ГАУ «Издательский дом»

ЦУРУЕВ Шарип. Полла

Дуьтий зезаг, юьтий кол а,
Коре богIу жима полла.
Корах, тийсалуш, и лета,
Суна-м цунах къа ма хета.

Иштта хIора денна богIу,
Ас цундела кор ца чIогIу.
Жима полла, хаза полла,
Йиш яц цуьнца хила волла.

Соьца ловзуш, и дIауьду,
Со цхьа жимма тIаьхьауьду…
Ткъа со киншка еша воллуш,
Генаболу суна полла.

Цхьана дийнахь бац-кха полла,
Ас дIаделларх неI а, кор а.
Сан сахьаьвзи, сагатдели…
Эццахь полла гучубели.

Полла, лелош забар-хIилла,
Буьйса йоккхуш тхан чохь хилла.
Хаза полла, жима полла –
Хила йиш яц цуьнца волла.

Стела1ад №3. 2021

3 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.