ГАУ «Издательский дом»

ПЕТИРОВА ПетIмат. Дийцарш

Ца хезнехь а мегар дерг…

Шовзткъе итт шо кхачаза хир яра и, ша шена кура-коча ю а моьттуш, амма тIехьаьжча сонта-дера зуда. Маршруткин неIарх корта чу а къадийна, и чухьожжушехь тосаделира, цо ша сиха дIасакхарстийнчу бIаьргашца тхан «меттиг» а, шен «роль» а билгалйиний. Иза – эла, тхо – цунна хIуьттаренна, тхайн ирсана, цуьнца цхьаьна некъ бан кхаж баьлларш! Суна уллера меттиг дIалаьцна и охьахиъча, айса доьIу са а цахаззал гIелъеллачу сан хьолана бIостанехьа дара цуьнан ша-шех тоам бина, доккха са а даьккхина, яьIна аркъалтуьйсуш дIасахьийзар…
Маршруткин чоь оцу минотехь дIалецира бIаьргана хаа а ца луш, амма синна Iаткъам беш, дог охьатаIош йолчу мархано (оьрсаша-м «аура» олу моьтту суна цунах)


«Делахь, ма товш яцар-кха хьо тхоьца некъ беш», – аьлла ойла сан коьрте эккхашехь, кисанара хьалаяьккхинчу телефон тIе шозза пIелг а хьаькхна, мохь тоьхна дIадовзийтира ша ларамза тхоьца нисъяларан бахьана:
– Маршруткица цIа яха новкъа ели, хIара зуькарехь саца дезаш а хилла! Дог ца деара сан цига дIасакъерзаш Iан! СагIех кхета аьлла хьовзийча, церан чорпа кегон а! Цхьа бахьана хьовзийна, цигара схьавала хьекъал кхуьнан а кхочур дац! Цундела иштта атта хета-кх!
Маршрутки чохь эла хилла ца Iаш, доьзалан мукъ хьенан карахь бу а шера гуш дара…


Ша атта а хоьтуьйтуш, сагIехь тIаьхьасецначу кхуьнан цIийндех гIеххьа къа а хеташ, тховса цIа ца ван а йиш хир яц-кха цуьнан бохуш Iачу суна карладевлира, бераллехь хатта а ца хоттуш тхаьш цхьанхьа дахча я даханчуьра схьадахка ца кхеташ хьеделча, чукхачале лелош хилла «бозбуанчаллаш». «Месех кхо шад бича, дов ца до», «исс къулхIа дешча, дов ца до», «куьйга тIе жайна дуьллу сурт хIиттош, салават диллича, дов ца до», кхин а масане дара тхан и «дарбанаш»… (Тамашийна дерг, баккъал а, дов ца деш, дIадерзар дара!)
ШолгIачу дийнахь месаш шаръян хиинчу дейишин цецйийлар дагадеъна, Дика-Децига болчу йистйоцучу безаман йовхоно елакъажар а деара суна…» хIара шеддаш ша-шаха хуьлу-кх хьан месех…суна гина хIума дац хIара» – бохуш, леррина уьш достуш йоллура и, улле нисъелча денанас «ийза а ца еш, шаръе», олий, цо дийриг меттахь а ца дуьтуш…
Мерах шок а етташ, телефон тIе пIелг хьокхуш, лере лоцуш, сийсаш Iачу «эла-стуно» цу дагалецамех Iехаяла а ца юьтура. ХIинца и телефон схьа ца оьцучух кхин а сов къахийтира суна… Мацах Дадас музыкальни школе дохуьйтур дац аьллий хиъча, тхаьш деха баьхкина цу школин куьйгалхой дIабахча, Дада гар гIайгIа йолуш, шифоньер чухиина Iийначу сайх санна…
Амма телефон схьа ца оьцучун тIаьхьало, сан «лурйоларан» чаккхе санна, хир йоцийла-м шера гуш дара.


Шифонерахь лечкъина юй шена хуъушехь, со хезехь йоцуш санна «кхана Iийча концерт яла дезаш а хилча, цигахь дукха хIума кхочушдан дезаш а хилча, хьан метта кечам бан кхечунна хан а ца хилча, иштта схьаолуш хуьлу, хIинца схьаяла оцу чуьра…кхана гойтур ю аша суна концерт, со кулубех лелар вац…» – Дадас аьлча, «концерт» кханенга татта са хьенан туьйр дара?!
Цу тIе, сан хIун бехк бара «генеральни репетици» йола аьлча, «Дадас ма гIо аьлла» бен аьлла а йоцучу?!


Цу дагалецамах а яьккхира, эххар а цхьамма телефон схьаэцна, цу чу къевкъинчу «лулахочун» озо:
– Хьуна уллехь юй и зуда?! ДIалол и цуьнга! Хьан телефон яйъина хIунда ю? ХIетахь ас айса дIаяйъира! Хезаш дара суна ахь бохург-м, хеззашехь яйъира! Ас хьоьга телефон дIа хIунда ца кхета боху?!
ЯахIума йиний ахь? Ларор яц дера хьо-м! Цкъа а раж ларйина, шен хенахь хIума вай юуш ма яц я хьуна ян а ца хаьа!…


«Маршрутка хIинца а масех тIеоьшуш лаьтташ ю…хIара юзале а, Шелара дIа Минутке а, цигара хIара яха езаче а кхачале а, йина ер яц те и юург?!» – хьаьвзира сан коьрте, хIара чукхаьчча цу зудче хIоттор дерг хууш. Мелла а сиха схьаер ерг хIун йийр яра-те цо бохуш ойла ян а елира, кхузахь сайн дагахь ас луьстург, хьуьлла цхьанхьа суна мила ю а ца хуучу зудчунна дIахаалур долуш санна «жижигах хIума ян-м ларор а хир яц, котам яц-те кхаьргахь…и духовки чукхосса ларийча, и йоттучу юкъана, улле таса салат ян а ларор ма яра…» – гуттар генайолуш латтара со…


Амма тховса кхеран доьзалера сурт машаре дерзо суна мел чIогIа лиъча а, я тховса а, я цул хьалха-тIаьхьа а и машар хир боцийла а хаара…кIоршамечу дешнел а лан хала яра церан Iаь…цхьана а нанас шен доьзалхочунна мел чIогIа дов дечу хенахь а, цуьнан кийрара ер йоцу цабезаман Iаь яра несана дечу девнехь…
Некъ бахбеллера, сихха чукхача, сайн хIусамехь сирла чиркх къагон, йоккха цIе латон, цуьнца цхьаьна шуьйрра кор а диллина, кийра бузош хIаваъ чуоза а лаара.
Адамо ша санначу адамна ницкъ ца бича а, дахаран цхьацца хиламашна хьалха цуьнан гIорасиз хиларх пайда а оьцуш, цунах шен амал ца аькхча а, ма дукха баланаш бар-кха кху дуьненахь…юхаберзон, дIататта, дIаэца вайн ницкъ ца кхочу баланаш!


Дан дарба доцу цамгарш, тIепаза байна нах, рицкъанна кхачо цахилар, аьтто бохар, некъахьовзамаш, набахтешкахь тутмакхаш, тхов кIело йоцуш висар, кIант воцуш хIу хедарш…
Хьо IадIийчахьана, ахь хьайн амална урх тесчахьана хир боцу бала, хьуо санна долчу адамна ца бича а, дуьне тIехдаххал хилча…
Цу ойланаша корта эккхийтале, юха а сайн дагалецамийн кирхьа дуьхьал оза ницкъ кхечира сан, цхьадика!
Цу кирхьанна тIехьара суна къежара собаре Дада, тIахъ-аьлла Вова, хьекъале Жима-Мама, царах даима а йоккхае Тамуса а…

Дицдинехь а хIума доцург
(Я морзи чу пхьид тасар)

Яйнарг хIун яра дага ца догIу, арахь лаьттарг сан бераллин аьхке хилар шерра дагадагIахь а.
Къола хьанна динера а дагадогIу, амма цунна тIе пIелгаш а хьежор дац вай…
Малх гIушлакхе баьллачу хенахь самаяьлла, уьйтIа яьллачу суна тхайн рагIу кIелахь гIовгIа-гIара хези. ДIахьаьжча, лула-кулара зударий а, кегийрхой а, бераш а ду цхьана хIуманна гуо а бина дохкуш (бераш-м сих-сиха юха а човхадора). Со декъехь йоцуш и гIуллакх дIадерза йиш-х яций аьлла, со а царна тIеяха…суна чай дала дезаш йолу денана а цу юкъахь хилча, хIета а…
Тахана долуш санна, дуьхьал лаьтта и ши гIутакх – лаьттах хьокху басарш чохь Iийна, царах цIандина, гIеххьа мекхадола а ларийна ши гIутакх. Цхьана гIутакхахь морза дара (хIаъ, со гIеххьа цец а йолуш, боьхачу гIутакх чу морза денанна хууш доьттиний-те аьлла), шолгIачу гIутакхахь хи дара, хетарехь, доьдучу хоршара эцна, даьржина хи…цу хи чохь пхьид сацон гIерташ, яьккхина гIовгIа хиллера со рагIу кIел ялийнарг а.


И таллам бина со яьлча, кхин а тамашийна дерг схьалеци ас: берашца ловза жима а, баккхийчийн могIаре хийша йоккха а йоцу, кхиъна йогIу сан дейиша а, лулара цуьнан доттагI а ю-кх дукха лерина цхьаъ тоьгуш-доруш! Хьехарш деш баккхий зударий а бу…
Хеттарш дарх, суна кхоччуш жоп ца луш, «дукха къена ю хьо, Молла-Баба, дIаяда кхузара», – аьлла, эккхорна а кхераелла, айса тидам бан саций ас.
Дукха хьежа дезаш а ца хиллера…баьццарчу дарих тегна коч-хеча а дуьйхина, оццу баьццарчу дарих баьккхина тIам коьрта а тиллина (корта дIасахьийзош, хала тиллийтира и тIам) хаза-тамашийна кечйина пхьид морза чохь долчу гIутакх чу а йиллина, и гIутакх карахь, хезаш ца хезаш ловцаш (я сардамаш) а бохуш, кевл аратилира шен къу лаха чIагIо йинарг…
Мел леррина ладогIа гIортарх «боганаш», «хIара пхьид эккхаш», «къу» боху масех дош бен ас схьа ца лецира…


Иштта суна хааза дисира и пхьид стенга яхара а, я и иккхира, ца иккхира а. Цунах дерг денене хатта йоьлча, «ша цхьаъ леладо бохуш йоллура…сагатло цуьнан цхьацца хIума ца айдича», – аьлла, шена и хIуманаш дош ца хетий хаийтира денанас.
Амма суна цунах кхачо ца хуьлура…
«Москалан кIорнешка бIаьрг тухуш хилалахь, со жимма гам тоха керта йолу», – аьлла, денана бешахь къайлаяьлча, айса кех а даьхна, москалан кIорнеш тхайн урамех хьалалахкар-м дицдан а, ца дийца а мегар дара, делахь а…


Тхан урамех хьалавахча йолчу больницан кетIа «шаьш дIадахана» москалан кIорнеш схьадалон яханчу ас дийнна де-м дайира, гай иккхина, вочу хьолехь цига цхьа а валавой хьоьжуш….
Дукха шераш девлла цул тIаьхьа, мел лаххара а ткъе итт шо…амма цу суьрто юх-юха ойлане йоккху…
И пхьид кечйинарг баккъал а тешаш яра-те ша кечдечух?
Я ша «гIоьнна» вовшахтоьхначийх ца тешаш, уьш зуьйш яра- те?
Амма цхьа хIума-м ду…и къола баккъал а динчух къахеттарг со бен хиллера моьттуш-м яц со…

Орга №2. 2020

121 комментарий

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.