ГАУ «Издательский дом»

ХАЛИКОВА Асет. Дуьненан меха к1ант…

***

Ша хьалха кхетачохь кхеташ бу малх а,

Ша хьалха санна вайн дахар д1ауьду,

Ткъа хьо-м, сан Нохчийчоь, йиси-кха цхьалха,

Дуьненан меха к1ант 1ожалло вуьгуш…

Хетало д1атийна дерриге 1алам,

Хьох болу кадам схьаоьцуш и лаьтта.

Хьан дахар-г1иллакхех йоьттина г1ала,

Шех халкъан бахам а хилла д1алаьтта.

Меллаша, тхан дегнаш чухула волуш,

Вай къаьсташ йуьтуш хьайх йоврйоцу марзо,

Тхо-м лаьтта хорамна дош а ца долуш,

Тхайн дегнаш 1овжийна къастаран дерзо.

Догдика вовшийн я 1одикаян а ца кхуьуш,

Кхолламо тешнабехк бина вай къаьсти,

Хьан оьзда амалаш б1аьрхьалха х1уьтту,

Эшаман бертигаш 1ожалло яьсти.

Цу Ялсаманешкахь юг1уш хьан г1ала,

Хьо декъалвойла-кха Везачу Дала!

158 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.