ГАУ «Издательский дом»

СУЛЕЙМАНОВА Зайнап. Лу

ЛУ

Лу! И исбаьхьа дийнат дуьйцуш хьанна ца хезна! Амма Ӏаламехь лу гинарг наггахь бен карор вац.

Лу – косуля, газель, лань – бохург ду кхечу меттанашкахь. Вайн Нохчийчохь уьш масех эзар хилла xlapa инзаре тӀемаш бовлале хьалха. Ткъа тахана церан 1аь хезаш а яц, я уьш гина стаг а вац. Кху ирчачу бохамо дукха хӀаллакдина

уьш, ткъа дийна дисинарш, къаьхкина, уллерчу республикашка девдда дӀадахна хир ду.

Дагна хорам хуьлу, цу эшаман ойла йича. Хьаннашкахь, лаьмнашкахь дахар нисло цу башхачу дийнатан. Акхарошна юккъехь 1ен-даха цуьнан кхоллам хиллехь а, цунах экха ала вуно хала ду. ХӀунда аьлча цул исбаьхьа, безамехь куц долуш, цул машаре, экама, тайна амал йолуш дийнат карор дац Ӏаламан хьелашкахь.

Шатайпа ойла кхоллало, иза экран тӀехь, я зоопаркехь схьагича. Ялсаманин бешара я туьйранийн махкара деъча санна хетало иза, шен хазалла вайна гайта.

Хьалха заманахь элийн, паччахьийн бошмашкахь лерина терго, Ӏуналла деш, лелийна и билгала дийнат. Синтеме хиларца, оьздачу хазаллица, тӀулгашлахь жовхӀар санна, къеста иза акхарошна юккъехь.

КӀезиг дац цунах лаьцна туьйранаш, легендаш, шира дийцарш. Масала, археологис дийцарехь, диъ эзар шо хьалха дӀайоьллинчу йоӀ-паччахьан каш даьстича, хӀун карийна аьлла хета шуна цу чохь? Дера карийна цу йоьӀан мумияна уллехь Ӏуьллуш лунан мумия а!

Цуьнан шатайпа куц гайта куьйган, меттан говзалла оьшу. Кхечу кепара аьлча, я поэт, я художник хила веза лунан сурт дилла кечвелларг.

Хьуьнхочо дуьйцура:

– Лунан ю, гӀодаюкъал тӀехйолуш, дӀаяхана, цхьацца-шишша га долуш, маӀаш. Стен лу маӀаш йоцуш ду. Даим сема, догӀаделла, деха лергаш ду цуьнан, доца, жима цӀога, лекха, юткъа настарш, еха, исбаьхьа ворта. Букъа тӀехула чекхдолуш таьӀна тача, жима бат.

Къаьсттина бӀаьргаш ду лунан сов хаза: кӀарула-Ӏаьржа, даккхийра, ойлане, эсала.

Церан дажар нисло хьун нилха йолчохь, цанашлахь, тогӀешкахь. Къона маргӀал гӀа-патарш а, диттийн чӀенгаш а, буц, бецан гӀовда а, хьуьнан стоьмаш а буу цара.

Шен буьхьиг нана-луно кхерамах мел чӀогӀа ларйо и къаьсттина дийца дезаш ду. И ларъярхьама нана-лу хийлазза экханан я иччархочун карадоьдуш меттигаш а дукха хилла.

Кхерам тосабелча, ша д1а гучуэккха нана-лу. Экха хилча (борз, чагӀалкх я цӀоькъалом), цунна ша гойтуш, сихха дӀадолало, шен буьхьигна иза генадаккха.

Масала, иччархо тӀегӀортахь, ша цӀаьххьана гучу а эккхий, хьалхара дӀаоьху лу, иза шена тӀаьхьа вазош.

Иштта иччархочун тоьпо лоций, я экханан кӀомсар кӀел доьдий, хӀаллакьхуьлу нана-лу. ТӀаккха байлахь юьсу цуьнан буьхьиг.

Амма акхаройн вовшашца барт бу, Ӏаламо кхоьллина.

Байлахь йисина кӀорни йолало, ша мац ма-еллинехь, шена керла нана я да лаха. Массо а агӀор маӀаш гӀертош болчу кхерамашна юккъехула дӀаоьхуш, шена тӀетовжа нана карайо цунна. Ца карош меттиг а хуьлу. Кхечу нана-луно

шена тӀеоьцу и миска пекъар.

Ламанхоша иштта шайна карийна лунан буьхьиг, шайн ц1а а хьой, даьхница цхьаьна Ӏалашъеш хилла. «Къиларг» олуш хилла цара цунах.

Ӏаламан хьесапаш деш волчу тхан дас дуьйцура:

– Цкъа иштта Зумсахь, хьуьнах чекхволуш, лунан буьхьигна а, цуьнан нанна

а тӀенисвелира со. Коьллаш юккъера хьалаайабелира нана-лунан исбаьхьа корта. Амма д1а ца дедира иза. Меллаша ша Ӏачура хьалагӀаьттина  дӀадоладелира, наггахь пел-доьрзий, шен aгlo а гойтуш.

Цецвелира со вуно чӀогӀа, коьрте ойла хьаьдира: «ХӀара лаа дац. Я чов

хилла ду xlapa, я оцу кулла юккъехь кхуьнан буьхьиг ю Ӏалашъеш. Ишта ца хилча, шен са а, дегӀ а дадийна, цу минотехь дедда къайладер дара xlapa.

Со луна тӀаьхьа ца вахара. Цуьнан корта гинчухула, коьллаш юккъе вахара со. Цу секундехь нана-луно цхьа шатайпа мохь тоьхна, цхьаьнге-м хаам бира…

ТӀаккха со нийсса тӀеӀоттавелира, елча санна, дӀатийна, тӀулгех, бацах дӀаийна Ӏачу лунан буьхьигна.

Итт метр бен юкъ йоцуш лаьттачу нана-луно шозза-кхузза хьалхарчу когийн бергаш тӀулгах туьйхира, сан тидам шена тӀебохуьйтуш.

Гуш дара: я суна кхерам туьйсуш, я соьгара къинхетам лоьхуш иза хилар. Шен сил а дукхадезачу шен гакина тӀера кхерам дӀатоттуш яра нана-лу.

Эццахь со, сайн некъах юкъах а ваьлла, ши-кхо б1е метр вуханехьа а вахна, го тесна, хьаьвзина, со ваха везачу новкъа велира.

– Марша Ӏойла хьо, лу-у-у! – кхайкхира со гуш доцчу луне. – Дуккха а дахалахь, дебалахь вайн махкахь!

КӀезиг бац иштта хиламаш цу башхачу дийнатан дахарехь, кест-кеста адам а кхочу цунна орцах бохам хиллачу минотехь.

Ламанца Ӏуьллучу юьртахь хилла ю xlapa эпизод.

Барзо нана а йийна, байлахь йисина лунан буьхьиг шайн ц1а ялийна, кхобуш болу цхьа нах бийцира соьга.

Цаьрга яханчохь цу исбаьхьчу дийнате даггара хьажа, цуьнан амалш тергалъян аьтто а хилира сан.

– Юьхьанца цӀормаӀица аьттан шура яайора оха кхунна, – бохуш, дуьйцура хьуьнхочо. – Цул тӀаьхьа хаза ондаяьлла, маргӀал буц а юуш, диттан патар а, стом а кхоллуш, шена кхачо ян йолаелира. Хьуьнан ирзу тӀехь, кемсийн луьстачу хуталшна юккъехь xlapa карор бахьана долуш, «Кемси» аьлла, ц1е тиллира оха кхунна.

ТӀаьххьара а хедира церан и самукъне гергарло. Цхьана дийнахь зоопаркан хьаькамаш баьхкира цаьрга. Кхетош-кхиоран къамел а дина, луна цигахь

Ӏаламан хьелаш ду кечдина аьлла, хьуьнхо берта а валийна, иза зоопарке дӀадигира цара.

Кемси «Газель» т1е доккхучу минотехь, цуьнца къастар ца лалуш, кхоьлина бара хьуьнхочун доьзалш а, церан лулахой а.

Стела1ад №1. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.