ГАУ «Издательский дом»

Абубакарова Пет1амат. Къоманна са дIаделлачунна

(Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш)

Мискачух, гIийлачух кхетара дика,
ДогцIена Делан лай хиларна ша!
Маьршачу дахаре адамаш дига,
И хьалхавелира, ца кхоош са.

Да воцуш йисина Нохчийчоь денъеш,
Къоман сий айъадан хьийгира къа.
Дай баьхначу Лаьттан шатайпа сийдеш,
Тодира, кхиийра беркате кха.

Iемира харцонехь, собарх ца вуоха,
Саьрмако шен махкахь йиллича цIе.
Йицлур яц, замано хийцарх шен духар,
Къоманна шен са дIаделлачун цIе!

Орга №3. 2021

9 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.