ГАУ «Издательский дом»

АРСАНУКАЕВ Муса. Дахарера дийцарш

Стеган дахар дукха хьолахь цуьнан белхан корматаллица а, цу балхахь нислучу гIуллакхашца а доьзна хуьлу. Цхьаверг шех лаьцна цхьацца дийца а, шена гина а, девзина а хIуманаш гонах болчарна хаийта а лууш хуьлу. Дукха хьолахь иза цуьнан дахарехь нисделла хIума хуьлу, цо денна а шен белхан декхарш кхочушдеш хилла долу. Иштта цхьацца сайна хезна дийцарш хьуна, лараме ешархо, довзийта воллу со.

Бакъонашларъяран органийн белхахочун дийцар

Иза дуккха а шераш хьалха дара, мел лаххара а 35 шо дIадаьлла хир ду хIетахь дуьйна. Со цу хенахь, милицин школа чекхйоккхуш, 25 шо долуш жима стаг вара. Дешна довлуш, тIаьххьара практика яра тхан. Со Ленинградера «Кресты» цIе йолчу набахте хьажийра. Цигахь цхьана баттахь болх бан безаш вара со. ДIа а кхаьчна, сайн кехаташ хьаькамашка дIа а делла, балха аравала кечвелира со. ШолгIачу дийнахь тутмакхаш ларбечу тобане хьажийра со. Кхин чолхе хIума а дацара оха дан дезаш, делахь а гуттар сема хила олура тхоьга хьаькамаша, чубоьхкинарш тешам боцуш нах бу, олий. Цхьа кIира даьлча, тоьпаш тоха кечбинчу тутмакхаш болчу хьажийра со. Кхузахь хьал чолхе дара. ХIора камери чохь цхьацца тутмакх вара. Иза волчу чу а воьдуш, кест-кеста цо дечуьнга хьажа везаш хуьлура. Суна кхаьчнарг, мел лаххара а ши метр доккха дегI а долуш, инзаре онда оьрси вара. Иза со шех озалуш воцийла хиъча, вистхила гIерташ, цхьацца хIума хатта гIерташ хуьлура:
– Хьо кавказхо вуй? Муьлхачу къомах ву хьо?


– Со нохчи ву, – аьлла, жоп делира ас.
– Соьца флотехь шина шарахь эхашарахь хилла цхьа нохчи. Деллахь ма дика кIант вара иза. Абуев Ваха. Вевзий хьуна иза?
Ас, ца вевза, мича юьртара вара иза аьлла, хаьттира.
– Юьртан цIе дага ца йогIу суна, цхьа хала нохчийн дош дара иза.
Ас евзашйолчу нохчийн яртийн цIерш ехира, амма цунна дага ца еара.
Сан тутмакхца деха къамел дан йиш яцара, цундела со камери чуьра аравелира. Цу оьрсичух дерг суна хиира. Цо стаг вийнера, кегийчу наха сакъоьручу, халхаршдечу меттигехь. Суьдо веран кхел кхайкхийнера Ковалев Сергейна. Тхойшиннан къамел хиллачул тIаьхьа масех де даьлча, соьга тхан хьаькамо элира, ас ларвеш волу тутмакх волчу тахана йогIур йолуш йоI-адвокат ю, тоьпаш тоха леринчуьнан дехарна Iедало делла жоп а дохьуш. Иза схьакхаччалц тутмакхе леррина хьажар тIедиллира цо суна.


Со, камери чу а вахана, стоьла хьалха охьахиира. Сергей мелла а карзахе вара:
– Тахана адвокат ю, сан дехарна жоп дохьуш, кхуза ян езаш. Хьуна дийца лаьара суна айса стаг верах лаьцна. ЛадугIур дарий ахь соьга? (Ас корта таIийра, дугIур ду аьлла). Иза ларамза хилла хIума дара. Со цкъа а садолу хIума йийна ма вац, ур-атталла котам йийна а. Хьуна ма-гарра, со дегIана онда ву, гIора ду шина-кхаа гIеххьачу стагехь доллучул. Иза дара суна бале даьлларг – сайн гIора сов хилар дицдалар. Цу суьйранна тхо, кегийрхой, халхарш дечохь дара. Ленинградана генайоцучу Выборг гIалара ву со. Ас хьалха ма-аллара, флотехь бIаьхаллин декхарш кхочушдина, со цIа веана ши кIира гергга хан хир яра.
Халхаршкахь цхьа йоI евзинера суна. Цуьнца цкъа-шозза халха а ваьлла, цхьацца дуьйцуш, лаьттара со. И йоI суна чIогIа хазъеллера. Ас забаре хIуманаш дуьйцуш, йоьлура иза. Лоькхуш самукъане мукъамаш, аьхкенан юьхь, кхузахь «кIайн буьйсанаш» дIахIуьтту хан яра. Со ирсе вара оцу хенахь, оцу сохьтехь. Амма сан ирс дахлур долуш ца хиллера. Малар мелла, гал а вуьйлуш, тIевеанчу цхьана жимачу стага, катоьхна пхьарс а лаьцна, соьца лаьтта йоI дIаозийра:
– Схьайоьл! Вайшиъ халхадер ду! – аьлла.


ЙоIе мохь белира:
– ДIахеца со! – аьлла.
ТIеваханчу ас, малархочун куьг ондда схьа а лаьцна, Iаьвдира, цуьнга узар а оьккхуьйтуш. Цу сохьта йоьIан куьг дIа а хецна, суна хьалха охьалахвелира иза, ас Iуьйду шен куьг паргIатдаккха гIерташ, дIа а ийзош:
– ДIахеца сан куьг! Хьо мила ву? Мичара вели хьо, дажал? – мохь хьоькхура цо.
Ас цуьнан куьг дIахийцира, когаш тIехь латта а ца велла, охьакхийтира иза. Гонаха берш боьлуш бара.
– Собар де ахь, падла, ас доькхур ду хьуна! Ахь цIийца токхур ду суна! – бохуш, кхерамаш туьйсура меллачу жимачу стага.
– Яхийта кхузара, ас хьайна хIума тохале! – аьлла, со цунна тIеволавелира. Соьца йолчу йоIа сан пхьарс схьалецира:
– Сергей, хьо IадIехьа, Делан дуьхьа! Иза мелла ма ву! Ца го хьуна?


Со сецира, суна ца лаьара цу малархочуьнца цхьана а тайпана дов лело. Иза, шен кхерамаш а туьйсуш, дIавахара. Халхарш чекхдевлча, сайна евзина Марина дIакхето вахара со. Арахь сирла яра, «кIайн буьйса» хиларна. Тхойшиъ цхьацца дуьйцуш, паркан аллейхула схьадогIура. ЦIаьххьана виъ стаг дуьхьалвелира тхуна.
– ХIара вуй и Геракл? – хаьттира шена юххехь лаьттачу сан довхочуьнга лекхачу дегIахь волчу хьалхаваьллачо, цергашна юккъехула туй а кхуссуш.
– Ву, дера. ХIинца хIокхо къамел муха до хьовсур вай, – аьлла, сан довхочо урс даьккхира.
Маринига мохь белира:
– Сережа, цуьнгахь урс ду!
– Ду-те, урс ду хIара… Ас хьоьга элирий, сан декхар цIийца такха дезар ду аьлла? Хан тIекхаьчна… – хIинцца вехначуьра дикка меттавеана малархо ирча гежира.
– Схьавола хьайн уьрсаца, иза доцуш лата-м хьо къонах а вацара! – аьлла, со царна дуьхьал велира, Марина сайн букъа тIехьа а юьтуш. ЙоI, кхераелла, егош яра. Со иза теян хьаьжира:
– Кхера ма кхера, хIумма а хир дац.


Малархо, хьалхалаьцна урс а долуш, тIеволавелира. Вуьш лаьтташ бара, тхойшиннан тасаваларх хIун хуьлу хьожуш. Иза улле кхоччушехь, ас, гай тIе мийра тоьхна, вожийра. ТIаккха важа кхоъ цхьаьний тIелетира. Тхо буьрса хьаьрчира. Уллехь нисвелларг, доггах буй тухий, ас вожавора. Цхьаъ хьала а иккхина, ведира. Урс карахь долу малархо юха а чухьаьдира, оьгIазе мохь а хьоькхуш. Иза улле нисвелча, дуьхьалара дIа а иккхина, вортанна чу куьг туьйхира ас цунна. Иза бертал воьддушехь бетонах йиначу, нехаш чутосучу х1уманах корта дIа а кхеташ, охьавуьйжира. Со хьоьжуш лаьттара. Иза кхин хьала ца гIаьттира.
– Ахь вий иза! – элира цунна тIе ваханчу цуьнан накъосто. Со цуьнга, юха Iуьллучуьнга хьаьжжинчохь висира…
Юха суд хилира. Суна веран кхел кхайкхийра.
Иштта шеца хилларг дийцира суна Ковалевс. Со тийшира цунах. Шена гечдича, велла дIаваллалц, ша бахьана долуш веллачун доьзална оьшург латтор дара ша, бохура цо. Шен цхьа миска нана а, кхиина йогIуш йиша а ю, царна чIогIа сагатдо ша, дуьйцура цо, халла къурдаш а деш.
Суна цунах къахийтира. «Оццул луьра таIзар далла бехк хилла-те кхуьнан?» – ойла хьийзара сан коьртехь.


Эххар а адвокат а, цуьнца цхьаьна набахтин хьаькамаш а схьакхечира. ЙоьIан кхоьлина юьхь ма-гинна, Сергей дерригенах а кхийтира. Хьан дехарна жоп ца делла, аьлла, СССР-н Лакхарчу Кхеташонан Президиумера деана кехат охьадийшира адвокато. Сергейс, вист а ца хуьлуш, ладуьйгIира. Иза чIогIа синтеме вара. Шен кхолламна реза ца хилча ца волура иза, кхин хIумма а хийцалур доцийла хаьара цунна. Адвокатана баркалла а аьлла, суна тIе веара иза:
– ИсмаьIал, хьуна даггара баркалла ду соьга ладогIарна. Дика ду, ас дуьененахь йоккхучу хенан тIаьххьарчу сахьташкахь, сох нохчи кхетта. Хьан махкахочо къонахаллин урокаш елира суна, тхо цхьаьна долуш, ткъа ахь гIиллакхах ца воха а Iамий. Баркалла хьуна, ИсмаьIал!
Цо, вела а къежна, соьга кхуьг кховдийра, ас иза схьалецира. ЧIогIа собаре вара виэн кхел кхайкхийнарг: юьхь тIера хийцавелла, босбаьхьна вацара иза. Со цецваьллера цуьнан доьналлах. Цул т1аьхьа масех де даьлча, кхиэл кхочушйинийл хиира тхуна.
Цул тIаьхьа шен балхахь дуккха а тамашийна хIуманаш нисделира, амма оцу оьрсийн кIантаца доьзнарг диц ца ло шена, аьлла, шен дийцар дерзийра ИсмаьIала.

Лоьран дийцар

Нохчийчохь хьалхара тIом болчу хенахь дара иза. Со юьртарчу дарбанан цIийнехь коьрта лор вара. ТIеман хьелашкахь лазийна дархой ,денна а бохург санна, балабора тхуна. Уьш дукха хиларна, охьабахка меттиг йоцуш, ур-аттала учахь а, ларми чохь а бара тхан. Денна операцеш еш дара тхо – со а, сан накъостий а. Хала мур беанера тхуна тIе: молханаш кхачош дара, оьшу гIирсаш ца тоьура, лоьраш к1езиг бара.
Цхьана сарахь балхара дIаваха дагахь со кабинета чуьра араволуш, учахь цхьа гIовгIанаш евлира:
– Лоьраш буй кхузахь? Хирурге схьакхайкха сихха!
Оцу хенахь хирург со цхьаъ бен вацара тхан дарбанан цIийнехь, бакъду, чов ерзо а, ехка а массарна а Iеминера цу чолхечу хьолехь, ур-аттала цхьаболчу санитаркашна а тIехь.
Со царна тIе вахара.
– Хирургически кабинета чу дIавига лазийнарг! Со хIинцца дIавогIу, – аьлла, уьш дIа а хьовсийна, сайн халат тIеюха а, цхьацца оьшург схьаэца а вахара со.


Тоькан серло йоцу дукха хан яра дарбанан цIийнехь, цундела буьйсанна болх бан аьтто бацара тхан. Делахь а мехкадаьттан лампанан серлонехь хьаьжна а, дархочуьнга ца хьаьжча ца волура.
Лазийнарг, 20 шо хирдолуш, жима стаг вара. Цуьнан варо тIехь ерг инзаре йоккха чов яра, дIаоьхуш цIий долуш. Накъосташа шайна хуучу кепара ност дIайихкинехь а, ц1ий сацо ницкъ ца кхаьчнера церан. Бос а баьхьна, кирал кIайвелла, кхетамчуьра а ваьлла, Iуьллура дархо. Чевне хьаьжира со. Беран буй чубаххал шуьйра а, дикка кIорга а яра иза. Хьал чолхе дара: боцу гIирс, йоцу серло, вала воллу дархо.
– Сан дан хIума дац… ЦIий сацо аьтто бац, цуьнгахь чIогIа ледара хьал ду… Операци йойла дац цунна, – элира ас цуьнан накъосташка. Герзах боьттина, мажош евлла, буьрса яххьаш а йолу тIемалой суна гонаха хIиттира:
– Ахь хIун дуьйцу, Ваши?! Муха йойла дац операци? Валийта веза иза? – маьхьарий хьоькхура цара.
– Собарде, гIовгIанаш ма е! Аш маьхьарий хьекхарх, тодала хIумма а дац! – элира ас. – Кхунна шортта цIий оьшу, молханаш оьшу, чов ехка гIирсаш, операци ян ур-атталла серло а яц кху чохь…


Царна юкъара, 14-15 шо хир долуш, цхьа жима кIант тIевеара суна. Иза, воьхна, вегош вара, бIаьрхиш дара цуьнан беснеш тIехула охьаоьхуш:
– Иза сан ваша Мохьмад ву… ма валийтахьа иза, Ваши. Ас цIий лур ду цунна мел оьшу а, гIо дехьа! – аьлла, кIанте велхар иккхира. Суна чIогIа къахийтира цунах. Ткъа хIун дийр дара? Чолхе хьал ма ду хIара, дан хIума доцуш. Ойла хьийзаш, бIаьрзе хилира со. «Хьераваьллачо бен йийр юй хIокху хьолехь операци? Лийр ма ву и дархо, цIий дIаихна а…» – хьийзара сан коьртехь.
– Цхьацца молханаш а, кхиболу гIирс тхоьгахь а бу. Валол, машена чуьра боккха тIоьрмиг схьабал, – аьлла, цхьа жимха дIахьажийра церан командир хила мегачу къонахчо. – Корехула чу машенийн серло а тухур ма яра оха… Хьажахьа, хIун дало.
Уьш дехарца соьга хьоьжура. Иштта чолхе хьал сан балхахь нисделла дац цкъа а! ХIун де ас?
– Дика ду, хIун дало хьовсур вай. Шайгахь долу молханаш сихха схьада! Шаьш ма-аллара, серло а чутоха. ЦIий дала кхоъ-виъ стаг а кечве!


ХIинца юхаволийла дацара. Сайна накъосталла дан тхайн цхьа терапевт а, хирургически медйиша а далийна, со операци ян хIоьттира. Минаш ехкинчу арахула дIавахар санна, хIума дара ас долийнарг! Сан накъостий а бацара ас дечух тешаш. Оццул дукха дархой гина йолу медйиша а, цецъяьлла, хьоьжура кIентан чевне:
– Салман, ма чолхе чов ю иза, ларор дуй-те вай? – хаьттира цо соьга, шен шек хилар а гойтуш.
– Хуур ду вайна, хIинца ойланаш ян хан яц. ДIадуьйлалур ду вай, – аьлла, со дархочунна тIе хIоьттира.
Операци кхаа сохьтехь гергга йира оха. Буйннал йоккха, цхьа хьийзина, ира сизаш тIехь а долуш, йоккха гериг яьккхира оха кIентан варо чуьра. Иштта йоккха хIума, ас 30 шарахь болх беш, дархочун дегIехь суна гина а яцара. Уьш тIеман «совгIаташ» дара, ца дезахь а, ца лаахь а, ган доьгIна хилла уьш.


И буьйса мелла а хала яьккхира тхан дархочо. Со, белхан накъостий цIа а бахийтина, сайн кабинета чохь Iийра цу буса, сан гIо оьшуш меттиг хилахь, юххехь хилархьама.
ШолгIачу дийнахь, метта а веана, вист а хуьлуш, хIума яа а гIерташ, вара тхан дархо. Цунна тIехIоьттина кхерам дIабаьллера. Иза къона а, дег1ан могашалла дика а хиларна, товала а, ира а хIоьттина, дIаваха а дукха хан ца оьшура цунна. Цуьнан накъостий цу буьйсанна, дIа а ца боьлхуш, дарбанан цIийнан кертахь Iийнера. ХIинца церан яххьаш самукъане, екхаелла яра, уьш баккхийбера дерриге а дика чекхдаьлла хиларна. Массара а, суна тIе а баьхкина, баркалла элира цара».
Хьехархочун дийцар

Ас дуккха а шерашкахь болх бина школехь. Атта болх бац хьехархочун болх. Берашца къахьоьгуш волчунна халонаш дуккха а нисло. Хаарш даларал совнаха, кхетош-кхио а ма деза уьш. Ткъа церан хIораннан шен амал а, дог-ойла а, кхетам а ма бу. ХIоранца бийца мотт хила беза.
Хьалхарчу шерашкахь къаьсттина хала дара суна. Урокехь бераш вон лелча, новкъадогIура суна, тIаккха ас царна дов дора, наггахь къаьсттина чIогIа а деш. Сан халонаш евзаш волчу, школехь дуккха а шерашкахь болх бинчу Салман Махмудовича соьга олура:
– Мансур, хьо оьгIазвахнера моьтту суна, дIаяханчу урокехь. Луларчу класса чохь хьан аз хезира суна. ХIун хиллера хьан урокехь?


– Салман Махмудович, цара соьга ла ма ца дугIу, мел лерина со уьш кхето хьаьжча а.
– Мансур, и халонаш муьлххачу а хьехархочун хуьлуш ю хьуна. Собаре хила хьо. Айхьа урок муха дIахьо хьажа. Бераш дика кхетий-те ахь дуьйцучух? Уьш кхето хьажал хьо-м.
Цунна баркалла а олий, IадIара со. Салман Махмудович сан а хьехархо хилла вара, ас кху школехь доьшучу хенахь. Тхуна нохчийн мотт а, литература а хьоьхура цо. Цуьнан урокаш дукхаезара тхуна. Берашца ийна а, кIеда-мерза а вара иза. Ша хьоьхучу хIора дешархочун цIе хаьара цунна.
Цуьнан хьехарш бахьанехь, берашца йолу уьйр-марзо дикачу аг1ор хийцаелира сан. Ас церан терго мел йо а, цаьрца со дика мел хуьлу а, тхан юкъаметтигаш толуш, урокашна цара дика кечам беш, схьадогIура тхо.

7 689 комментариев