ГАУ «Издательский дом»

КЕРИМОВ Муса. ДогIа

Бода Iаржло, серло сега,
ДогIа эккха буьйсанехь.
Вота санна, латта дека,
ТIадмаш лелхаш буьртигех.

УьйтIахь, новкъахь
Iаьмнаш хIиттий,
Хино бохий хийла шу.
«Чхьоппий-чхьиппий,
чхьоппий-чхьиппий» –
ТIадмаш оьгу Iаьмнаш чу.

ДогIан хино латта огу,
И раз кхоьхьуш, хьоькху мох.
Ширчу тхевнах ладарш оьгу,
Тата доккхуш: «тIоххий-тIох».

Гонах мел дерг гучудоккхуш,
Серло сега, «лап-лаппехь».
ДогIан серий. Хьаьвдда Iовраш,
ХIуьттуш, лелха лоппагаш.

Махо хьуьн чу дIахьо догIа,
Циггахь юьйлу «йоккха топ».
Стелахаьштиг кхетий гIодах,
ЦIарах богу къена поп.

ЦIе дIаяйа, догIа детташ,
Маса йовлу чахчареш.
Махо лестадеш ду дитташ,
Коьллаш юккъехь
«Шах-ших» деш.

Стела1ад №2. 2020

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.