ГАУ «Издательский дом»

Хоккей

Абубакарова ПетIамат

/Дийцар/

Цкъа юьрта юккъерчу туькан чу вахара Салман, берийн тайнигийн туькана. Цу чохь ян а йоцуш хIума яцара: тайнигаш, бехчалгийн тотеш, берийн пхьегIаш, машенаш, говраш, лоппагаш.

КIантехь цхьа сом ахча дара. ХIун оьцур ю ца хууш, ойлане ваьлла, лаьттара кIант.

Вехха лаьттира иза, гIопастана тIерачу юхкучу хIуманашка хьоьжуш, хIун эцча, дика хетар дара те йишина, хIун йогIу те шена ша кIирнах вовшахтоьхначу соьмах бохуш.

ЦIаьххьана бIаьрг тIехь сецира цуьнан хоккей-ловзарна.

Дийна болуш санна бара хоккейхой. БIаьргаш къегира кIентан. Эчиган го а болуш, кегийчу серийн гIоьнца хьайна ма-ттов сийна-цIен хоккейхой куьйга айхьа дIасалело йиш йолуш, беасонан гура чохь кечдина ловзар дара и.

Салманна чIогIа езаелира и хоккей.

ТIе а хилла, йохкархочуьнга хаьттира цо:

– Деца, хIун доьхуш ю хоккей?

– Пхи туьма. КIант, куьйгаш ма Iитталахь, йохор ю ахь, – аьлла, цхьа чордо йистхилира йохкархо…

ГIийла туькан чуьра аравелира Салман, ойланаш еш, охьавеара шайн урамехула. Пхи туьма, ма дукха а ду иза. Маса эппаз ду и? Итт баттахь а гуллур дац и ахча-м, Хедина цхьа а хIума ца эцча а. Мичара дер дара те пхи туьма?..

Пхи туьма хIетахь сийна  кехат дара, тIехь Ленинан сурт а долуш. Доккха ахча дара иза воккхачунна а, берана-м хIетте а. Цунах пхи эзар сирникийн ботт йогIура, я ши бIе шовзткъе итт булка Iаьржа бепиг догIура. Дика ахча дара иза.

ГIайгIане вара оцу деношкахь Салман чIогIа. Чу-ара массазза вели а, дIатаьIча а, ловза ваханчохь а, школехь а – массанхьа и хоккей хьалхалаьттара цунна.

Туькана воьдий, бIаьрг тухура сих-сиха, Деле доьхура, цхьаьнгга а дIа ма эцийталахь иза олий, шена ца йисарна кхоьруш.

Нене аьлча хIун дара те? Да цIахь вац, иза а ву генарчу балха вахана, ненехь хир дац ахча, я, хилча а, лур а дац. БIарзвелла хьийзара иза…

Оцу ойланашца дIавижча, гIан гира кIантана.

Кхаьрга ненанана еънера. Салман сихха тIоьрмиг чу хьаьжира. ТIоьрмиг чохь, цIен, сийна духарш дуьйхина, басаршца кечбина, дуткъачу эчиган хоккейхой бара.

Дукха чIогIа хазахетарна, шена байн барт баьккхича санна хийтира кIантана цIаьххьана. Ши бIаьрг схьабиллича, нана гира тIехIоьттина лаьтташ. ХIара, цициг санна, хьаьвзина Iуьллура маьнги тIехь.

Аьлча хIун дара те нене? ХIан-хIа, лур дац. Я хир а дац. Эрна ду. Хилча а, оьцуьйтур а яц хоккей, и мах а белла. Цул а лаха деза.

Дукха ойланаш йинчул тIаьхьа Салмана сацам бира, карадахь, чуьра эца пхи туьма, юха охьадуьллур долуш, вовшах а тоьхна.

Шифонера чуьра дIадолийра ахча лахар.

Ден костюман киснахь карийра сийна кехат, кхунна дIадиллина Iуьллуш санна. Меллаша схьаийцира кхуо ахча, кисана диллира. ЦIаьххьана йовхо хьаьдира дегIе. Къола дара деш дерг…

Iуьйранна школе воьдуш, хоккейна тIехь яра ойла. «Везан Дела, дIаэцна ма хилийталахь и!» Сихха туькана дIакхача везаш вара Салман. ХIун хаьа, дIа а яьлла, вуьсий.

Ма-ваххалу сиха туькана чу тилира. Цхьадика, хоккей-м дIалаьтташ яра.

Схьа а даьккхина, сийна пхи туьма дIакховдийра Салмана, ша хьацарца даьккхина долуш санна… Мерза сатийсина хоккей карахь яра…«Чу кхаьчча, ма-дарра дуьйцур ду нене».

Хоккей Салмана чу ца яьхьира. Ца хIоьттира. Лулахочуьнга Хьасане дIайиллийтира.

ХIора сарахь ловза воьдура Салман.

Иштта дIайоьдура хан.

Нана хIуманнах а шек яцара. Цо шен доьзал цкъа а цхьана а хIуманна тIехь эшна ца битинера. Сема яра иза, нана хиларе терра. Шен беро чуьра ахча оьцур дара аьлла-м, гIенах а дага а ца деънера цунна. ХIуманна тIе ма кховдалахь, ала деза аьлла а ца хеттера цкъа а, шен доьзал ша массо а агIор лерина кхиош хиларна.

Гуьйре а тIекхечира. Хох-саьрамсекх, хьаьжкIа-кхоь дIаерзоран мур.

Салман шен къоланца вехаш вара. Салмана хоккей шозза-кхузза чу а еънера, луларчу Хьасана йитина шегахь аьлла.

Иза-м юьртахула лелаш хиллера, Хьасана, шега хаьттича, Зиявдин ю олуш, Зиявдис Iимранан ю олуш, юьртан юкъара а хилла. Салмане-м и кхочуьйтуш а ца хиллера кхуьнан къайле хуучу доттагIаша. Мотт барна ма кхоьрурий Салман.

Цкъа пIераскан буьйсанна ХьасангIаьрга сагIийна хIума эцна яханера Салманан нана ХIазан. Зулпаан бераш хоккейх ловзош гича, и хаз а елла, Салманна а эца дагахь, нанас хаьттира:

– И хоккей вай туьканара-м ца эцна ахь, Зулпаъ?

– Дера, ца эцна ас-м, эцца Зиявдин ю бохуш, лелош ю кхара, кIордийна хьех яьлла суна цуьнан и гIовгIа … Хьадал, кIант, дIаяккхал, дIалол и шайн йолчаьрга.

ХIазан цецъелира, Салмана-м, Хьасанан ю, ма элира шега иза, хьенан ю аьлла, ша кIанте хаьттича. Цхьана хIуманна тIаьхьакхиа юьйлира иза хIинца.

Кесирас, Зиявдин нанас, шайн яц, IимрангIеран ю и хоккей, элира.

Йолаелла Нуржан йолчу яхара. Нуржана, Салманан ю бохуш, лелош ю-кх кхара и хоккей, аьлча, ловъаьлла цIе летира ненан кийра.

Ма-кхуьъу сихха еара иза чу. СхьатIекхайкхира кIант. ОьгIазе яра ХIазан чIогIа.

– Схьадийцал чехкка, хоккей мичара яьлла хьуна. Ас ларми чу кхуссур ма ву хьо, оцу дехкашна юккъе, ахь бакъдерг ца дийцахь!

Кхораш санна, хиш охьадевдира кIентан бIаьргашкара. Кхеравелла, эго велира иза. Ненах озалора кIант.

Салмана даре дира ша динчу къоланна. Вахана, хоккей а яхьаш, чувеара. Иза-м тиш а елла яра.

ОьгIазъяханчу ХIазана цкъа доггах хьайбан-сара туьйхира кIентан настарех, юха, ахIи аьлла елха хIоьттира.

КIантана чIогIа хорам хиллера ша шен нана холчахIотторах. ЧIогIа дохковаьллера иза.

Нене шена гечдар а доьхуш, дагахь чIагIо йира Салмана, кхин цкъа а, цкъеллиг цкъа а, ала а ца олуш, цхьана а хIуманна тIе ца кховда.

Стела1ад 4. 2018

69 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.