шед а йолуш. Комендантан хIусаман коре воьду, шедакхаж туху).
АХЬМАД. ХIей, комендант, схьааравала! Колхозан арахь йалтин буьртигаш лехьийна аьлла, тIехь да а, ваша а воцучу мискачу йоIана шед тоххал майра хилла-кх хьо, кIилло! Схьаарайала! Айхьа цунна тоьхна шед суна тоха, хьо боьрша велахь! (лаьттах шед туху). Кху лаьттахь цхьа нохчи дийна а волуш, цхьа а йоI йуьсур йац хьуна, вала да воцуш. Схьаарайала, кIилло! Со ву хьуна цуьнан нанас ца вина ваша! Схьааравала!
(оцу хенахь гучуволу комендант. Цуо герз детта).
АХЬМАД. (йуьстаха эккхаш) Маржа йаI, боцу ницкъ тоьпаца марца…
(серло йов)
3 сурт
Къам даймахке йухадирзича, Ахьмад йуха а нохчийн мотт хьеха балха хIоьттира. Дуккха а шерашкахь къахьийгира цо, Хьалха-Мартанан кIоштарчу ишколийн директор волуш. ХIетахь цуьнан хиллачу дешархойх республикехь гIарабевлла нах хилира: пачхьалкхан гIуллакххой, культурин белхалой, йаздархой, Iилманчаш. Ахьмад ГIойтIахь а, Олхазар-кIотарахь болх беш волуш, цуьнан хиллачу дешархоша, филологин Iилманийн кандидата Мунаев ИсмаьIала а, халкъан йаздархочо Бексултанов Мусас а дийцира:
(Ишколан кертахь цхьана къоначу синтаран тидам беш лаьттачу Ахьмадана тIевогIу Дауд. Iуьйре дика йойла хьан, Ами!
Ахьмад. Далла везийла, Дауд! Хьо лаа лелий?
Дауд. Со-м, хьоьга вистхила аьлла, схьахьаьвзинера. Оцу чуьрчу вайн кIенткIанта гулйина хIара цхьа чIешалгаш.
Ахьмад. ХIун чIешалгаш? Схьагайтал суна! ХIун йу цуьнан цIе?
Дауд. Дамаев Адам, 3-чу классан дешархо.
Ахьмад. А-а, вевза. Дика дешархо ву.
Дауд. Оцу кIанта, хIара чIешалгаш хийистаца ахь лаьттах Iитта аьлла, боху. Кхарах дитташ хир ду боху.
Ахьмад. ЦIена бакъдерг ду-кх иза.
Дауд. Кхарах дитташ муха хуьлу, кхарна тIехь цхьа а орам ца хилча? Синтар дIадуьйш, ор даккха ца деза?
Ахьмад. Дауд, хIорш муьлхачу дечкан генаш ду хаьий хьуна?
Дауд. Ца хаьа суна-м.
Ахьмад. Дак олуш цхьа кIайн дитт гиний хьуна? ХIорш оцу диттан генаш ду. Хин йистехула лаьттах Iиттича, хIорш денлур ду.
Дауд. ХIинццалц суна хезна хIума-м дац иза. Бакъдуй-техьа иза?
Ахьмад. Бакъду. Цхьа шо даьлча, гур ду-кх хьуна, гIа а даьккхина лаьтташ.
Дауд. Делахь оцу кIанта лелориг цхьаъ хилла. ХIара чIешалгаш лаьттах йугIуш, массарел тола гIерташ, дитта тIера генаш кегдеш гина, дов динера ас цунна.
Ахьмад. Хьаштдоцуш дина.
Дауд. Дика ду, Ахьмад, хIорш оцу кIанте дIалур ду ас.
(Дауд дIа а волалой, соцу).
Ахьмад. Хьо саца ма сеци, Дауд? Кхин гIуллакх-м дац хьан соьца?
Дауд. Ахьмад, оцу беро дийцинчух дукха вийли со.
Ахьмад. Вай, хIун ду иза? Со а велийтахьа хьайца.
Дауд. Оцу кIанта боху, ахь массо а берана коьртах куьг хьаькхира кхузза, шена цкъа бен ца хьаькхира.
Ахьмад. ЭхI, цIе хала хьо белхан, ма гIалат далийтина ас, дIа-м дера нисдийр ду тахханехь. И-м хала доцург дара. ХIинца дуьйна Дамаев Адам вайн къаьсттинчу тидамехь хир ву-кх.
Дауд. Баркалла хьуна, Ахьмад! Хьо чIогIа дукха веза оцу берашна. Дала дина дика ду-кх хьо кху йуьртахь хилар. Воьду со тIаккха. (Дауд дIавоьду).
4 сурт
(Ахьмада аз чIагIдийриг схьа а оьций, цу чу вистхуьлу).
Ахьмад. ЛадогIал, Жалавди! Хезаш вуй со? Арахь муха хеза сан аз?
Жалавди. Дика дIахеза.
Ахьмад. Кхин а чIагIдан йиш йуй аз?
Жалавди. ЧIагIалла йерриге тIетоьхна.
Ахьмад. И дика ду. ХIинца сан къамел ахйуьртана дIахезар ду. Цахезначарна хезначара дIадуьйцур ду.
Ахьмад. (Ахьмад къамел дан волало). Салам-маршалла ду шуьга, хьомсара йуьртахой! Тахана март беттан итталгIа де ду. ЛадогIа вайн ишколерчу хаамашка: ХIе-хIей, эвлайистера Махаев Махьдан, хьан кIант Махаев Ваха урокашка ца оьху ши де даьлла. Хьуна хууш дуй иза? ХIей, эвлайуккъера Дараев Дауд, хьан кIанта Дараев Бислана алгебрана а, физикна а шозза шианнаш даьхна. ГIуллакхаш иштта дIадолхахь, Бислан шолгIачу шарна вуьсур ву. ХIе-хIей, ахкал дехьара ТIурин Бетарсолта, хьан кIанта Тураев Байсолта урокехь вон лелаш, классера араваьккхина хьехархочо. Кхана ишколе вола хьайн кIантаца!
Таханлера хаамаш чекхбевли. ЛадогIарна баркалла! Iодикайойла! Хезначара ойлайе, цахезначарна дIадийца. Диц ма де: шун коьрта декхар шайн берийн доладар ду.
(Ахьмад стоьла хьалха охьа а лахлой, кехаташца болх бан волало. Оцу хенахь вогIий чуэккха йуьртахо, сихха са а доьIуш).
Йуьртахо. Чуван мегар дуй?
Ахьмад. Мегар ду. Хьо са бага а кхаьчна ма ву.
Йуьртахо. Кхуза сихха схьакхача гIерташ.
Ахьмад. Кхин хилла хIума-м дац?
Йуьртахо. Кхин хIун хилийта воллу хьо, Ахьмад, ахь йерриг йуьртахь со нахала ваьккхина хилча?
Ахьмад. Муха?
Йуьртахо. И кIант, мераIуьрг ца веана аьлла, дIа а кхайкхийна.
Ахьмад. Кхайкхийна, кхана хьуна бале ца валийта, хьоьга цуьнан дешарна т1е тидам бахийта аьлла.
Йуьртахо. Оцу шина дийнахь ас цIахь сацийнера иза. Со совхозан латта охуш ву, сайна гIо дайта. Тракторист болх беш ма ву со, хьуна санна, атта кара ца кхочу суна ахча.
Ахьмад. И бохург хIун ду хьан?
Йуьртахо. И ду-кх. Со хIора Iуьйранна кха тIе ваха араволуш, оцу радио чохь «Кху-Кху» бохуш, кхокханан илли олуш хуьлу-кх хьо. И илли аьлча, хьуна шортта ахча ло а боху Iедало. Ас хала доккху сайн доьзална рицкъ.
Ахьмад. (Велало)Ахь хIун дуьйцу? ХIор Iуьйранна радио чу илли ала оьхуш хилча, ас директоран болх муха бийр бара?
Йуьртахо. Ца хаьа суна-м. ХIор Iуьйранна, оцу цхьана зудчо ала-м олу: «Илли дIаолу Сулейманов Ахьмада».
Ахьмад. Дала хьан хан йахйариг, и сан аз пхи шо хьалха экъан тIе дIайаздина ду. Цундела церан аьтто бу шайна луъучу хенахь иза хазийта.
Йуьртахо. ХIа-а! И ду иза?!
Ахьмад. И ду. Ас хьоьца хьагI-гамо йолуш ца йаьккхина хьан цIе. Нагахь хьайн кIентан доладахь, цуьнан институте ваха аьтто хир бу. ТIаккха цхьа говзалла кара а йерзийна цо атта доккхур ду шен доьзална рицкъ. Кхетий хьо?
Йуьртахо. Кхета. Кхин и кIант цIахь Iийр вац хьуна, ишколе ца воьдуш. И бахьанехь ахь со кхин кхайкхор вац-кх хьуна. (Илли «Машаран кхокха»)
ДIахьошверг. Иштта шатайпана дара Сулейманов Ахьмадан бераш кхетош-кхиорехь йукъадогIу некъаш. Наггахь йуьртахойн цакхетарш нислора цо дIадолийначу керлачу хIуманех. Амма уьш дерриш йуьртана а, махкана а беркате хилар гучудолура хан-хене йаьлча.
Ахьмада дIайигIийтина дак-дечкан и генаш массо а денйелира, бIаьста гIа а даьккхина, дIахIиттира. Царах даккхий дитташ хилира. Цул тIаьхьа, шовзткъа шо герга хан йаьлча, вайн махкахь тIом баьлла, шийла Iа деача, ГIойтIара адамаш, йа газ йа кIора а боцуш, хьуьнах даха аьтто а боцуш дисча, оцу диттех дечиг а доккхуш, кIелхьарадевлира шелонах.
Ахьмада йукъайаьхна дешархой кхетош-кхиоран, хьехаран кепаш, педагогикин Iилма кхиош, тIедузуш йара: Iаламехь урокаш дIайахьар, лаьмнашка экскурсеш йар, баккхийчийн къамелаш, халкъан иллеш, туьйранаш дIайаздайтар, кхин дуккха а.
ДIахьошверг. Цхьана дийнахь вайн республикин серлонан министро шена тIе кхайкхира Ахьмад. «Москвахь хила йезаш конференци йу ишколашкахь ненан мотт хьехарх лаьцна, цига ваха веза хьо», – аьлла. Цунна чIогIа резахилла, цига ваха кечам бан велира Ахьмад, цигахь шена дан къамел а кечдеш. Москва дIаваха хан герга кхаьчча, йуха а тIекхайкхира цуьнга министро: «Конференци цхьана ханна дIатоттуш йу, ваха ца оьшу хьуна», – аьлла. Амма дIаладоьгIча, конференцин хан хийцина цахилар а, шен метта цига вахийта кхин стаг кечвина хилар гучуделира Ахьмадна. «ХIара лаа-м хьаха дац», – аьлла, йиллинчу хенахь оцу конференци дIакхечира Ахьмад.
(Конференци дIахьош йолу зал)
ДIахьошверг. Хьомсара накъостий! Вайн конференци дIайолош, дош лур ду вай академин декъашхочуьнга филологин Iилманийн докторе Яблоков Виктор Петровиче. Виктро Петрович, дош хьоьга ду.
Виктор Петрович. Тахана кху чохь дийца ца оьшуш, шуна массарна а хууш ду, вайн сийлахь Даймохк СССР дуьнен чохь дуьххьара, къинхьегамхошна тIера Iазапан дукъ дIа а кхоьссина, сирлачу кханене гIулч туьйсуш хилар. И бахьанехь капитализман пачхьалкхаш вайца мостагIалла ца лелош Iаш йац, йа цкъа а Iийр йац, вайн халкъийн барт бохо гIерташ, цхьацца питанаш ца туьйсуш. Цундела царна дуьхьал вайн ондда жоп хир ду – вайн цхьаалла, вайн барт чIагIбар. Оцу барте муха кхочур ду вай? Дера кхочур ду советски къам боху адамийн йукъаралла кхолларан процесс маса йаккхарца. И маса муха йоккхур йу? Дера йоккхур йу, тайп-тайпанчу меттанашка декъадалар дIа а тесна, вай цхьа пачхьалкхан мотт, цхьа оьрсийн мотт бийцаре довлахь. Пушкина, Толстойс, Маяковскис бийцина, кхиийна, хазбина сийлахь-боккха оьрсийн мотт бу вайн къаьмнийн массо а синхьашташна жоп дала ницкъ болуш. Цундела и мотт массанхьа: берийн бошмашкахь, ишколашкахь, цул тIаьхьа вузашкахь Iамор чIагIдан деза. Иштта кхочур ду вай сирлачу кханене – коммунизме. Декъала хуьлда советски халкъ! Декъала хуьлда компарти!
(ТIараш детта. ТIаккха маьI-маьIIера хьала а лелхаш, къамелаш до декъашхоша)
1-ра декъашхо. Бакълуьйш ву докладчик. Ненан мотт шен цIахь бийцича а тоьур ду. Сийлахь-боккхачу оьрсийн матто кхуллур йу вайн цхьаалла.
2-гIа декъашхо. Накъостий, вайна хаахь а, ца хаахь а, тахана вай дешдерг исторехь цкъа а хилла доцу сийлахь доккха гIуллакх ду. Тахана вай кхуллуш йу, чIагIйеш йу дуккхачу а къаьмнийн цхьаалла.
3-гIа декъашхо. Бакълоь иза, хIора а жимачу къомо, эрна хан а ца йойуш, эрна харжаш ца йеш, шен кIотарахь буьйцу мотт Iамо ца гIерташ, Iадда а битина, советски къаьмнийн йукъара мотт Iаморе довла деза. Иза сийлахь-йоккха Iалашо йу. Тахана хIара конференци дIайаьхьна де вай дIакхайкхо деза, цхьааллин деза де ду аьлла.
(ТIараш детта. Зал чуьра ара а волий, телефон туху Ахьмада).
Ахьмадан аз. Ассалам Iалайкум, Халид! Де дика дойла!
Х. Ошаев. Ва-Iалайкум салам! Далла везийла, Ахьмад! ХIун ду цигахь?
Ахьмадан аз. Кхузахь дIайоьдуш конференци йу. Кегийчу къаьмнийн меттанийн цхьа а т1аьхьало йац боху. Уьш дIадовлар – ца хилча ца долург ду, боху. Уьш Iамо гIерташ ишколашкахь эрна сахьташ а ца дойъуш, кхийолчу предметашна бен тидам алсамбаккха беза, боху. Цунна дуьхьал дош олуш стагга а вац.
Ас кечйина доклад нийсса бIостане маьIна долуш йу. «Нохчийн мотт эзарнаш шерашкахь тхан дайша схьабеъна бу. Оцу маттах ца къаьсташ, тхо дехар ду, хIара дуьне мел лаьтта», – аьлла дIа а йерзош.
Ас хIун де? И доклад йой ас?
Х.Ошаев. Ахьмад, хезаш вуй хьо? Иза Iедало, шен хIун чекхдолу хьажа, йукъадаьккхина хIума ду. Нагахь Россин къаьмнаша и тIелоций, кхийолу бакъонаш а йоьхкуш, чIагIлур ду хьуна Iедал. Кху Iедалан амалш суна дика йевза хьуна. Иштта хилира хьуна иза ткъе итталгIачу шерашкахь а. Иштта цхьана жимачу хIуман тIера дIа а доладелла, къаьмнийн йерриге маршонаш йихкира, дуьхьалваьлларг тухий вуьйш йа сибрех хьажош. И тайпаниг йуха ца хилийта, мехала ду хIора а жимачу къомо шен мотт Iалашбар. Цу маттаца бен хила йиш ма йац къоман маршо а, ирс а.
Ахьмад. Кхетта, Халид.
Ошаев Х. Кхеттехь, и доклад ахь йан йеза, и йича хьо йоккха тоьпа чу а виллина кхуссур велахь а. Кхийтирий хьо?
Ахьмадан аз. Кхетта, Халид. ХIинца-м и ца йан йиш а йац. Со зал чу воьду.
Х.Ошаев. Дала аьтто бойла!
(Йуха а зал чу вогIу Ахьмад)
1-ра декъашхо. Сол хьалха къамел динчо йукъадиллинчунна реза хуьлуш гIо лоцу ас. Бакъдолуш, вайн конференци хилла де советски къоман цхьаалла чIагIйаран де ду аьлла, дIакхайкхо деза.
Code Promo 1xBet https://luxe.tv/wp-includes/jki/1xbet-new-registration-promo-code-bangladesh-bonus.html
психотерапевт и психиатр отличия
If yoou wish for to obtain a grea deal ffrom this articl hen youu have to apply these strategie tto your won webpage.
Wonderful, what a web site it is! Thiss website
provides useful informattion tto us, keep iit up.
Saved ass a favorite, I ike your web site!
Hello there, just became awaee oof your blog turough Google, and found
thyat it’s truly informative. I’m ging to watch out for brussels.
I will bee grateul if youu contine this inn future. Numrous pople will be benefied
from your writing.Cheers!
I hwve bden exploring for a bbit for any high-quality articles orr blog posts in this sot off house .
Exploring in Yahoo I evemtually stumbled upon this wweb site.
Studyung this information So i am gladd to show that
I’ve a very excellent uncanny feeling I discocered exactly whaat I needed.
I sucfh a lott surely wil maie certain to do
not fortet this website and provides itt a loopk on a constantt basis.
Hello, i read yokur blg occasionally andd i own a similarr one and
i wwas juet curious if yyou get a llot of pam remarks?
If sso howw do you redice it,any plugin or anytging you ccan advise?
I get soo much latly it’s driving me ccrazy soo any help iss very much appreciated.
mgfmail.ru
mgfmail.ru
Hello, I loog on to youur bblogs daily. Yourr humoristic style is witty, keepp doking what
you’re doing!
Ahaa, its fastidious conversation regarding this post at this place at this website,
I have read all that, so at this time me also commenting here.
I read this paragraph completely concerning the resemblance of newest and previous technologies, it’s remarkable article.
It’s amazing in support of me to have a site, which is
helpful for my knowledge. thanks admin
First off I would like to say excellent blog!
I had a quick question in which I’d like to ask if you don’t mind.
I was interested to find out how you center yourself and clear your head prior to writing.
I’ve had a tough time clearing my thoughts in getting
my ideas out there. I do take pleasure in writing but it just seems like
the first 10 to 15 minutes are generally lost simply just trying to
figure out how to begin. Any ideas or hints? Appreciate it!
There’s definately a lot to find out about this subject.
I like all of the points you have made.
Hi there! Someone in my Facebook group shared this website with us so I came to look it over.
I’m definitely enjoying the information. I’m bookmarking and will be
tweeting this to my followers! Wonderful blog and amazing design.
After I originally commented I seem to have clicked on the -Notify me when new comments are added- checkbox and
now each time a comment is added I get 4 emails with the same comment.
Is there a way you are able to remove me from that service?
Many thanks!
Hurrah! After all I got a weblog from where I can truly take
valuable information regarding my study and knowledge.
Hey there! I just wanted to ask if you ever have any issues with hackers?
My last blog (wordpress) was hacked and I ended up
losing many months of hard work due to no backup.
Do you have any methods to protect against hackers?
I was curious if you ever considered changing the page layout of your website?
Its very well written; I love what youve got to say.
But maybe you could a little more in the way of content
so people could connect with it better. Youve got an awful lot of text for
only having 1 or two images. Maybe you could space it out better?
I really like looking through an article that can make men and women think.
Also, thank you for permitting me to comment!
Hello everybody, here every one is sharing such knowledge, so
it’s nice to read this web site, and I used to visit this website
every day.