ГАУ «Издательский дом»

УМХАЕВ Хьамзат. Дай боцуш дисинчу лаьмнашкахь

Хууш ма хиллара, нохчийн къоман истори даима а лаьмнашца йозаелла хилла. Вайн ширачу дайн меттамотт а, йаккхалун йоцу чӀагӀо а хилла лаьттина уьш массо а хенахь. И чӀагӀо йаккха ца йелира цӀарматашка а, хазарашка а, монголашка а, АстагӀчу Тимаре а. Амма, шаьш къобал а дина тӀеэцначу большевикийн Ӏедало йамартло йира шех тешначарна. Хьеший санна массо а йуьрта а, керта а баьхкина, харцонца, йоцу цӀе а кхоьллина, шайна дан гӀертачух кхетта бовлале, лаххьийна махках бехира нохчий. ПаргӀат даха а, Ӏан а рицкъ луш йолу аре а, бохам хилча шаьш дӀахьулдеш хилла лам а дӀа а баьккхина, Йуккъерачу Азин гӀамаршкахула дӀасакхиссира уьш.


Делан къинхетам а хилла, 13 шо даьлча, хийла мацалла, шелонна, гӀелонна деллачу шайн дайн-нанойн, йижарийн-вежарийн даьӀахкаш цигахь а йуьтуш, шаьш оццул сатийсинчу ДегӀаста йухабирзира нохчий. Амма, ламанийн районашкахь Ӏийначу нахана, Даймахка бирзича а шайн цӀа берза бакъо ца йелира Ӏедало. Хаара цу Делан мостагӀашна вайн чӀагӀо ламанца йуьйла. Дуьне ма-дду, аьтто баьл-баьллачохь, аренца дӀатарбала дийзира ламанхойн.
Шайн цӀаберза йиш йоцуш бисинчарех бара ГаланчӀожан районера бахархой а. Шаьш дина а, даьхна а йолчу йарташка йухадерзаре сатуьйсуш белла дӀабевлла царех дукхахберш, ткъа аренца кхиъначу церан тӀаьхьенашна, наггахь воцчунна, шайн ирс-аьтто ламанца ца го, дайн шира кхерчаш меттахӀиттор тӀаьхьало йолуш ца хета.

Ткъа токхе, никх санна беркатах буьзна болу, ламанийн мохк, вала да воцуш, дӀатесна лаьтта. И шадериг гуш, къаьхьачу узаршца екаш хета къоьжа Кавказ:
«ХӀей! Шу турпалчу дайн кӀентий! Шу хӀунда девлла иштта сутар-саьхьар дуьне гулдан – деший, сискал – ткъа цхьа а хӀотто мах боцу сан сийлахь-йоккха хазна аш хӀунда ца тергалйо? ХӀунда ца оьцу аш соьгара сирлачу, майрачу дахаран масал, паргӀатонехьа болчу къийсаман лекха лаам, турпала хьуьнарш?» Амма ламанийн лекха кхайкхам, дуьхьал вист хуьлуш стаг воцуш, къарлой, бужий дӀабов.
Доккха х1ума ду-кх, дерриге а дуьне девзачу вайна, вешан ворхӀе дайх бисна, куй биллал бен боцу, мохк ца бовзар! Ткъа, девзаш доцу хӀума сих-дагах ца кхета, хийра хуьла. Цундела, Ӏаламат маьӀне ду – нохчийн орамера тайпанаш схьадевлла ламанийн мохк нахана бовзийтар, уггаре хьалха вайн вешачарна.


Вуно мехала болх болийна цу декъехь «Евзаш йоцу Нохчийчоь» цӀе йолчу тобано. Цара нохчийн лаьмнашка Ӏилманан-талламан а, мохкбовзаран а экспедициш вовшахйетта. Хьалхарчу экспедициша Нашхахь талламаш бинехь, хӀинца талла леринарг – ГаланчӀож яра.
Нашха а, ГаланчӀож а Ӏаламан хазаллица а, тайп-тайпана нохчийн къоман материальни культурин хӀолламаш – бӀаьвнаш, гӀаланаш, маьлхан кешнаш – хиларца а уггаре токхечех йу республикехь. Дукха къахьега а ца дезаш, масех гӀаш а, говрашца а йолу маршрут тахана а схьайелла аьтто бу кхузахь.
Экспедицехь дакъалоцуш бара Нохчийн пачхьалкхан университетан географически факультетан а, Аргунски историко-архитектурни а, Ӏаламан а музей-заповедникан а, «Грозный» телеканалан а, альпинизман федерацин а белхахой а, ламанца йолу меттигаш дика йевзаш болу вайн махкахой а. Верриге а – 14 стаг. Экспедицина информационни кхачо йар «Грозный» цӀе йолчу Нохчийн пачхьалкхан телерадиокомпанис шена тӀелаьцнера.
Билгалдаккха деза, хӀара болх Нохчийн Республикан куьйгалхочун лаамца болийна хилар. Хууш ма хиллара, Кадыров Рамзан вайн лакхахь йийцинчу йукъараллин республикански отделенин Iуналлин советан куьйгалхо ву.


Гихтан эвлайистехь, ГаланжӀожа боьду некъ болалучу меттехь вовшах а кхетта, ламчу боьду некъ йуьхьарлецира экспедицин тобано. Кхузара дӀа 63 километр некъ бу Галайн-Ӏомана тӀекхача бан безарг. Цунах ах гергга – гӀаш.
Ала деза, 1970-гӀа шераш кхаччалца ГаланчӀожа боьдуш, машенан некъ-м хӀунда буьйцур, говр-вордан некъ а хилла ца хилар. Нохчий 1944 шарахь цIера баххалц районехь Ӏашболчу нехан цхьадолчу сурсаташца кхачо йар, Шалажера дуьйна говрашца а, бӀарзашца а хилла. Цунах лаьцна шен книги тӀехь йаздо Нохчийчохь дика вевзаш а, лоруш а волчу Русин Василийс.


Кхуза богӀу некъ, Советан 1едал доххалц кӀезга-дукха доладеш хиллехь (Хьалха а, ТӀехьа а Мартан районашкара совхозийн даьхни аьхка ламчохь дажадора), хӀокху тӀаьхьарчу 20-х шарахь «Терхе» олучу меттера хьала куьг тоьхна бац.
Готтар чӀогIа бохийна иза тӀаьххьарлера тӀеман шерашкахь. Ракеташ а, бомбанаш а йиттина тӀулган ломах баьккхина некъ, массийтта меттехь хадийна Ӏинах чубахна. Кадыров Рамзанан омрица 2010 шарахь тобан болийра иза. Гихтара дӀа Роьшничуьра лакха эвлайисте кхаччалца – асфальтан керла некъ биллира. Цигара хьала, «Терхе» олучу метте кхаччалца, жагӀа а бухкуш, тобира. Кхин дӀа беш болу болх, керла проект а йаьккхина, тӀулган лам а лоьлхуьйташ бан безаш хиларна, цхьана ханна сацон бийзира.


Машенашкахь экспедицино бан лерина некъ, дагахь а доцуш, жимма бацбелира. Муьшичуьра хьаладевлча, цхьанхьа-шинхьа меттигаш текхна а хилла, гӀаш даха дезаш хилира тхан.
Амма экспедицин декъашхой и болх кхин халахеташ а бацара. Тхо хӀинца хьаладоьлху меттигаш инзаре хаза йара: дехьа а, сехьа а баган хьун йаьлла тӀулган тархаш, чу хьаьжча бӀагор а богӀуш, цхьа бӀе метр гергга кӀорга Ӏин, цу чохь, даккхий тӀулгаш а керчош, сахаьдда догӀу Гих, хӀаваэхь хӀинцца зазадаккха тохаделлачу хьехнийн тамехь йолу хьожа, тайп-тайпанчу олхазарийн зевне эшарш.


Ши Гих (Нашхара а, Аьккхара а догӀу) вовшахкхетачу Терхе олучу меттигера аьчкан тӀайн тӀера дӀа цхьа километр гергга некъ хаьдда охьабахна бара.
И йукъ хичухула йаккха езаш хилира. Уггаре халчех некъан кийсиг йара иза тхан маршрутехь. ТӀулгийн тархашна йуккъехула, хьерадаьлча санна, йоккхачу гӀовгӀанца догӀу Гих, хин тогӀе мел йу Ӏоьхку даккхий тӀулгаш, паргӀат цхьа ког баккха а йоцу меттиг. Амма оцу меттигах, некъан хьовзам ца хуьлуш, дика чекхдевлира тхо.


Терхе йолчуьра генадовлале, лам эккхийтина охьатекхначу бердо ГаланчӀожара охьадогӀу Гих (Осу-хи а олу цунах) дӀа а къевлина кхоллабелла хиллачу Ӏома тӀе кхочу. И Ӏам ГаланчӀожа боьду некъ боккхуш коьртехь хиллачу Хьасан цӀе йолчу стеган цӀе тиллина бара. Тахана, хи сацийна йолу дуьхьало бомбанаш йиттина йоха а йина, охьабахна дӀабаьлла иза.
Ӏам лаьттанчуьра дуьйна некъ, лаьхьа санна хьийзаш, Верга-ломах хьалаболало. Кхузара вуно хаза го гуонахьара меттигаш.


Ломан буьххье кхаччалц хаддаза ирах болу некъ хӀокху сел чолхечу маршрутаца хьалабигар, схьахетарехь, Нашха оцу некъана йуьстах ца йитаран Ӏалашонца хилла ду. Нашхарчу ТӀийста а, Хьайбаха а хӀокху некъатӀера охьавоьду.
Ткъа шарахь сов куьг Ӏоттанза болу некъ йерриг хьун а йаьлла лаьтта. Цхьана хенахь некъ тобеш хилла трактор, да воцуш а йисна, йохийна къухла йахна лаьтта некъан йистехь. ТӀамна йуьстах ца бисна хӀара мохк а. МаьӀ-маьӀӀехь Ӏоьхкуш карайо тайп-тайпанчу тӀеман гӀирсийн коьчалш.
Нартолна (аркина) тӀекхачале ирахбогӀабелла лаьттачу боккхачу тӀулгах «Кура тӀулг» олу. Схьахетарехь, лекха хиларна а, ша цхьалха хиларна а аьллачух тера ду иза цунах.

Нашхара ТӀийста боьду некъ дӀакъаьстачохь дуьххьара гучуйолу арка. Уггаре хазачех меттиг йу иза кху новкъахь. Кху меттигех хьалхе «ШолгӀа Ӏуьрг» олуш хилла. Йохо кхоам хеташ, некъ боккхучу хенахь леррина, машенаш кӀелхула йовллал, шор а йина йитина хӀара.
Аркел жимма хьалаваьлча, некь Верга-ломан къилбехьа, Нашха йолчу агӀор, болу. Ломан когашкахь Ӏохкуш йолу ТӀийста а, Хьайбах а, жима дехьа Гих йистехь йиллина йолу Моцкъара а вуно дика схьаго кхузара.


ХӀинццалца дукха тӀех ирах хилла некъ, гӀехьчул аттача болу. Кхин дӀа, 2015 метр лекха болчу Верга-ломан буьххье кхаччалц, йаккхий ирхенаш йац.
Нашхий, ГаланчӀожжий йоькъучу Верга-ломан буьххьера Ӏоман тӀе боьду некъ хаддаза охьанехьа бу. Некъо гола моссаз туху, хӀинций-хӀинций Ӏам гучуболу-кх, бохуш, сахьийзаш, дикка охьадоьлху тхо.

Эххар а, некъо рогӀера голатухучохь, оха шега оццул сатийсина Ӏам, керайуккъехь санна, схьагучуболу тхуна. Ӏоман а, гонахьарчу ламанийн а хазаллех ца Ӏебаш, тхешан кӀаддалар а дицлой, дехха лаьтта тхо, оцу Ӏаламатан массо а агӀор суьрташ а дохуш.
Цул тӀаьхьа, цхьана сохьтехь, бода болале, Ӏомана гена доцчу цхьана дохийначу цӀенна уллехь цӀе а латайой, буьйса йаккха совцу тхо.
Тахана дийнахь мел гинарг карладуьйлуш, бехха Ӏа экспедицин декъашхой цхьацца дуьйцуш. Делахь а, тхешан кхоччуш кӀадделлачу догӀмашка са ца даӀийтача ца даларна, тхешан дуьжу галеш чу довлу.


ГаланчӀожа дӀакхаьчна, цхьа Дела хьаьжна, хаза деъначу шолгӀачу дийнахь, дуьххьара Ӏоман йисте кхечира тхо. Горга, 450 метр беха а, 400 метр гергга шуьйра а болу Ӏам гуобаьккхина эрз а баьлла лаьтта. Цу йуккъехь, Ӏуьйренан тийналла йохош, сацар доцуш, пхьидарчийн йекар хеза. Ша Ӏам хӀордан хӀоттамал 1500 метр гергга лакхахь Ӏуьллуш бу. Кхуьнан кӀоргалла, Ӏилманчаша дийцарехь, 30 метр сов йу.


Ӏоман экъан тӀехь, куьзган чохь санна, вуно хаза схьаго стиглара мархаш а, гуонахьара лаьмнаш а, хьаннаш а. Йукъ-кара, чӀеро цӀога тоьхча, хи тӀехь гонаш хӀуьттуш хаало.
Вуно хаза ду Галайн-Ӏам кхоллабаларах долу шира дийцар. Цхьана хенахь ГаланчӀожана малхбузехьа Ӏуьллу Ялхарарчу Ӏамка олучу меттехь хилла бохуш дуьйцу и Ӏам. Беза-боккха, сийлахь лоруш, цӀена доцчу массо а хӀуманах ларбеш хила иза наха. Цкъа цхьана оьзда йоцчу жимачу зудчо шен берийн хӀумнаш йиттина Ӏоман чохь. ТӀаккха, шурула кӀайн, цӀе ши бIаьрг а болуш, Ӏаламат боккха сту хилла цу Ӏомах. И сту болабелла, ГаланчӀожний, Ялхарний йуккъера тӀулган лам а хадош (и лам цуо хадийна меттиг, церг-ков санна, тахана а билгала йу), хӀинца Ӏам лаьттаче сехьабаьлла. Цу хенахь цигахь наха лелош кха хилла. Цу кха тӀехь охуна деш волчу шина кӀанта шайн дега и сту дӀабожийта шайга аьлла. Дас ца магийна царна иза дан. Амма шина кӀанта, шайн да дӀа а вахийтина, дӀабоьжна иза. Охуна деш кхозлагӀа го болалуш, хьацарах санна, жим-жимма Ӏийда болабелла сту. И гуо чекхболуш, берриг баша а бешна, Ӏам а хилла, дӀахӀоьттина иза, и ши кӀант буха а хьош. Иштта кхоллабелла бохуш дуьйцу Галайн-Ӏам вайн баккхийчара.

Ӏома йистехь лаьтташ цхьа шира тӀулган экъа йу. Иза, кхузахь баьхначу наха дийцарехь, шен говр лийчо чуваьлла, хиэ бухаваьхьна веллачу стагна боьгӀна бу. Цу тӀера Ӏарбийн терахьашца йаздина йозанца лерича – 122 шо хьалха хилла иза.
Тамашийна хӀун ду аьлча, тӀера дӀадоьдуш а доцуш, хаддаза тӀеоьхуш масех шовда долушшехь, буьзна шен кедара араболуш бац хӀара Ӏам. Мацах и болх зен дагахь, аьхкина цунна тӀера харш а даьккхина, хи охьадахийта хьаьвсина кхузара нах. Амма цунах гӀуллакх ца хилла церан. Харш кӀарг мел до а, лахлуш охьабоьдуш хилла Ӏам.


Нашхаца а, ТӀерлаца а, Аьккхаца а, Ялхараца а бозуш болчу Галайн-махкана чуйогӀуш масех йурт а, кӀотар а хила: Акха-Баса, Эсалашка, КербетӀа, КербечӀа, Ӏамие, Кхоьрга, Мочча, ЧӀуша, Очакхе. Оцу йарташкара схьабевлла лоруш бу тахана Нохчийн а, ГӀалгӀайн Республикашкахь бехаш болу орстхойн тукхамах болу цхьаболу нах. Царех цхьаъ йу ГаланчӀожара «Бурги гӀаланаш» олу меттиг. Кхузахь бехачу наха шайн цхьана бӀаьвнан пенах «боьлху кхера» олу адаман йуьхь-сибатехь болу тӀулг боьллина боху. И тӀулг йуккъехь болчу бӀаьвнах «Биелх-кхера бӀов» олуш хилла цара. Нохчийн къоман орстхойн тукхуман белхаройн тайпа схьадаьлла меттиг лоруш йу иза. Кхоьрга цӀе йолчу йуьртара схьабевлла бохуш дуьйцу, масала, КориговгӀар.


Галайн тайпанах болу нах схьабовлар Акха-Баса олучу йуьртара ду. Вевзаш волчу йаздархочо а, этнографа а Сулейманов Ахьмада дийцарехь, «галай» боху цӀе кхоллайалар гӀажарийн «гал» – «сту» бохучу дашах ду. Схьахетарехь, эрна дац Галайн-Ӏам кхоллабаларан шира дийцар старца доьзна хилар. Турпал Чонин, Турпал Садин, Турпал БӀехойн, Устархан, цхьамогӀа кхин а гӀаланаш а, бӀаьвнаш а хилла кху йуьртахь. ХӀинца царех херцарш бен ца йисна.
Акха-Басана къилбехьа йолчу йуьртах Эсалашка олу. Хьалха заманчохь кхузахь хиллачу шозза-кхузза тӀекӀел йиначу Дошлакъийн, Хасболатан гӀаланех лардаш бен ца йисна.
Ӏомана гена йоццуш Ӏуьллуш йолчу Ӏамие олучу йуьртара «ГӀала йегӀача» олучу меттехь хӀинца а йохонза лаьтташ йу кхузза тӀекӀел йина тӀулгийн гӀала. Жимма дехьа, кхаасонарчу жайнех терачу Мизар-коьртан когашкахь, Мочча цӀе йолчу йуьртахь хиллачу гӀаланийн херцарш Ӏохку.


ГаланчӀожарчу лаьмнех къаьсттина шена тӀе тидам бохуьйтуш бу Мизир-корта. Цуьнан буьххьехь нохчий Ӏеса динехь болчу хенахь хиллачу цӀуйн гӀишлойн баххаш ду дисна хӀинца а. ТӀаьхьо Мехкан Кхел а гуллуш хилла бах кхузахь. «Мизир» бохург, Сулейманов Ахьмада йаздарехь, вайн ширачу дайн «Дикачу белхийн Делан» цӀе хилла. Бан хьакъ болу талламаш кхузахь бича, нохчийн ширачу исторех дийца дукха хӀума хир дара Мизир-коьртан.
Сарахьо, дагахь а доцуш, къилба-малхбузера, Кей-махкара, марханаш а хьаьвдда, дог1а доладелира. ЦӀе а латийна, сихха тхаьш кечйинчу кхалор кӀела ловчкъа дийзира тхан. Кегийчара чайна а, жижиг даттарна а кечам бешшехь, полиэтиленан пленкех биначу тхевна тӀедетталучу догӀан тӀадамийн синтемечу гӀовгӀанехь нохчийн исторех лаьцна къамелаш дуьйладелира.


Буса сахиллалц хаддаза тӀеихна догӀа, сахилча а ца тийра. Кхин цхьа де а кхузахь даккха лерина хиллачу экспедицин декъашхойн бухаберза барт хилира. Тхаьш Ӏийна меттиг дӀа а цӀанйина, тоьрмигаш ги а тоьхна, тхов тӀерачу пленкех тхаьшна кхалораш а йина, тхо цӀа дахка новкъа девлира.
Цхьа сахьт даьлча догӀа, жим-жимма лахлуш, сецира. Мархаш хьерчачу лаьмнийн шатайпа хазалла хуьлу. Цу хазаллех даккхийдеш, кест-кеста сеца а соьцуш, суьрташ а дохуш, ши де хьалха оха охьабиначу новкъа хьалаоьхура тхо.


Дагахь а доцуш, некъо голатухучохь, цхьа-ши бӀе метр генахь, цхьаъ санна шиъ ча гира тхуна. Шайна туса а ца луш, дикка герга кхаьчна адамаш а хааделла, шен ког ма боллу дӀаэккха цу шиннех жимахйерг. Ткъа йоккханиг, сила йолчу шена кхерайелла йадар дола хеташ, сих ца луш, паргӀат цунна тӀаьхьа дӀагӀертара, наггахь тхоьга йуха а хьожуш.
Ала деза, кху махкахь, адам тӀе кхочуш а доцуш, массо а тайпана акхарой йаьржина хиларх. Иштта, экспедицин декъашхошна черчий гина ца Ӏаш, мосуьйттаза масарш а, лунаш а, акха котамаш а, нохчаша байтӀакусказ олуш йолу тетереваш а хааелира. Цул совнаха, кхузарчу ламанийн басешкахь тайп-тайпана зезагаш а, вуно дукха дарбане бецаш а яра: хьалнаш, цхоцмаш, бӀарзолгаш, кӀалхьанаш, шишингаш.
ДогӀа а деъна, кхоччуш цӀанделчу хӀаваэхь хьалхачул а хаза го Галайн-Ӏам а, гонахара лаьмнаш а. Ӏоман Ӏодика ца йалуш, дехха лаьттира тхо цуьнга йух-йуха а хьоьжуш.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.