ГАУ «Издательский дом»
Screenshot

ПАПАЕВ Хьамзат. Пхьар

Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, эзар шерашкахь шен тачанехула ма-баххара, тахана а анайистехь товжа боьдура, цхьана йуьртана тIехула баьлла, малх. Суьйренна тIаьххье, гила борз санна, тIетеIаш маьркIаже йара йуьртан йуккъехь йохк-эцарна билгалйинчу майданахь.

Мел берш а шайн сал-пал схьагулйеш, каде хьийзаш, гора. Базар дIайоьхна, шайн-шайн цIаберза дагахь, гуттар а текхна, цхьана хIуманна йе ойла коьртера йуьхь тIе а йирзина, чубузучу малхе хьажа эхь хеташ санна, бIаьргаш лаьтта боьгIна, ша йина масех шаьлта пхьарсан к1ел а йоьллина, ши-кхо уьрсан мIаьчиг буйнахь къуьйлуш, цIавогIура оцу йуьртахь цIейаххана аьчкан пхьар Элмарза…


– Ассаламу Iалайкум… Лергана аьхна зевне аз хезна, ша лаьтта боьгIначу бIаьранегIарш хьалаайдира Элмарзас. Тоьллачу духарехь гIеметтахIоттина цхьа стаг вайра цунна шена дуьхьал лаьтташ. ЦIена-сирла дара йуьхь-сибат. Моьттур дара цуьнан йуьхьсибато, бода къахкош, серлабаьккхина хIара вогIу некъ. «Суьйре дика хуьлийла хьан! Схьахетарехь, хьо ву ас лоьху Элмарза». «ВаIалайкум ассалам!

Далла везийла! ХIаъ, со ву Элмарза», – аьлла, денна аьчкаш вовшахдетташ, шаьлтанна харш доккхуш, болх бина дистина пIелгаш долу, чан-мода шех дIайоьлла Iаьржа, доккха куьг кховдийра цо. Ша совгIатна йала шаьлта йезаш веаний а хаийтина, йолчарах тоьлларг хоьржуш лаьттара, схьагарехь, хьалдолуш волу стаг а, шен белхаш гойтуш лаьтта пхьар а.


Могуш-паргIат хаттар а доцуш, кхаьршиннан къамел а дохош, веана, тIехIоьттира оцу йуьртара аьчкан пхьар Жалмирза. Эмгараллица, Элмарзах а, цо бинчу балхах цавашар гойтуш, долу а, доцу а кхачамбацарш леха вуьйлира иза. Эца веанарг шена ваккха гIерташ, сонта кеп хIиттайора Жалмирзас.


Хьешан буйнара шаьлта схьаоьций, дIасахьовзайора: «Хьажал, йозалла нийсачу барамехь йац», йуха шаьлтанан йохалла бIаьрг а тухий: «Шун йуьртара араболу некъ санна, хьоьвзина го суна», – олий, велалой, тIетухура. Цо до къамел шена ца товчу Элмарзас Деле собар доьхура. Йуха а, цо дош мел олу, кийрахь цIе марсайуьйлуш буйнаш а деш: «Хьажахьа, хIай боьха экха, хьо воллу соьгара гIалат даккха?!

Хьо ненан кучан йух лаьцна бен кога ца хотталучу хенахь дуьйна ву со пхьола деш. Хьайн дедоцург ма дийца!» – аьлла, катоьхна, буйнара шаьлта схьа а йоккхуш, агIор дерзийна, куьг ластош, дIачовхийра цо эхь доцу Жалмирза. ТIевеънарг мел машар бан гIортарх, гIуллакх ца хуьлуш, даьлла дов генадаьлча, цавашаран къажар йуьхь тIера дIа ца доккхуш, вистхилира Жалмирза: «ХIокху майданахь мел верг теш а хIоттош, къовсий ахь соьца говзалла?».


– ДIадала, къутIа! Хьо хIун йу суна, хьоьца къийса?» – элира Элмирзас
– ЭхI, хьо кхералург хилча, вола а стенна велла хьо?» – аьлла, жоп делира Жалмирзас
– Хьажал делахь, нисса бутт хан йу хьуна.

ХIокху меттехь, хIара нах теш болуш, хьо Iайг-мIарий дан бен кхин воцийла ас хоуьйтур ду хьуна. Вало, хIинца дIавала суна гучуьра!» – элира Элмирзас. ЧIогIа дог даьттIа, воьхна кхин тIевеанарг тергал ца веш, цIа вахара Элмирза. Ша бина болх гайта, Iадийна лаьтта тIевеанарг а эцна, Жалмирза а вахара……………………………..

ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.