ГАУ «Издательский дом»

ТАЛХАДОВ Хьамзат. Дагца къамел

***

Кхолламо, когаш кӀел хьоьшуш,
Диттина сох дера ка.
Ӏожалло, бӀаьргаш чу хьоьжуш,
Ийзийна гатделла са.

Хеназа къежбеш сан корта,
Суна тIе хьийзина дарц.
Тахана гӀелвелла хӀоттарх,
Сихлой, со ма велаш харц.

Сайн тамаш, цатамаш хийца
ХӀетте а со реза вац.
Наггахь, сох къахеташ, цӀийзарх,
Дог суна ца хета харц.

Цунна со шел воккха хета,
Къандалар тӀеэцац цо.
Со лазош, цунна ов детта,
Сан бӀаьрхиш цунна ца тов.

ХӀинца ас банза суй лехарх,
Пайда бац даьгначохь ирс.
Амма суо ас ларац пекъар,
Бинехь а кхолламо ницкъ.

Даймахко синтеме валош,
ГӀелвелча, хьистина со.
Иттазза атта лов бала,
Цо хьастахь, лазийначо.

***

Аталуш ваьржина,
геналлехь со кхерста, воьхна,
Сан са ду дагийна,
къастаран цӀерга а оьхьна.
Сан ирс ду зарзделла,
сан дош а ду кхузахь оза,
БӀаьрсина ца къаьста
азаллехь яздина йоза.

ЦIа дац сан Даймехкан
можачу лаьттаца хьаьхна,
Доьзалан гӀовгӀа а яц кхузахь,
цӀахь санна, аьхна.
Вохвеш дац кхузара
мармарах доьттина пенаш,
Кийрахь а гуьйре ю
саццанза даг тӀе дерз Ӏенаш.

ПӀераска тӀедогӀуш
дайн синош ца гулло уьйтӀа,
Динара да воссош,
кхузахь ас ца лаьцна луьйта.
ТӀеваха верас вац,
ца xlyттy суьйрана пхьоьха,
ГӀенаша лазаво,
Нохчийчоь,
хьан куц-кеп оьхьуш.

Алу тIе кхоьссинчу
межарган хьожа яц кхеташ,
Мел чомехь кечдина
даарш а сов къаьхьа хета,
Бахам сан бу шортта,
амма вац со кхузахь вехаш,
Дависа, Нохчийчоь,
хьан лаьттахь цкъа caгla деха!

***

Суна ахь, да хилла аьлла,
Ма кӀеззиг ирс делла хӀетахь.
Бер долуш со хьоьха ваьлла,
Цундела со тӀаьхьа кхетта.

Цкъа мацца кхачийча некъаш,
ВогӀур ву хьан лулахь Ӏилла.
Тахана-м дог лозу, хьегӀаш,
Ца соцуш, ас тIе куьг дилларх.

Ӏожалло хьо хьалхе ваьхьна,
Ца кхиъна марзонаш эца.
Хьан кхалхар Ӏеткъаш, со ваьхна,
Ца кхиъна ког баккха хьоьца.

Со волчохь цхьамма ца хестош,
Со цунах къайлаха хьегна.
Бер човхош, дас пӀелг а лестош,
Ахь човхо лиъна хиш дегна.

Цхьаъ вогӀу кӀентан куьг лаьцна,
Къамел деш цунах дӀаийна.
Со гlyp ву дахарехь хьаьнца,
Хьо хилча кешнашкахь тийна?

Хийлаза, гlo эшна висчахь,
Тап-аьлла хьан кош тӀехь лаьтта.
Хьан кӀант ву да воцу миска,
Йоккхачу кху кешнийн хьаьттахь.

Замано кошан барз лечкъош,
Зезагийн xly тесна хӀинца.
Вовшеха къастийна некъаш,
Амат а дицдина дийца.

Цхьа бакъду, везачу суна
Массо а дийнахь хьо кхелха.
Вицвелла ма мотта хьуна,
Со xlopa дийнахь ца велхарх.

Бер долуш со хьоьха ваьлла,
Жималлехь хьох хьоьгуш кхиъна.
Хьан кош тӀе, сайх гӀалат даьлча,
Веана, ахь нисдан лиъна.

***

Шийла дарц цӀевзинчохь,
Гила борз левзинчохь,
Адамийн лар йоцчохь,
Рицкъанан цуьрг доцчохь
Хьо витча ямартчо,
Денвели хьо, нохчо.

Аьрзонан бен боцчохь,
Мокхазан бӀов йоцчохь,
ӀиндагӀна поп боцчохь,
Хьогамана хи доцчохь
Хьо витча тоьллачо,
Денвели хьо, нохчо.

Хьайн ненан мотт боцчохь,
Пондаран зов доцчохь,
Пхьоьханан гуо боцчохь,
Назманан аз доцчохь,
Кхоьссинехь тоьллачо,
Лийр вара хьо, нохчо.

ХЬАЙБАХА

Гечдойла шуна вайн везачу Дала,
Эхартахь шун синойх къинхетам беш.
Дуьнено ца бицбал аш лайна бала,
Лаьмнашкахь и гина тӀулгаш ду теш.

Шайн лахьта аьхки аш
тӀаьхьенийн кийрахь,
Чуртана дӀахӀоттош хӀораннан дог.
Шу хиларх бакъдолчу дуьненахь тийна,
Шен бӀаьргаш цӀийбелла Хьайбаха го.

Шун рицкъа ца хилла генарчу махкахь,
Даймехкан баьрчехь шу тийна-кха дIа.
Ламанан некха тӀехь шун цӀераш ахка,
Адамаш Хьайбаха гулделла схьа.

Нохчийчоь, доӀа дан шу Деле доьхуш,
Цхьана а заманна йицъелла яц.
Адамаш Хьайбаха зиярте кхоьхьуш,
Шун кертахь тезет кхин дӀахедар дац.

Адамийн дегнашкахь шун орца деха,
Хьайбаха – Ӏазапах йоьттина бӀов.
Шун кхалхар де-дийне
чов кӀарглуш хьегӀа,
Лаьмнаша тӀаьхь-тӀаьхьа
и хала лов.

Стигал шун Ӏожалло яьккхира серла,
Чекхбаллалц баьгна и тӀаьххьара суй.
ХӀинца а карайо даьӀахкаш керла,
Баьгча а бастанза къевлина буй.

ДАЙН ЛАТТА

Со вахарх мел хазчу йоккхачу гӀала,
Дог дагӀац хьоьх ваьлча
сан цунна къежа.
Ловр бу ас хьоьца сайн лазаме бала,
Ге латта тоьаш ду суна хьан бешахь.

Стиглане кхевдина лакхе а езна,
Хьан къоьжа и лаьмнаш дозалла хета.
Хьан бӀаьрхиш-шовданаш,
тӀулгеха дегнарш,
Детица кхелинчу шаьлтанах лепа.

Челакхчу дарцана цкъа а ца къарлуш,
Попан хьун ерзина лаьмнеха хьерча.
Де луьстуш, малх а бу
даккъашка лахлуш,
МаьркӀажа бода бу ярташка керчаш.

Муьлххачу юьртахь хьо,
гӀелвелла, сецча,
ХӀора кхерч хьо вохван сатесна богу.
ГӀо эшна, шен кетӀахь
стаг кхойкхуш хезча,
ХӀусамда вошалла дан араволу.

Сан мохк – хьо сан лазам,
сан хазахетар,
Сан деган ерриге йовхо хьо хилла.
Ахь санна, хьастац со,
сан чевнех кхеташ,
Гечдеш, со леларна хӀинццалца тилла.
НОХЧИЙЧОЬНЕ

Чим хилла хьо яьгна
бохур ду бендоцчу наха,
Бохур ду, лакхене
ахь кеста боккхур бац ког.
Амма цкъа боьрзур бу
чевнаша хьан аьгна накха,
Буьйсанан беттасехь
доьлур ду духа хьан дог.

Хийламмо бохур ду,
Нохчийчоь, хьо ю сан нана,
Хьан лазам ца лайна,
бохур ду, воьду со дIа.
Хьо йитна тезетахь,
той дууш ца лела пана,
Со хьоьца соцур ву,
бӀаьрхишца дохдеш хьан Iа.

ДоттагӀий, бовха кхерч,
дайн иллеш ахь делла суна,
Хьо йоцург, Нохчийчоь,
бахам а ца хилла сан.
Сан ницкъ бац геналлехь
наб йоцуш сагатдан хьуна,
Нохчийчоь – сан эла,
со лай ву лакхаллин хьан.

ВАЙНЕХАН ИЛЛИ

Лазийна дожийча, юха а гӀоттуш,
Ӏийжаме чов хиларх,
хьо стигла дийли.
Чов хилла волчуьнга хьал-де а хоьттуш,
ТӀемашкахь даьгна хьо, вайнехан илли.

Адамаш летачохь
шайн маршо къуьйсуш,
Шаьлтанан мукъ ахьа хьайн
буйнахь къийли.
КӀаддаларх, волчунна
хьайга сатуьйсуш,
Комаьрша дийки хьо,
вайнехан илли.

ГӀум-Азехь, малха кӀел дагийна,
доьжча,
Сан илли, хьайн махках
дог ахь ца дилли.
Мацалла бӀарзвелла,
пондарча воьжча,
БӀаьрхишца хьо дилхи,
вайнехан илли.

Тахана, дог дохдеш, хӀоранна доьлхуш,
Бакъонан неӀарш ахь
комаьрша йилли.
Деха хьо халкъашна диканиг хьоьхуш,
Сан хьоме, гергара вайнехан илли.

    ***

Дуьххьара дош олуш,
ас гӀалатвуьйлуш,
Воккхавеш дуьненахь бийцина хьо.
Дог лазош, вилхича,
со маракъуьйлуш,
Со тевеш, бийцина хьо, ненан мотт.

Тахана цхьамма хьо
емалбеш, воьлуш,
Лазаво, куралла ца буьйцуш хьо.
И коча зударий шен ненал тоьлуш
Хеташ ву цабуьйцург шен ненан мотт.

Вон деъча, гӀаьттина,
вайн Даймохк ларбеш,
Майралла дӀагойтуш хьийзина хьо.
Шовданехь оьздачу
йоьӀан дог дохдеш,
Мел говза бу бийца хьо, ненан мотт.

Шовданан зов санна, хьо зевне бека,
Нохчочун дог санна, цӀена бу хьо.
Ца вешаш, хьох даха гӀалаташ лехахь
Я бицбахь, ирс доцуш вуьсийла со.

ТӀаьххьара кешнашка
стаг новкъавоккхуш,
Хьо буьйцуш диканца тоьшалла до.
ХӀумма дац кху лаьттахь хьох
сан дог доккхуш,
Хьо соьга бицбайта, сан ненан мотт.

Сан дайша бӀешерех чекхбоккхуш,
луьттуш,
СовгӀатдеш, тӀаьхьенна схьабелла хьо.
Дикане я воне хьо тхоьца хӀуьтту,
Хьо гӀоза бехийла, сан нохчийн мотт.

    ***

Нах махца къийсалуш
бирзинчохь дуьхьал,
Дистинчу Яьссино бегочохь лам,
Мархаш кӀел бӀаьвно
шен кховдийнчохь буьхьиг
Хьо кхиъна, дахчалуш,
сан нохчийн къам.

Ламанийн бӀаьргеха Ӏеначохь шовда,
Баьржинчохь малха кӀел
аьрзунан тӀам,
Попан хьун яьржинчохь
стиглане кхийдаш,
Ца къарлуш, даьхна хьо,
сан нохчийн къам.

Саьмгалан хьожанах,
шаьлтанах ирчу
Ца кхийри, латорах хӀусамех цӀе.
Я малхо дагийча, я дарцехь тилча,
Ца къарлуш, хьо дийли халонех чекх.

МостагӀчо, ца вешаш,
долийча къамел,
Хьайн тӀулган даг тӀехь ахь
туьйсина дош.
Хьан хӀумма ца хилла деза
хьайн лаьмнел,
Уьш хилла дозалла, ойланаш, каш.

Орга №3. 2021

2 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.