ГАУ «Издательский дом»

ПАШАЕВ Нурди. Б1аьстенан 1алам

Малхо Ӏенош шен зӀаьнарш,
Дуьне самадаьккхина.
Бай тӀехь девлла зезагаш,
Хьочо заза даьккхина.

Мукъамехь ду олхазарш,
Локхуш зевне эшараш.
Царах къаьста шоршалаш,
Мукъам хаза зарзараш.

Накхармозийн гӀовгӀано
Юьртан басеш екайо.
Чохь сурт гучу хьостано
Сирла шовда хьекъадо.

Го бӀаьстенан аматаш, –
Лаьттахь довлу зезагаш.
Ма аьхна ду, Ӏалам, хьо.
Ас хьан даим тӀалам бо.

Стела1ад №2. 2021

7 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.