ГАУ «Издательский дом»

АХМАТУКАЕВ Адам. «Сан когийн айрашна хаало Даймехкан латта»

ЦIахь

Со-м юха а вайн кху кетIа кхечи,
Лайла юьллуш когийн ларан тир…
ХIинцца учахь,
мекхайоьлла эчиг
Елхош,
ехьар ю горгалин йир.
Корехь кирхьа меттахдоккхур нанас,
Йовхарш туху кеп хазор ю дас,
НеI цIовзийна чилла
юьтуш арахь,
ЦIехьа бина некъ чукхачор ас.
ПIелгаш морцуш, цIе тойина пешахь,
ТIехилор бу нанас чайнан яй.
Генахь лехна, хаьржинчу сан дешарх
Хоттуш, озор дас къамелан тай.
Букъ гIортийна куз тоьхначу пенах,
Назбар хьоьшуш аьрру пхьаьрса кIел,
Къена энаш кхобу иза
шена
Суьлхьанашца тIегулбеш ву мел.
Ткъа сан нана!..
Хьомсара сан нана!
Декъалвинарг доьзалан да шен!
Цуьнга кхочуш
цIийна, цIенна хьанал
Нана-махкахь нана хирий-те!..
Бехкийн кIара хьийзачу къамелах
Тамехь туьдуш кхиар со – шайн бер,
Нанас сихха чай, сискал, тIоберам
ОхьахIоттор,
тодеш дас шен Iер…
РагIу кIелахь
дорцах йоьлху буьйса
НеIарх леташ – декъа вайца Iийд, –
Яхлур гаран марзо,
дIа ца дуьйшуш,
Арахь мукъам хаззалц боргIалийн…
Иштта буьйса кхоах дуьхьалйохуш,
Лорах лела яхлой, гIайгIано
Некъаш оьхьу – вайн хIусаме догIу, –
Мерза луьстуш гIенийн хенагуо.

ЦІерпоштан некъ

Со, ненан марзо а йовзале,
Къежвелла цІерпоштан некъа тІехь,
Цу некъан деккъа ши доза бен
Ца девзаш кху лаьттан некха тІехь.
ГІаргІулийн назманийн мукъамехь
Некъ хьоьшуш цІерпоштан чкъургаша,
Со ваьгна сайн лаьмнийн дукъа тІехь,
Нахаре сатесча ардаша.
ГІо-орца ца кхаьчна тешамаш
Декъалбеш семачу гІенаша,
Ас къинойх цІанбелла иэшамаш
Схьабеъна къорачу хенаца.
ГІайгІа ю церан садукъаме ,
Къобалъеш хораман къурдаша…
ГІаргІулийн назманийн мукъаме
Йоху и цІерпоштан чкъургаша.

Даймехкан латта

ХьаргІанийн бодано
виначу лаьмнашна гуо беш,
Жоп доцуш дисира
сан пхенаш озийна хаттар:
Сох хила доьгІна-те
бехчалгийн кхолламан буобер?
Сох хила доьгІна-те
сагІина сеттина хаттар?
Мецачу кийрара
йишхаьлла мукъамаш бохуш,
Къорачу иллешца
со лийриг цахилар къедош,
Ас хІора буьйсана,
шелделла дайн ардаш охуш,
Лехьийна лазамаш
денлора, сан гІенаш хедош.
Ас маьлхан зІаьнарех
туьйсура дахьийна пІелгаш,
Шелоно хедийча
сайн дечиг-пондаран мерзаш.
Иллеша къардора
сан лорах хІиттина белхарш,
Къилбехьа таьІна со
лаьмнашна дуьхьала верзош…
Дорцаша якхдинчу
сан даг чохь мекха яц, муо бен,
Жоп доцуш ца дисна
сан пхенаш ийзийна хаттар –
Ца хила доьгІнера
бехчалгийн кхолламан буобер,
Ца хила доьгІнера
сагІина сеттина хаттар.
Кхетта со: лаьмнашна
херделла сан некъаш доьхча,
Сан иллин мукъамо
со новкъавоккхур ву атта.
Ас дечиг-пондаран
мерзашка жимма ладоьгІча,
Сан когийн айрашна
хаало Даймехкан латта.
Да ган лууш
Я.З.
Да ган лууш, дІавуьжу-кха со а.
Самах санна, гича иза гІенах,
Хазахетар тигац даг чу хоа,
ХІетте а со воьлху оцу хенахь,
Денвелла сайн да валарна кхоьруш…
Нанас-м боху, набарха со воьлу…

Халбатахь санна…
Малх а, чукерчина, гучуьра бели,
Учара стол а чукарчор ю кестта.
Йииний, йиина довлазий, берийн
ГIовланаш йолор ю гIенаша хьеста…
Доьзалх а дисина, совдаьлла дахар
Денлой цу къоьжачу набаран кхоьлах,
Цо дагалецамаш хахерца бахар
Ловра ахь, бехкаме шабарш деш Деле.
Ирсана биттина лаларш а цоьстуш,
Эмалкан амале оьмар мел йийларх,
Юткъа хьайн ойланаш цунна ца йостуш,
Халбатахь санна,
хьо хьуо-цхьалха Iийна…
Малх а, чукерчина, гучуьра бели,
Доьзалца, гуо бузуш, пхьор диъна стол а
Готтачу кху кIарахь новкъа ю, эли
Хьан дакъа лийчо схьагIертачу моллас.

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.