ГАУ «Издательский дом»

АБДУЛАЕВ Леча. «Гуттар а шаьш хилларш ду лекха лаьмнаш…»

***

Вай атта дIадулу диканах,
Моьтту, вай хьакъ дина, догIу.
Ур-аттал, хаза гIан декхалахь,
И вешан хьаьрчинчу декхарна
Схьаелла ял яц-кха бохург
Кхин дIора дага ца догIу.

Со оццул тилла вац, диканиг.
Дуьненахь вай дац-кха туьканахь,
Мах белча, деззарг схьалучу.
Кхин ала шена кхин гучо.

Дог кийча ца хилча вуонна,
Диканах ца хуьлу кхаъ а.
Аьхка луо ца эшна суна.
Iай заза хир доций а хаьа.

***

«Хьекъийла!» – олуш а хуьлу.
«Ирс долуш хуьлда хьан!» – олу
Ламаст иштта вайн нехан
Вовшашца тIекаредовлуш.

Герзо чов йина стаг хилча:
«Чов декъалйойла хьан!» – олу.
Матто яхь, чов а ца хета,
Деган чов ца гуш, тIехбовлу.

ГIайгIа а, цамгар а ца хета.
«Маршалла дойла!» – ца олу.
Гора-яI, дилхан дог, вайша!..
Со-м хьо дIадаккхийта воллу…

***

Лелашшехь, хIинц-хIинца
йолийна бохуш,
Чухьаьжча, бух гуш ю оьмаран кхаба.
Хетарехь, кхабанан бух хилла болуш, –
Кхин бахьна дацар-кх, сел сиха кхачо.

Доладал ца хуьлу мел деха де а.
Ерзаял ца хуьлу мел еха буьйса.
Хетарехь, гIунан тIам дIахецабелла…
Хетарехь, схьалаца эрна сатуьйсу…

   ДегIаста

    1

Геннара хьоьгара хьал хетта гIуо со?
Уллера… са малхадала ца доллу.
Хьайн ойла ма-лаьтта яха хьо гIоза.
Сайчуьнга хьаьжна хьо яха ца йоллу.

Мацца а хир аьлла, тийса са доцуш,
Тийсина, тийсина, са а чекхдаьлла.
БIаьрг а ца боьлху,
кхин леша хи доцуш,
Дог а ца лозу кхин –
чIагIделла даьлла.

Динара восса со, хьоьца гIаш лела?
ГIаш а ма мегара, букъ нийсса мегча.
Букъ кегбан дезар ю-кх йоккхачех гIело.
Хьуна-м и ца тоьа, гора ца эгча…

    2

Хьайна дагадогIург ахь ца дуьйцу.
Сан хетарех хIара дуьне ца теша.
Цуьнга хаттахь, хьо ю когайоьдуш,
Ткъа сох доьлла эзар-эзар бIешо.

Эзар-эзар, эзар-эзар бIешо…
ХIун идийна, хIун лелийна вайша?
Я ахь соьга хьо ма-ярра йийца.
Я, сан шераш, шу мукъне IадIейша!

Сан гIенашна бIешерийн дой терса,
Уьншарера хилларг-лелларг хьегIа.
Иштта холчохь хир ю-кх кхерах йина
Кхеран иэс шен даза кхеран пхьегIа.

***

ХIан-хIа, керташ езаш вац со,
Амма хила деза ден цIа.
Дозанаш ца деза суна,
Амма хила беза Даймохк.
– Хьенех! – аьлла, йоккху шен цIе
Хьарам ю шен Даймохк боцчун.
Пачхьалкхаша хIуъа йийцарх,
Даймохк бац шен меттан боцург.

Кху дуьненан массо маттахь
Хьаьгна ву со илли ала,
Амма вац со реза такха
Ненан боцчу меттан гIуда…
Ненан боцу
Мотт ца хаа
Маршо йоцург
ГIийла буо ду.

    ***

Цу мехкан Хьерашца
къийсар бу белам.
Цул боккха белам бу
Дон Кихот – хьархо,
Дин, гIагI а дицдина, ворданахь лела…
Хьаъа бахахь а, ахь и ма делахь.

Шера ду кху нехан силаман некъаш.
Чехка ю конканаш, коча бу безарш.
Амма вай ма дойла-кх кху хено декъал,
Ойланаш гIашъяьхна, хила вай дезахь.

Джахилшна юккъехь а
лардо шен хьекъал,
Ца дицдо, джахилшна ца оьшу, олий.
Осалчу нахана ца оьшу, олий,
Къонах а ца вуху шен кхожа-декъах.

***

Ма дIатийна урам-некъаш,
Хьевелла цIа вогIург воцуш;
Хилча санна массо декъал,
Кхин ца оьшуш вовшийн орца.

Ма дIадайъи наха стогарш,
Ма дIабийши, боцуш санна, –
Дуьра диънарг воцуш хьогах,
Делха бер а доцуш нанна.

ХIай, лулахо, йовхарш яй а,
Со цхьа-а воций, хаийтахьа.
Со хир хьуна, наб а яйна,
Хьо цхьа-а висна буьйса ягIахь.

Бахьна доцу гIайгIа еъча,
Яхло шенна юьсу буьйса.
Бахьна доцу гIайгIа еъча,
Кошахь санна, цхьалха вуьсу!..

Дехко еччул гIовгIа яй а, –
Жимма само ехьа хIинцца.
Хала дац ахь сан дог айъа:
Тоьа – лулахь хьо вуй хиъча.

***

Ца велха – хуьлу цхьа велар.
Лазам мел хили а чIогIа,
МоттаргIах тарла хьан велхар,
Веларна – йокха ял йогIу.

Ца елха – йийлина хилла
Хьо, гуьйре, хIара де кхаччалц.
ХIинца хьайн ворхIе а стигал
Йилли ахь… БIаьрхиш-м дац кхачош.

Ирс-яI хьан, ницкъ тоьъна елха!
ХIай гуьйре, хьо-м паргIатъели.
Сан деза кхин а дIалело
Сайн бIаьрхих дуьззина велар.

***

– Цхьаннан а некъ хадор боцуш,
Некъ бац те, – шен ирсе харжа?
И лоьху хан кIордор йоцуш
КIант вара-кх вайн вийца, маржа!

– Цхьаннан а дин эшор боцуш,
Дин бац те, – ткъесал а маса3?
Цунна шех ваша хир волуш
КIант вара-кх. Виэ цуьнан да со!

– Цхьаьнггара а яккха ца езаш
ЙоI яц те – малхал а хаза?
КIантана бала бу беза –
Ша цхьаьнца ца йоькъу марзо…

Амма вац цхьа а дош олуш.
Нахана гина а бацара
Кхечу дойл хьалха ца болу
Маса дин, тоьпе ца лацалун.

ХIинццалц и карийна бацара –
Цхьа кхин некъ ца хадон некъ а;
Цхьаннан дог ца дохош, декъал
Цхьа а кIант ван йоI а яцара…
1984 ш.

***

Цхьаъ сийсаз ца вича,
Вайн сийлахь вацахь,
Коша тIе ца ваьлча,
Вайн лекха вацахь,
Умматан дегI декъна,
Тобанан хилла,
Лекха хир ваций со-м,
Сийлахь хир ваций.

Ломан юьхь ца яьхча,
Охьара вацахь,
РегIан юьхь ца яьхча,
Хьалара вацахь,
Даймехкан дегI декъна,
КIоштан стаг хилла,
Хьан воI хир ваций со-м,
Ваша хир ваций…

Ворда ца йоьхча, кхин
Дорс хуьлуш дацахь,
Сту белла ца хилча,
Пхьор хуьлуш дацахь,
Мохк бухуш кхаьчначу
Байн декъах тешна,
Вуза а ваций со-м,
Виса а ваций…
1998 ш.

Баланийн бераш ду вай

Вай кIентий деца,
зама йоцуш дисина,
Ваьшна зама ва хилча,
дехар дара ваьш, ва, бохуш.
(Халкъан назми юккъера).
I
Я белха бIаьрг а ца бисна,
Я лаза ца дисна дог а.
БIе Iаьвши, Iаьвши бIе исс а –
Бала вай, Iовша ма-моггу.

…Букъсуьртийн кураллаш, маржа!
Имамийн кхайкхамаш, гора!
Iожаллах ца эцна маршо
Вайна ю гуттар а йорах.

Гуттар а дIакхелха некъаш:
Хонкаре, Шеме, ГIум-Азе.
Гуттар а – бIо лето хенаш.
Вайша ву гуттар цIа ва̀за.

Вайшиннан хилла-кха хьарам
Зама а, Латта а хIара…
Цкъа делла девлла делхьара,
Вай-м дѐхар долуш ма дара.
2
Баланаш – вайн наной, дай.
Уьш боцчохь вайх хуьлу бай.
Баланийн бераш ду вай.

Бала бу доьн-дерзон урд.
Бала бу кахьаран тIулг.
Бала бу кхерчан цIе-кIур.

Бала бац – шелъели нуьйжаI.
Бала бац – малъели нуьйра.
Бала бац – ца йоьрзу куьйра.
Бала бац – дицдели туьйра.

Вай гIитторг – баланийн дарц.
Вай кхиорг – баланийн дарс.

Баланаш боцчохь вай туьлу,
Да воIна ца вевзаш хуьлу.
Баланаш бицлучу ханна
Дуьненца, нускалца санна,
Эвхьазадийллал вай дайло.
Баланаш – вайн Iуй бу, дай бу.

Баланийн бераш ду вай.
Дайх диснарг, дуьсудерг вайх –
Баланаш… Логера вета –
Баланаш. Чо чехка верта,
Юкъ къуьйлу доьхка а – бала.
Бала бу тусург вайн амал.

    3

Юха а хи доцуш бисина чIара.
Юха а га доцуш бисина сара.
ТIам боцуш дисина са маьрша леча.
Вай кIентий дисина, ца кхочуш зама.

Юха а стиглара садаьхьна зуда1
Эмкалахь йоьссина, вайн бераш дига.
Юха а цIе-кхерчах хьаьрчина гIуда, –
Нохчийчохь нускалаш вайн жоьра дита.

Юха а, ка йоьхна бисина пхьераш.
Юха а, хи лекъна, хIиттина хьераш.
Юха а, тIеэгна туш-шахьарш екош,
Тийжаш ду баьгначу доьзалийн гIенаш.

Юха а мурдийн бIо – имамийн марзо,
Багийна, гIаттийна гIазотан дашо.
Юха а – бакъ,
харц а доцу къам-миллат.
Нохчийчохь – обарган
кхаж баьлла маршо!
1995 ш.
Дечиг-пондар

Дай,
наний,
сой –
кхо мерз бу пондаран сан.
ЦIай,
урддий,
неккъий –
кхо мерз бу пондаран сан.
ВоIIий,
ваший,
хьаший –
кхо мерз бу пондаран сан.
Цу кхаа мерзаца аьллехь,
илли ду Даймахках сан.
1981 ш.

    ***

ДIахьовзадарх, схьахьовзадарх карта,
И сан Туш-Пхьа2
схьагуш яц кху лаьттахь.
Жайнаш догу, тептарш догу цIарах.
Бехк а бац цу кIуьрлахь и цагарх а.

Амма цIергахь догуш дац-кха иэс сан.
Шерийн лорах кхерста иза ткъесах.
Азатйолий шерийн боданера,
Къега ойла, сан некъ гойтуш шерра.
Кхо бIе шо я диъ бIе шо ду, тов3,
Ас сайн маршо лоьху хIокху лаьттахь!
И ас лоьхург маршо а ю, тов.
Историно со бовваьккхи атта-м.

Диъ бIе шо, тов! –
И ма хан а ю!
Маршо лехар –
Ма Iалашо ю!

Сан хан ю-кха азаллера дуьйна
Абаде дIакхаччалц, хаа шайна.
Хаа, ибн Адам4 цIе а юйла.
Сан маршо а
йийна яьлла яц.
Цхьана дена
дIаелла а яц.
Цхьаьнцца а тIаккха
къийса езаш а яц.

Тоийтал цкъа,
хIай, иблисан тIаьхье!
Хьан истори суна кхин ца тов.
Йитал суна и сан юьххьий, яххьий.
«Майра ву хьо,
къонах ву хьо», – бохуш,
Ахь тIараш мел туьйхи,
ас бохь бугIуш,
тIехдахделла хIара шайтIанийн той.

ХьашлагI5 юьллу-кх,
луъург боле хIоттош,
ХIай, иблисан тIаьхье,
декъаза:
Къонах-м хIун ду? –
пайхамарах гIоттуш
Гур ю хьуна
Нана-ДегIаста.

ДIасахьийзо оьшуш доцуш карта,
Нохчийн Туш-Пхьа гур ю хьуна лаьттахь.
КIайн дуьне шен семан тIехь мел лаьтта,
Тептарш кхойкхуш,
жайнаш кхойкхуш иэсехь
Ехар ю-кха нохчийчуьнан цIе сан!

ХIай, ватталхьан,
са ма даIалахь,
Гур ю хьуна Iелам къонахалла…
Гур ю хьуна хьекъалх йогу яхь!
2001 ш.
Весет

Къонаха мел вериг вицвина кхайкха,
Къонаха мел воцург кхайкхаза вогIуш,
Йиллинчу юьртана пхьоьгIа ца тайна,
Тхов латто ца тоьъна цхьа аьрда-богIам6.
– Ас аьлларг хилла ду! –
куьйга мекх хьийзош.
– Цааьлларг дисна ду! –
кур аркъалсеттош,
Мусостан цхьа тIаьхье
барч баккха хьийзаш,
Жана тIаьхьа жIаьла санна,
ма гIолаш, кIентий.

Ша веххалц Iиэн хиъна и Адин Сурхо,
Вехча, кIант дIавелла и Сурхон нана, –
Кхайкхочу сийдолчу Къуръанан суро
Собаран масал дай, дIаэца пхьанна.

Пхьарматан пхьалгIа е
хIора а пхьиэдахь7,
– ЙоIна – цу, воIна – хIу! – доIадеш Деле,
Iилманца дебар вайн
къилбанна хьедай,
Лаьттана вайн наьртийн
хIу Iалашделахь.

***

Хьоьга дIакхачо яздина
Дош идош лелла со, вогIург,
Мотт8 боцуш и дахьа, дилла.

Юьхь-дуьхьал хIуттуш да воцуш,
Стигланаш, латтанаш лелхаш,
Кайоцчу тIамо кайохор
Ца гIерта со хьуна далхо.

Дерзаде, диэ9 а, ца боху,
Заманца диталахь латта,
Ларделахь машаран урдо —
Дайн синойн жаз10 эгна латта;
Диталахь, акха дитий а,
Кху къоман са силам батIа11.

    ***

Гуттар а шаьш хилларш ду лекха лаьмнаш.
Гуттар а ша хилларг ду Орга, Терк а.
Цхьаъ – гIергIаш, цхьаъ тийна догIу.
Ткъа раьгIнаш
Лаьтташ ю, соз-бецан тулгIенаш техкаш.

Куьпчичо тIам12 санна, луъуче летош,
Юх-юха хуьйцу сан кху мехкан цIе а
Ша ерриг юьсур ю, дуьненна кхеташ –
Сан Нана-ДегIаста, НОХЧИЙЧОЬ – цIена.

Къуйша хIонс ва санна, цIарах цIерш тохкуш,
Мохк боцчу элаша шаьш биэкъа хьийзо
Сан нохчий хир бу цкъа шаьш хилла нохчий.
Ватталхьан, ватталхьан, тIарах мохк хьийзорг!

«Ваьхна ву, вехаш ву, вехаш а хир ву…»13 –
Цу йилбаз-тартийсарх14 цкъа самадевлла,
Тхуна тIехь гуттар а хила а хилла,
Ван а ву,
хир а ву
цхьа АллахI Дела!

1 «КIайчу эмкалахь стиглара елла зуда юссур ю. Шена луъучу чу а йогIуш, цо бераш дIакхоьхьур ду. Цуьнга, уьш ма кхехьа, ала йиш а хир яц цхьаннан а». (Бераллехь хезначу хабаршкара).
2 Урартун пачхье (столица). Нохчийн маттахь: туш – нах беха меттиг, пхьа – адмийн хIу, цIий цхьаъ долу нах.
3 ДIадахначу бIешеран дезткъалгIачу шерашкахь нохчийн къам керлачу бохама кIел кхосса кечдечу муьрехь даьржина хилла къамелаш.
4 Адам-пайхамаран (I.с.) воI.
5 БIов йотта йолаяле, цунна бух иштта кечбеш хилла.
6 ГIишлон тхевнан коьрта йозалла тIеоьцу богIам. Кхузахь: гIортор.
7 Ломара юрт. Кхузахь: нах беха муьлхха а меттиг.
8 Меттиг.
9 ДIаде.
10 Кхузахь: хIу, цIий. Жаз – зезаган патар.
11 Кхузахь: даха, кхиа.
12 Куьпчи – поппарх пхьегIаш ен пхьар (гончар).
13 Баьччанашна бен хастамаш.
14 Иблисо (йилбазо) марзден хIумнаш.

Вайнах №2. 2021

200 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.