ГАУ «Издательский дом»

ХАСАЕВ Хьамзат. Шийла Iуьйре

Дийцар

Шаройн-Органна тиллинчу тIай юххехь лаьттара балха баха бевлла хьуьнан белхалой.
Аьчкан бIогIамашна тIехь кхозучу, лакхара ток йолчу серашна тIехь кIац яра массо а меттехь.
Органан шоралла тIехула долчу сераш тIехь кIац яцара. Оцу тIехь кIац йоцчу метте чIегIаг хиира. Жимма цу тIехь а Iийна, юха хьала а гIаьттина, гIовгIа яьккхина, дIаяхара иза.


Амма дукха хан ялале, шеца кхо-йиъ чIегIаг а йолуш, юхаеара. ЧIегIагаш моггIара охьахевшинера, малхбалехьа йирзина. Цигахь гуш яра цIен серло. Хеталора, лома тIехь а латийна йогуш цIе ю аьлла. Иза шийлачу Iуьйрено цIийбина, схьакхета гIерта малх бара.
Юха а яхара чIегIаг шен «маьхьарца» цхьана агIорхьа дIа.


Басешкахь йолчу коьллаш юккъехь хезаш дара цуьнан «къа-къа-къа» бохуш аз. Дукха хан ялале, Органна тIехула долчу оцу сераш тIе схьагулделира тайп-тайпана олхазарш: къийгаш, сира маккхалш, Iаьржа шоршалаш, мокха хьозарчий. Цара дIалаьцнера серийн кхо га. Массо а олхазар дусаделла, буьрканан суьртехь горгделлера. Иза, Iуьйре шийла хиларна, дара.


Олхазарш дIатарделла доллушехь, орцал тIехьара маьлхан цхьа дакъа гучуделира. Массо а олхазар малхехьа дирзина Iара. Бол-болуш, малх гучубелира, дуьнен чу шен серло яржош, Iалам мал а деш. Дитташ тIера а, сераш тIера а кIац охьайожа йолаелира. Малх гIеххьа хьалабаьлча, олхазарш а шайн дийнан белхашка дIасадахара, цхьацца-шишша доьдуш. «Маьхьарий» а хьоькхуш, чIегIагаш а дIаяхара шайн гIуллакхе. Серашна тIе олхазарш гулдаларан ша бахьана дара.


Буьйса а, Iуьйре а шийла хилча, Органан хи хIаваал мела дара, цу тIера Iаь яра гIуьттуш. Оцу Iаьнаро Органна тIехула долу хIаваъ малдора, серашна тIехь кIац ца соцура. «Хьекъал» долуш йолчу чIегIагашна иза хаа а хиъна, цара даьккхинера и орца.

Стела1ад №3. 2021

427 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.