ГАУ «Издательский дом»

АЛИЕВА Зарина. «Дийцахьа хьайн деган хабарш…»

Дуьненчохь тIаьхьарчу заманахь гушдолчу ирчачу суьрташа Iадаво: яьржаш йолу къизаллаш, дIабоьлху тIемаш, мехкаш дIалоьцуш, хIаллакдеш адам.


И дерриге гуш долуш, кхаьънаш хеза: техникин прогресс ю дIайоьдуш, цивилизацигахьа адамаша кхиамаш бохуш. Массо ваха, ца вала кечвелла, сих ваьлла, хьаьддий, веддий ву, дуьне карадерзо, толам баккха гIерташ. Дог, са, боху синмехаллаш хьаьшна, хьулйина. Амма йоькхано дакъдина, даьттIачу лаьттара, цхьанхьара боьжначу хин тIадамо зIийдиг хецийтина, малхе кхевдинчу зезаго, хьан са юхадерзадо, ойланаш меттахйоху. Оцу зезагах терра ю хаза ойла.

Хазачу, Дала дика диначу адамаша бен кхолла йиш яц, адамийн дегнашка кхача йиш йолуш йолу сирла ойланаш: «Хьан серло хьуна, аьлла, яц-кх, ахь кхечунна елларг бен, кхечо хьуна ма-яллара… декъашхо воцучу ирсах ирсе а мила хилла-кх…» (Бексултанов Муса) Дала шена делла дика – похIма хуьлийла иза, синхаам я цIена ойла – декъахо воцуш хила йиш яц, шена гондхьадерг къаго, денда луш ю и серло. «Хазалла массеран а ю» (Бексултанов Муса).
Хазачу ойланаша ваха дог доуьйту, сатийсам кхуллу: хIан-хIа, дIа ца даьлла дерриг а, долуш ду, хир ду, теша веза. Теша веза адамех, цIеначу ойланех, дерриг дика хиларх.


Эльдин Микаила, яздархо, поэт, гочдархо сан гергара стага зIе туьйхира соьга, «Орга» журналана керлачу цIарца совгIат дан лаьа шена, аьлла. ЧIогIа дика, поэтически ойланаш йовзуьйту хьуна ша, автор Самира Бено, Иорданера яхархо ю.


Хазахийтира, журналан авторийн географи шорлуш хиларх. Схьакхечира йозанаш. Дийшира, аьлча а, тIеххула бIаьрг кхарстийра, ойла а кхоллалуш: «Юха а хIара безамаш… зударшна кхин хIумма а язъян хаа а хаьий-те, безам боцчух ойла ян а йой-те?», – аьлла, юьстах дехкира.
Цул тIаьхьа дикка хан елира. Цкъа айса дешна йозанаш дагадаьхкина, юха а схьаийцира.

Боккъал дийшира, хIор а аз, элп, дош – поэзи, исбаьхьалла, сих юлуш аьхна цIеналла, шен цIена ойланаш ма-ярра дIаязйина, цхьа атта, ницкъ ца беш дешнашна а, шен ойланашна а, амма даггара, са маьрша, паргIат а дуьтуш, цундела юххера, хIоранна а: «Сайн ницкъ кхаьчча, вайшинна юккъехь петIамат-зезагех тIай туьллур дара ас.
Юьхь – хьо волчахь, ткъа чаккхе со йолчохь а йолуш.


ТIе яздина: «Дихкина ду, полларчашна бен, кхечунна юххе ваха, я тIехула дехьа-сехьа вала!».
Безам – шина стеган ирсе къайле, шина стага вовшашна туьллуш долу тIай; полларчий, зезагаш санна, экаме ойла…


Безаман а шен цхьа хан ю, аьлла хета, – бIаьсте, даима хьо синъайамехь латтош волу, хIора мел догIу де малх кхетта догIуш – жималла, къоналла, хиш шайн бердашкара довлу хан. И хан дIалестича, ваха Iемича я Iамийча, дахар беса доьрзу, сатийсамаш лагIбелча, хиш шайн хорша доьрзу… Амма цхьа ойла я ойланах хилла мукъам, цкъа цхьана хенахь хьан са хьистина, хьуна хезча я хаабелча, дог тохало, дерриг а карладокккхуш. Самирин ойланаша дагалецамаш карлабоху, хьан деган бIаьсте юхакхуллуш, безаман хан а, доза а, юьхь а, чаккхе а цахиларх тешаво. Хазаллех, цIеналлех кхиаво.


Бексултанов Мусас безамах иштта аьлла: «Хазалло кхуллу гIайгIа». Самирин ойланаш евзича, тIаьхьаюьсург «хазалло кхуллу гIайгIа» ю, вайца даима ехаш йолу синкIоргенехь. Дала тIаьхье беркате йойла, хьан, Самира! Марша йогIийла хьо, «Орга» журнале!

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.