ГАУ «Издательский дом»

МАКАЛОВ Шамсудди. Аганан илли

Хьоме бераш! ХIокху шарахь 80 шо кхочур дара йаздархочун Макалов Шамсуддин. 2020 шарахь бакъдуьнене дIакхелхина иза, Дала гечдойла цунна! Макалов Шамсуддин доккха гергарло дара «СтелаIад» журналаца, шуьца, тхан кегий доттагIий. Шамсуддис йазйина хилла туьйранаш, дийцарш, байташ йезаш тIе а оьцу, берийн самукъа а долу царах. ХIунда аьлча, цо уьш доггах, бераш дезаш, уьш кхетаме, хьекъале, комаьрша, къинхетаме кхиа сатуьйсуш йазйина дела. Макалов Шамсуддис берашна лерина йазйина ца Iара, цо йазйина баккхийчарна повесташ, пьесаш, стихаш. Жимчохь дуьйна йаздархо, журналист хила Iалашо йолуш вара Шамсудди, амма шен ден лаам кхочушбеш цо лоьран дешар дийшира, цул тIаьхьа махкахь вевзаш лор хилира. Амма йаздархочун болх ца битира Шамсуддис. Цо арахецна иттех прозин, поэзин берашна леринчу говзарийн киншкаш, жайнаш. Шен дахаран тIаьххьарчу ткъа шарахь Макаловс дуккха а къахьийгира берашна лерина стихаш, дийцарш, туьйранаш, пьесаш йазйеш, уьш арайевлира «СтелаIад» журналехь, «Маьлказан йиш», «БIаьстенан аьзнаш» цIерш йолчу гуларшкахь. Макалов Шамсуддин цIе даим йехар йу нохчийн литературехь, цо вайна дитина исбаьхьа совгIаташ.

АГАНАН ИЛЛИ

Нана – илли аганан,
Дуьххьарлера дош.
Нана – кочар безаман,
Серло – д1а ца йовш.

Нана – сирла беттаса,
Нана – дашо малх.
Цо бераллехь хьестаза
Цхьа а ма вац вайх.

И синтеме хилийта,
Ас къахьоьгур ду,
Иза ирсехь йахийта,
Муьлхха хало ловр йу.

Стела1ад №1. 2022

2 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.