ГАУ «Издательский дом»

Сирла седарчий.

Тхан хьоме бераш, тхан дика доттагIий!


Оха схьайоьллу керла рубрика: «Сирла седарчий». Кху рубрикехь оха шуна бовзуьйтур бу вайн махкахь а, дозанал арахьа а бехаш болу, дешарехь а, спортехь а, кхоллараллехь а шайн кхиамаш, хьуьнарш а гайтина, шайх масал эца хьакъ болу вайн кегий дотттагIий.
Хьалхара вайн турпалхо ву Султанбеков Муслим. Иза Самарехь Iаш, доьшуш а ву. Аьхкенан каникулашкахь хазахетарца цIа вогIу иза Нохчийчу – Гуьмсе гIала.


Султанбеков Муслиман 9 шо ду. Цуьнца къамеле ваьллачо цуьнан исс шо ду эр дац, хIунда аьлча воккханиг цецвоккхуш хаарш ду цуьнан. Кхиамца кхо класс чекх а яьккхина, йоьалгIачу классе ваьлла Муслим. Самарера № 32 йолчу школан дешархо ву Муслим. Дерриге пхеаннаш а долуш, чекхъяьккхина Муслима кхоалгIа класс. Классехь цхьаъ бен воцу нохчийн кIант оьрсийн берашна юкъахь тоьлла дешархо ву.


Самаре дIавахале Муслим Соьлжа-гIалахь «Страна чудес» берийн беша лелла. Цигахь Мегамозг олура Муслимах, иза хьекъал ира хиларца, хIума довза, дуьхе кхиа лууш хиларца, керланиг дагахь лаьтташ хиларца, къаьсташ волу дела. 1-чу классе Соьлжа-ГIалахь вахара Муслим, № 14 йолчу гимназе. Цуьнан хьалхара хьехархо яра КанаеваТамила Докаевна. Цо дуккха а керланиг, диканиг Iамийра кIантана. Дукха хан ялале шен дендай, денаний, девежарий Iачу Самаре шен деций-ненаций дIавахара Муслим. Цигахь иза деша вахара уггар тоьллачу, цхьайолу предметаш кIорггера Iамочу №32 йолчу юккъерчу школе.


Хьехархоша а, дас-нанас а дуккха хаарш ло берана. Амма бер ша а хила деза хIума довза лууш. Муслима, дукха жима волуш, Iамийра тайп-тайпана гаджеташ лело. Сихха электронни ловзарш карадирзира цунна. Шен самукъадаккха, ловзо ца ерзийра цо уьш кара. Берийн ловзарийн программийн гIоьнца цо Iамийра абат, элпаш вовшахтаса, аьзнаш нийса ала а. Цундела киншканаш еша хьалххе волавелира Муслим. Дуккха а киншканаш ешаро аттачу доккху ишколехь муьлхха а предмет Iамор.


Муслима къаьсттана дукхаезаш Iамайо: математика, ингалсан а, оьрсийн а меттанаш. Математикехула а, оьрсийн маттехула а дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу олимпиадашкахь 1-ра меттигаш яьхна Муслима. Дуккха а Дипломашца, сийлаллин грамоташца а совгIаташ дина Муслимана. Цуьнан хьехархочо Судакова Юлия Юрьевнас лаккхара мах хадабо Муслиман хаарийн, кхечу берашна иза масаллина а валош. Оццул жимачу вайн махкахочо дика цIе йоккхуьйту вайн къоман.


Дика дешархо хиларал а сов, Муслиман спортехь а дика кхиамаш бу. Иза Самарера №11 йолчу олимпийски спортивни школе лелаш ву. Цигахь Муслима Iамадо греко-римски латар. Самарехь, кхийолчу гIаланашкахь дIахьочу къовсамашкахь дакъалоцу Муслима, совгIаташ а дохуш. Охьатохарх санна деза Муслимана футболах ловзар а. Ишколан лахарчу классийн футбольни командин декъашхо ву иза.


Аьхке шен садоIу зама елахь а, мукъа Iаш вац вайн жима махкахо. Цо дукха книгаш йоьшу. «Книгаш ешча, дуккха а керланиг девза, ойлаян Iема, хIуманан нийса хьесап дан хаьа, дуьненах долу хаарш совдуьйлу», – боху Муслима. Цуо Гуьмсерчу библиотекера еша схьаэцна дуккха а киншканаш: Р. Киплинган «Книга Джунглей», Э. Распен «Прик-лючения барона Мюнхгаузена», М. Твенан «Приключение Тома Сойера», Д. Свифтан «Приключение Гулливера»…Къаьсттана дукхадезачарех ду нохчийн халкъан туьйранаш, журнал «СтелаIад» а. Дукхаеза мультфильм «Черепашки Ниндзя». Хазахета кино «Живая сталь». Муслимна шен кхиарехь пайде дерг лаха, иштта садаIа а хаьа.


Доьзалехь воккханиг ву Муслим. Иза дика накъост ву шен дений, нанний. Шен жимахйолчу йишин Мареман а, вешин Мухьаммадан а доладо, ларбо, цахуург Iамадо, церан самукъадоккху цо.
Воккха хилча, мила хила дагахь ву хьо аьлла, шега хаьттича, вела а велла, жоп делира Муслима: «Бизнесмен хила дагахь ву со, Илон Маска санна. Ас дешна цунах лаьцна Интернет чохь. Цо кхоьллина Тесла, автопилот, кхин дуккха пайдениг. Бизнесмен хиларал сов, Iилманийн доктор, профессор хила а лаьа суна, сайн Даймахкана пайде а волуш, гIийлачу нахана гIо а деш. Оцу Iалашоне кхочур ву, дика дешахь, дас-нанас бохург дахь, цара нийсаниг бен эр дац».


«Хиндолу хьоза бенахь дека» – олуш кица ду вайн. Ша оццул жима воллушехь, шена хьалха яккхий Iалашонаш хIиттийна Муслима. Дуьнен чохь нахана пайде хила лаарх юьзна цIена ойланаш ю цуьнан. Дала мукъалахь Муслим шен цIеначу ойланашца Iалашоне кхочур ву, цо цу тIехь къахьоьгур ду. Дала аьтто бойла цуьнан а, иштта вайн массо а берийн а!

Стела1ад №3. 2021

7 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.