– Мухха даьккхина а, схьадаккха деза и журнал, – элира ЧӀирдига дӀасхьауьдуш хьийзачу сахуьлуседанхошка.
Амма вуьйш йа совцуш а, йа кхуьнга ладугӀуш а бацара. ОьгӀазвахара царна ЧӀирдиг:
– Шу ма чӀогӀа дӀасхьахьийза. Охьаховший, ойлайе вай?!
Шаьш, ойлайечу хенахь цхьана меттехь ца Ӏело, элира вукхара, шайн паччахьо дина шаьш иштта.
– Мичахь Iаш ву шун паччахь? – хаьттира ЧӀирдига.
Вукхара дийцира, иза Баьццарчу хӀорда йуккъерчу ЦӀечу гӀайри тӀехь йинчу кӀайчу гIали чохь Iaш ву аьлла. Амма цунна тIекхача хала ду, хӀунда аьлча, и гIала эзар бӀарлагIийн гӀаланашна йуккъехь лаьтташ йу. Хала ду бӀарлагӀех бакъйолу гӀала схьакъасто. ХӀинццалц цхьаьнгга а даделла дац иза.
Сахуьлуседанхой Баьццарчу хӀордан йистехь а битина, ЧӀирдиг ЦӀечу гӀайри тIe дӀавахара. ГӀайри тӀехула дӀаволавелла а валале, цхьа кӀайн гӀала гучуйелира. ТӀеведира иза цунна, амма, дӀакхаьчча, хӀумма а йацара. БӀарлагӀа хиллера. ТӀаккха шолгӀаниг гучуйелира.
Улле тӀекхаьчча, гӀала хиллачохь лаьтташ можа дитт дара, тӀехь сийна стоьмаш а болуш. КхоалгӀа гӀала гира цунна. Иза улле тӀекхаьчча а, къайла ца йелира. НеӀ схьа а йиллина, чоьхьавелира иза… Эццахь чухецавелла, цхьана кӀоргачу ор чу кхийтира иза, ткъа гӀала йуха а дӀайелира. Ор чу воьжна Ӏуьллуш, ойлайира: «ХӀинца сан доттагӀ Маьлха-Аьзни схьайелхьара, цо гӀо дийр дара суна».
И цунна дагадоггӀушехь, Маьлха-Аьзни йеана схьахӀоьттира.
– Хьалавала ор чуьра, ас гӀо дийр ду хьуна, – элира цо.
ЧӀирдиггий, Маьлха-Аьзний цхьаьний дӀадоладелира гӀайри тӀехула. Дукха хан йалале, гучуйелира шийтта кӀайн гӀала. Царах цхьайтта бӀарлагӀа йара, цхьаъ – боккъалниг…………………………………
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№2.2024)