ГАУ «Издательский дом»

БУХIАНАН а, МАЬЛХАН а КЪОВСАМ

Нохчийн халкъан туьйра

Мацах-мацах, тоххара цхьана дIаяханчу хенахь, бухIа хилла шен доттагIашна-олхазаршна гергахь дозаллаш деш, дерриге а дуьне серладоккхуш, къагош берг шен ши бIаьрг бу бохуш. И хааделла малхана.

Цо бухIане аьлла:
– Ма гIерта сан сий хьайна дерзо.
БухIа яша а ца яьшна цо бохучух.
– Хьо бу и сан сий хьайна дерзо гIертарг, – аьлла цо.


Иштта церан къовсам баьлча, схьагулделла дерриге а дийнаташ, цу шиннах бакъ муьлханиг лоь хьовса. Цхьадолу акхарой, олхазарш бухIано бохучух тешаш, вуьйш малхехьа хилла.
– Дика ду, – аьлла малхо, со цхьана ханна дIалечкъар бу, ткъа шу бухIано дуьне серла муха доккху хьовсуш хила.

ДIалечкъина малх. ТIебеана бода. Шен ма-хуьллу къерзош хилла бухIано бIаьргаш, амма дуьне серладолуш ца хилла. Юха схьакхетта малх, серладаьлла дуьне. Хаьттина малхо:
– ХIун олу аша?


Массара а хьовзийна бухIа, кхин ала хIума а ца хилла, тIема а яьлла, дIаяхана. ХIетахь дуьйна дийнахь гучу ца йолу бухIа, буьйсанна бен.
Иштта хуьлу харцо лелочунна.

Стела1ад №2. 2021

4 003 комментария

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.