ГАУ «Издательский дом»

ГАЦАЕВ Саь1ид

Жимчу кIентан ойланаш

Велахьара
Жимма воккха,
Жимма воккха, –
Хьажал, хIоккхул, –
Ас топ кара
Оьцу ярий,
Дадин бекъа
Лоцу ярий,
Нуьйр тIетесна,
Кех а ваьлла,
«Со хьелур вац» –
ЦIахь а аьлла,
ГIон варий со
Сайна лела,
Юьртахь массо
КIантах вела:
«ХIей, шу догIий?» –
Цаьрга бохуш,
ХIораннан а
ЦIе а йохуш,
Курра хьоьжуш
Хин варий со,
Юьртахь ара
Ваьн варий со,
Жимма ара…
ДIо дIа кхуре,
Я и дӀога
Ломан гуре,
Я дIа дIога
Iине кхаччалц,
Сайна баба
ТIаьхьакхаччалц.
Жима ву-кха…
Бабас цIахь со
Сецош ву-кха…
Пхи шо ду сан,
Кхин сов дац,
Кампет эца
Ахча а дац.

Стела1ад 2.2021

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.