(ТIараш детта)
Ахьмад. Суна дош луо. Дош доьху ас.
ДIахьошверг. Хьо мила ву?
Ахьмад. Со Сулейманов Ахьмад ву Нохч-ГIалгIайн республикера, ненан меттан хьехархо.
ДIахьошверг. Халахеташ делахь а, хьо программи йуккъехь вац.
Ахьмад. Муха вац? Ас селхана а, тахана а массийттаза кехатан цуьрг ма йаийтина, президиуме сайна дош доьхуш.
ДIахьошверг. Накъост Сулейманов, пренеш дIайирзина. Конференцин жамIаш ден хан тIекхаьчна. Цкъа хIинца боццачу хаамашна справканашна билгалйина хан йу. Нагахь хьан и тайпа справка йелахь, кхо минот йу хьуна вистхила.
Ахьмад (Трибуни тIе хьала а волуш). Ма доккха эхь ду аш дуьйцург. ХIун деза де? Шу хьерадевлла?! ХIара конференци иштта дIайерзахь, аш къаьмнийн меттанаш, каш даьккхина, дIадухкуш ма ду! Цул боккха бохам буй цхьана а къоманна тIекхача? ХIора къоман мотт – цу къоман са ду. Чохь са доцуш йа къам, йа адам хила йиш йац. Мотт ма бу, уггар доккхачу зуламах къам лардан йиш йолуш, шатайпа дуьхьало.
Тхо, нохчий, кхойтта шарахь махках даьхна лелла хийрачу лаьтта тIехь. Оцу халчу заманахь, диканах догдилларан Iин чу ца оьгуьйтуш, тхо лардора оха тхайца дIабаьхьначу нохчийн матто. Оцу кхойтта шарахь байлахь бисинчу тхан махко Iалашдора тхан меттан аьзнаш. Тхан махкахь шовданаш Iенара, догIанаш доьлхура, хьаннаш техкара, бIаьста олхазарш декара, гурахь гIаргIулийн аьзнаш хезара нохчийн меттан мукъамашца. ХIинца Делан къинхетамца тхан къам а, тхан мотт а, тхан мохк а йуха а вовшахкхеттачу хенахь, дIахоалда массарна а, оха дIатосур бац тхайн ненан мотт. Иза хир дац шуна. Эзарнаш шерашкахь Iалашбеш, ларбеш кху хене тхан дайша, наноша схьакхачийначу оцу маттах ца къаьсташ, кхидIа а, эзарнаш шерашкахь хIара дуьне мел лаьтта, дехар ду тхо, тхан тIаьхье. Нагахь вай оцу сирлачу кханене – коммунизме кхачахь, нохчийн мотт буьйцуш, кхочур ду тхо.
(ТIараш детта)
ДIахьошверг. Ахьмадан и цхьа къамел бахьанехь йукъахдисира хIетахь Iедало дан леринарг, и цхьа къамел бахьанехь къаьмнашна бан лерина тешнабехк йукъахбисира. Цундела, шен карахь хIумма а дац бохуш, Iен мегар дац.
Ницкъ болчо гIело йеш шел эшначунна,
Кхерстара сан дегIехь нийсонан цIе.
Харцонах чекхдолий, тоьпан хIоъ санна,
Ма кхочура и сан дош бакъонна тIе.
Ма дохковаьлла со, ма дохковаьлла,
ДIаала деззачохь цхьа дош ца аьлла.
…тоьллачо гIийланиг харцонца хьийзош,
Бехказа ца вуьтуш, ницкъаца къийзош…
Ма дохковаьлла со, ма дохковаьлла,
ДIаала деззачохь цхьа дош ца аьлла.
(Илли «Зеламха»)
5 сурт
(Ахьмад ву Зумсахь)
Ахьмад. ХIей, ЧIаьнтийн лам, лаьтташ буй хьо?! Дала иштта латтабойла хьо. Дала, хьан йуькъа цанаш хьакха мангалхо а воцуш, ма буьтийла хьо! ХIей, Нашхойн лам, лаьтташ буй хьо?! Дала иштта латтабойла хьо! Дала, хьан чоме шовданаш мийла стаг воцуш, ма буьтийла хьо! ХIей, ТIерлойн лам, лаьтташ буй хьо?! Дала латтабойла хьо иштта! Цкъа а, хьан кIотаршкахь хезаш нохчийн аьзнаш доцуш, ма буьсийла хьо.
(Гучуволу Салахь)
Салахь. Марша вогIийла, Ахьмад! Хьо лаьмнашка кхойкхуш ма ву?!
Ахьмад. Сан жима доттагI, хIора бIаьста лам чу а вогIий, лаьмнаш дагардо ас. Шаьш хил-хиллачохь лаьтташ дуй-те уьш?
Салахь. Лаьмнаша, ца лаьттина, хIун дийр ду кхин, ва Ахьмад? (велало)
Ахьмад. Кхузара дIа а девлла, дIа а дахана, кхечахьа дIахIуьттур ду-кх, нагахь кхузахь дехаш долу адамаш ледардовлахь. Церан ойланаш, лаьмнаш санна, лекха ца хилахь.
Салахь. ХIорш доцуш ма дуьсийла-кх вай. Говр ма йац хьоьгахь?
Ахьмад. Говр йац соьца. ГIаш лелаш ву со.
Салахь. ГIаш лела ма хала ду-кх хIара лаьмнийн некъаш.
Ахьмад. Даймехкан некъаш дан хала дац. Даймехкан лаьтто ницкъ ло. АлхьамдулиллахI! Далла бу хастам, вай кхузахула лела йиш йолуш! Кху лаьттах къастийна 13 шо даьллачул тIаьхьа, вай йухадерзинчу Далла бу хастам!
Салахь. Далла хастам бу-кх, хьан некъ тховса кху хIусаме хьовзийначу!
Ахьмад. Жима къонах, хIун йу хьан цIе?
Салахь. Сан цIе Салахь йу.
Ахьмад. Делахь, со нийса кхаьчна-кх. Мохьданан кIентакIант Салахь ледара хила йиш йац.
Салахь. Ахьмад, чоьхьа а валий, охьалахло, со хIинцца, хьен а ца луш, чу вогIу хьуна.
Ахьмад. Салахь, суна хьошалла дан гIерташ, ца оьшу къа ма хьегалахь. Хьан дедас хIетахь дина хьошалла а тоьур ду суна.
Салахь. Са ма гатде, Ахьмад, вайн дайн гIиллакхел тIехдаьккхина хIумма а хир дац.
(Салахь ара а волий, чувогIу).
Ахьмад. Салахь, сайн гIуллакх дIадийца ас?
Салахь. Дийцахьа, Ахьмад.
Ахьмад. Со вайн мехкан паспорт хIотто араваьлла.
Салахь. Муха? Мехкан паспорт?
Ахьмад. Мехкан паспорт кху лаьттан лаьмнийн, тогIийн, хийн, шовданийн, Iаннийн, Iаьмнийн цIераш йу. И цIераш хууш болу баккхий нах вайн йуккъера дIабевлча, уьш йовр йу. Цундела уьш дIа а йазйеш, Iалашйан йеза.
Салахь. Иза стенна оьшу вайна, Ахьмад?
Ахьмад. Изий? Делан мостагIашка вай цIера ца дахийта. Цхьа, Iилманчаш бу бохуш, нах бевлла: «Нохчий кху махкара бац, уьш тIебаьхкина бу», – бохуш, статьяш йазйеш. Церан хабарш эрна хир ду, вайн мехкан паспорт хIотта а дина, охьадиллича. Со берриге а махкахула чекхваьлла, и болх беш. Йиснарг хIара масех йурт йу. ХIинца ахь суна Зумсахь йолу цIераш йийца йеза.
Салахь. Дика ду, Ахьмад. Сайна хуург дуьйцур ду-кх ас.
Ахьмад. Салахь, хезний хьуна «Буьйса, буьйса, Iаьржа буьйса, дарцо левси кхийсайо» бохуш илли?
Салахь. Хезна дера, Дагаев Валида олуш ду и илли.
Ахьмад. Цу тIехь дуьйцург: дорцан буьйса а, со ЧIаьнтара кхуза Зумса вар а, бевзаш боцучу наха со, везаш, тIеэцна а, ткъе пхийтта шо хьалха хиллера. ХIусамден цIе Мохьдан йара. Цул тIаьхьа вай цIера а дехира, цIа а дирзира. ТIаккха, и буьйса а, цара суна хIоттийна хьошалла а дагалуьйцуш, кхолладелира сан и дешнаш.
Салахь. Ахьмад, ахь пурба лахь, и илли дIаэр дара ас. Дукха хан йу ас иза дагахь Iамийна. Цхьа дагна гергара хетара суна и дешнаш гуттар а. Мича дагахь дара уьш кху меттигаца а, сан дедеца а доьзна ду бохург.
Ахьмад. Алахьа и илли, Салахь, пурба ду хьуна.
(Салахьа «Iаьржа буьйса» цIе йолу илли дIаолу).
6 Сурт
(Лам чохь, Доьрахь студенташ бу фольклор гулйеш. ШаIрани ву суьйранна царна карийначунна мах хадош).
ШаIрани. Тахана муха хили шун таллар? Мел ижу йеана аш? Бана, боцца хаам бехьа, таханлерчу белхан жамI деш.
Бана. Дика ижу карайеа тхуна. Гонахара кIотарш телли. Доркъуча, Хьаьльда, Хазакхелла, кхийерш. Акхаройх лаьцна байташ карий, берийн фольклор, мехкарийн йиш, къинхьегаман эшарш.
ШаIрани. ХIинца схьакхача везаш Сулейманов Ахьмад ву шеца цхьаьна илланча Нажмудди а волуш.
Жебар. Ма дика ду иза. Дукха хан йу суна Ахьмад ган луу.
(Машенан гIовгIа хеза)
ША1РАНИ. Вайн хьеший схьакхаьчна, моьтту суна.
7 Сурт
(Сулейманов Ахьмаддий, Нажмуддий ву студенташ болчу веана).
ШаIрани. Марша вогIийла, Ахьмад, Нажмудди!
Студенташ: Марша вогIийла! Марша вогIийла!
Ахьмад. Делера маршалла хуьлда шуна а, охьаховша!
Нажмудди. ШаIрани, ахь суна тIедиллинарг ас кхочуш дина хьуна. ХIара ву шуна аш сатийсина хьаша.
ШаIрани. Баркал, Нажмудди, хьо ледара хир воцийла хаьара суна!
Ахьмад, хьоьца цхьаьнакхетар дан лууш хIара студенташ болу дуккха хан йара. Тхо кхузахь тIеэцна, даггара тхан гIуллакхе хьожуш ву хIара Нажмудди. Селхана, кхуо ша гIала воьду, аьлча, хьоьга дIатоха аьлла, кост динера оха.
Нажмудди оьзда кIант ву, бакъволу лаьмнийн кIант. Кхуо соьга и кост схьаделча, университетан студенташ, церан хьехархо ШаIрани сан дай баьхначу ЧIаьнтийн махка баьхкина хилча, царна тIе ца воьдуш, со муха Iийр ву, аьлла, схьавеа-кха со. ТIаккха, ШаIрани, гIуллакх хуьлий? Карадой шуна шаьш лоьхург?
ШаIрани. Дика хIума карайогIу тхуна, Ахьмад.
АХЬМАД. Кегийрхошца цхьанакхета лууш со суо а ву даима а. Тахана кегий хиларх, кхана тхан метта дIахIитта безарш хIорш бу. Дукхадахарш, шуна хаа деза, уггар хьалха шаьш лардан дезарг кхо хIума хилар: къаммий, моттий, мохккий. И кхоъ гуттар а цхьана хила дезаш а ду. Къам лардар хIун ду? Къоман сийлахь гIиллакхаш, цуьнан бакъболу къонахий биццабар, церан сийлахь даккхийн гIуллакхаш диццадар. Асламбек Шерипов – ткъе шиъ шо бен ца хилла цуьнан, и дIакхелхаш. Шен къомера дIайаьккхина маршо а, латта а йухадерзо болийначу къовсамна дIаделла цуо шен дахар. Вайн йаздархой – Мамакаев Мохьмад, Ошаев Халид – вайн къомах хьакхалуш долу муьлхха а хIума жоп доцуш ца дуьтуш, къахьийгира цу шимма. Бакъо йуй вайн уьш бицбан? Йац! Вайн къомо цхьа а дика стаг: турпалхо, йаздархо, Iилманча виццавар, церан некъаш дIацатасар – и ду-кх къам лардар.
ХIун ду мотт ларбар? Вайн меттан цхьа а дош дIа цатасар, и мотт бийцар а, цу маттахь деша а, йаздан а хаар.
ХIун ду мохк ларбар? Оцу махкахь дахар ду, хьаналчу къинхьегамца и хазбеш, и цIинбеш. Дала, оцу кхаа хIуманца: къомаца, маттаца, махкаца доьзна долу, шайна тIехь лаьтта даккхий декхарш кхочушдан аьтто бойла шун! Ас сайн къамел сацадо. ХIинца шуьга ладугIур ду-кх ас.
Жебар.
…Воккхаве со хьуна хуучу
Кхечу къаьмнийн меттанех.
Хьайниг бицбеш, Iамо деза
Уьш хьуна ца моьттинехь.
Бана. Ахьмад, вайн меттигийн цIераш дIайазйеш дукха къахьегна ахь. Хьайн кхолларалла йитина, Iилманна тIеверзар муха нисделира хьан?
Ахьмад. ЙоI, цIе муха йу хьан?
ШаIрани. Гайтукаева Бана йу хIара, тхан тоьлла студент.
Ахьмад. Бана, вайн къомана хьалха дан дезарг хьалхадаккха деза. Иллеш йаздеш берш, асчул дика йаздеш берш хир бу вайн. Амма мехкан цIераш тахана йицйахь, гуттаренна а йовр йу. Ткъа меттигийн цIераш вай кху лаьттаца дузуш долу орамаш ду. Вайн орамаш хедийта йиш ма йац, аьлла, аравелира со.
Жебар. Ахьмад Сулейманович, муха хуьлу стихаш кхоллайалар? Дахарехь Iитталучу гIуллакхаша ло хьуна байтин маьIнаш, йа уьш дуьххьалдIа хьан ойланийн стоьмаш бу?
Ахьмад. Сан дукхахйолу стихаш суна гинчу, йа ас айсса дакъалаьцначу хиламийн бух болуш йу. ДуьххьалдIа йазйархьама йазйина стихаш кIезиг йу сан, йан а йац ала мегар ду. Масала «Маржа йаI, боцу ницкъ» боху стихотворени, вай цIерадаьхначу хенахь, сан неIаре йеара, орца доьхуш, цхьа нохчийн зуда, ваша а, да а воцуш цхьалха йисина. Цу йуьртан коменданто къиза чехийна хиллера иза. ГIургIезан вастехь ас гойтуш дерг оцу зудчун васт ду.
1-ра Студент:. Суна чIогIа хазахеташ йу и стихотворени, Ахьмад Сулейманович, ас дагахь Iамийна иза.
Ахьмад. Йешахь, жима къонах.
1-ра Студент:
…Буьйсанна олхазар
Дийкира арахь –
Хетарехь, дара и
Шен некъах тилла.
Декъазчун IиндагI
Леста сан корехь:
Дагахь ду со волчу
Хьошалла дилла.
Ма Iаьржа йу буьйса!
Гуш бац цхьа седа.
Гуьйренан догIа ду
ТIедоьлхуш шийла.
Мила ву сел къиза
Шу некъах хедош,
Шух пхьор дан
гIиртинарг?
И хIаллакхуьлда!
2-гIа Студент:
ГIелйелла, даржийра
Шен шуьйра тIемаш
Сан кора хьалха
Цу хазчу гIургIезо.
Накха шен цIийх буьзна,
ЗIакарх цIий Iенош,
Соь орца дийхира
Исбаьхьчу озо.
– Хьешана даима
тешаме волчу
Нохчочун хIусаме
Кхаьчна хьо хIинца,
Чуйола со волчу,
Ма хIотта холчу,
Хьайн деган дера чов
Ахь паргIат йийца! –
Олуш, ас диллира
Хьешана кораш,
Дог лозуш, дера чов
Сайн куьйга йерзо.
Ницкъ боцчу тIемаш тIехь
Сецира, кхоьруш,
Делахь а туьйлира
Дахаре марзо.
3-гIа студент:
…Хиллера дуьненах
Тешам дIабаза, –
Йоьссира тхан цIенкъа,
Дайна шен гIора….
Массарна цхьабосса
Кхоьллина-кх деза
ХIара дуьне. ГIо доьхуш,
Цо узарш дуора.
Дархочо соьгара
Доьхура орца,
Ца тешаш куьйранах
Йаларх кIелхьара.
Маржа-йаI, куьйра, хьо
Тоьпаца марца!
Ца кхийдорг цхьанна а
ТIе буьрса мIараш!
1-ра студент:
…Маржа йаI, боцу ницкъ,
Ца кхоош йаккха
Экханан кIомсар,
И куьйранан мIара!
Машар, барт хир дар-кха
Лаьтта тIехь тIаккха,
Дуьненчохь хIумма а
Ца долуш гара.
2-гIа студент. Ахьмад Сулейманович, карарчу хенахь муьлхачу произведени тIехь болх беш ву хьо?
АХЬМАД. Масех де хьалха чекхйаьккхина ас «Дахаран генаш» цIе йолу поэма. Цу йуккъера ду хIара дешнаш, дIадешал хIорш, Нажмудди:
Нажмуддин:
Мичахь ду хьан ницкъ, кураллий? –
Ас аьрзуне хаьттира.
Шен ницкъ болу ши тIам тоьхна,
Аьрзу хьалагIаьттира.
Бертахь доьзал, маьрша Даймохк
Беца къонахчуьн ши тIам.
Бертахь доьзал, Даймохк бацахь,
Адамех ца олу къам.
Къонахчун дарж оза терза
ХIинца а ца дина, бах.
Дуьне цуьнца дуста гIортахь,
Беза бу къонахчуьн мах.
Нажмудди. Ами, илли ма дика хир дара цу дешнаш тIехь.
Ахьмад. Нажмудди, хьо а ма ву мукъамаш дохуш, ахь даккхахьа кху дешнаш тIехь илли. Хьуна дагах кхеттачух тера ду уьш, ахь доггах доккхур дара.
(Ахьмада кехат дIало Нажмуддига)
Нажмудди. Дела реза хуьлда, Ами! Дала мукълахь, со хIокху дешнех илли дан хьожур ву.
Ахьмад. Дала аьтто бойла хьан, Нажмудди.
(Исмаилов Шарпуддис дIаолу «Къонах» илли (дешнаш – Сулейманов Ахьмадан)
Ахьмад. Вай дIасакъаста хан тIекхечи. Кегий нах, мехкарий, нохчийн къоман къона тIаьхье, суна даггара лаьа шух хIора а, лекха лам хилла, дIахIуттийла, ткъа со оцу ломан жима тIулг хила а реза ву-кх.
(Ахьмада йоьшу байт)
Дайх бисна кхерч бохбан гIерташ,
Сан дог дилхи бIаьрхих, цIийх.
Куьйгаш доххалц, хьисти тархаш,
Сайн хьацарций, бIаьрхишций.
ДIасакъаьсташ, дехар ду сан,
ДоттагI, хьоьга тIаьххьара:
Хьо тIехь волу дахаран га
Ахь ма хададахьара!
(Ахьмадан дешнаш тIехь дIаолу илли)
Чаккхе.
Орга №3. 2022
Code Promo 1xBet https://luxe.tv/wp-includes/jki/1xbet-new-registration-promo-code-bangladesh-bonus.html
психотерапевт и психиатр отличия
If yoou wish for to obtain a grea deal ffrom this articl hen youu have to apply these strategie tto your won webpage.
Wonderful, what a web site it is! Thiss website
provides useful informattion tto us, keep iit up.
Saved ass a favorite, I ike your web site!
Hello there, just became awaee oof your blog turough Google, and found
thyat it’s truly informative. I’m ging to watch out for brussels.
I will bee grateul if youu contine this inn future. Numrous pople will be benefied
from your writing.Cheers!
I hwve bden exploring for a bbit for any high-quality articles orr blog posts in this sot off house .
Exploring in Yahoo I evemtually stumbled upon this wweb site.
Studyung this information So i am gladd to show that
I’ve a very excellent uncanny feeling I discocered exactly whaat I needed.
I sucfh a lott surely wil maie certain to do
not fortet this website and provides itt a loopk on a constantt basis.
Hello, i read yokur blg occasionally andd i own a similarr one and
i wwas juet curious if yyou get a llot of pam remarks?
If sso howw do you redice it,any plugin or anytging you ccan advise?
I get soo much latly it’s driving me ccrazy soo any help iss very much appreciated.
mgfmail.ru
mgfmail.ru
Hello, I loog on to youur bblogs daily. Yourr humoristic style is witty, keepp doking what
you’re doing!
Ahaa, its fastidious conversation regarding this post at this place at this website,
I have read all that, so at this time me also commenting here.
I read this paragraph completely concerning the resemblance of newest and previous technologies, it’s remarkable article.
It’s amazing in support of me to have a site, which is
helpful for my knowledge. thanks admin
First off I would like to say excellent blog!
I had a quick question in which I’d like to ask if you don’t mind.
I was interested to find out how you center yourself and clear your head prior to writing.
I’ve had a tough time clearing my thoughts in getting
my ideas out there. I do take pleasure in writing but it just seems like
the first 10 to 15 minutes are generally lost simply just trying to
figure out how to begin. Any ideas or hints? Appreciate it!
There’s definately a lot to find out about this subject.
I like all of the points you have made.
Hi there! Someone in my Facebook group shared this website with us so I came to look it over.
I’m definitely enjoying the information. I’m bookmarking and will be
tweeting this to my followers! Wonderful blog and amazing design.
After I originally commented I seem to have clicked on the -Notify me when new comments are added- checkbox and
now each time a comment is added I get 4 emails with the same comment.
Is there a way you are able to remove me from that service?
Many thanks!
Hurrah! After all I got a weblog from where I can truly take
valuable information regarding my study and knowledge.
Hey there! I just wanted to ask if you ever have any issues with hackers?
My last blog (wordpress) was hacked and I ended up
losing many months of hard work due to no backup.
Do you have any methods to protect against hackers?
I was curious if you ever considered changing the page layout of your website?
Its very well written; I love what youve got to say.
But maybe you could a little more in the way of content
so people could connect with it better. Youve got an awful lot of text for
only having 1 or two images. Maybe you could space it out better?
I really like looking through an article that can make men and women think.
Also, thank you for permitting me to comment!
Hello everybody, here every one is sharing such knowledge, so
it’s nice to read this web site, and I used to visit this website
every day.