ГАУ «Издательский дом»

Юсупхаджиева Аза. Исс стаг – истанг

Халикова Асетана лерина

I-ра дакъа
(Керт, Небин хIусам. Кертахь хьакъикъатна уьстагIна урс хьакха кечам беш бу)
Асхьаб. Iела, вало, иро урс дан хьайна, уьстагI тилош, суна гIо дийр ду ахь.
Iела. Суна хаа ма ца хаьа.
Асхьаб. Ас Iамор ду хьуна. Воккха хилча уьстагI тило дезар ма ду хьан а.
Iела. Суна Iемар дуй?
Асхьаб. Ду дера! Лаам хилча, ца Iемаш хIун ду?!
Iела. Ма дика а ду! (Урс дан дIахьоду.)
Асет. (Карахь хьокхаман йуьхиг йолуш, тIейогIу.)
Ваша, ахь уьстагIан когаш дIа хIунда бихкина?
Асхьаб. УьстагI бада ца бадийта.
Асет. И-м дIабижина ма бу. И бада муха боду?!
Асхьаб. ДIабижна … Вай тахана хьакъикъат деш ду хьуна тIера.
Цундела хьан бакхарай дIабижна.
Йалол, Хедига, доккха бога а дохьуш, схьайола алал.
Асет. Цунах хIун до?
Асхьаб. Чоко чуйилла деза. Ведар чохь мела хи дан а ала.
Асет. Дика ду, Ваша.
(Iумар тIевогIу)
Iумар. Де дика дойла, Ваша!
Асхьаб. Диканца дукха вехийла! Хьо ма хьайн хенна а кхечи схьа, Iумар!
Нисса хIара уьстагIан чарх зIакарх дIауллуш, накъост оьшуш вара хьуна со.
Iумар. Тахана хьалххе цIа вола аьллера соьга нанас. Хьуна гIо дан цIа веана-кх со, Ваша!
Iела. Ваша, хIара урс мегар дуй?
Асхьаб. Дера мегар ду! Вай хIинцца коьжалгах хьала а оьллина, тило болор бу уьстагI. Маса лелалаш, Асет схьакхачале, цо хеттарш деш, хье дIаоьцур бу шун. (УьстагI тило коьжалгах хьалауллу.)
Iела. Ваша, коьжалг хIун йу?
Асхьаб. Коьжалг хьаьмцан, стен а дечигах йо. ЧIогIа йолуш дика хуьлу царах йинарг. УьстагI схьалоцуш, цуьнан когах тосучух олу коьжалг
Iумар. Хьо а хеттарш дан вола ма вели? Цул а тхуна гIо дехьа!
Асхьаб. Нисса хоьтту. Витал ахь иза хетта. Шена цахуург хаттарх эхь дац. Схьахилал, Iела, хIоккхе! Дера ву Вашас тахана хьо уьстагI тило Iамор.
Неби. Дала тIаьхье беркате йе кху белхан! Асхьаб, хIинца-м шортта накъостий а гулбелла хьуна.
Асхьаб. Накъостий диканаш бу сан тахана. Стенга йахана Асет? Цо мукъа вуьтур вац, хеттарш деш.
Неби. Кху балхах кхаъ а хилла, йедда лелаш йу, полла санна. Хьакъикъатна бийначу уьстагIан тIаргIанах, битта а биттина жима истанг дийр ду хьуна аьллера ас Асете. Вайшимма истанг маца до бохуш, цо йух-йуха хоьттуш, корта хьовза а бина, шуна тIе йеа-кх со.
Iела. Оха-м, бога дан аьлла, йахийтнера хьуна иза.
Неби. И цунна тоххара дицделла хир ду хьуна.
Асет. Ца дицделла, баба! Со, Хедига хи малде ала, йаханера. Ведар чохь хи а ма деза вайна. Мела хи. Дезий, Ненаваша?
Асхьаб. Дера деза, Асет!
Асет. Баба, уьстагI тилийна баьлча, вайшимма кхакхан тIера тIаргIа схьабоккхий тахханехь?
Неби. Тахана вай долийнарг чекхдаккха хьовсий вай, Асет, Мовлад деша кхайкхина нах ма бу вайга бахка безаш?!
Асет. Делахь, кханий?
Неби. И, кханенга вай довлахь, хуур ду. Тховса бабас кхакха, кир а хьаькхна, хьарча а бина, охьабуьллур бу.
Асет. Кир хIунда хьокхуш бу? КIайн хилийтий?
Неби. ТIаргIа цхьатерра сиха схьаболу, кир а хьаькхна, буьйса йаккхийтича.
Асет. ТIаккха дийр ду вайшимма цунах истанг?
Неби. Дац. ТIаргIа баьIIех, нехех цIанбина, мела хи а доьттина, баша буьллур бу. ТIаккха масийттазза хи хуьйцур ду. Цул тIаьхьа, сабанца буьттур бу, хи цIандаллалц. ТIаккха малхехь бакъор бу. Асет, хьо кхеттий?
Асет. Ца кхетта… Суна-м вайшимма сихха истанг дийр ду моьттура.
Неби. Моьттинчух истанг хир дац. Собар оьшу истанг дан. Доккха собар. Вайн тахана чоко листа а йеза, баIарш бан а беза. Шоьшла кечйан йеза. Тахана дан дезаш шортта гIуллакхаш ду. Йало, хьайн нене чоко листа схьакхайкха! Маса гIой, жижиг тIедилла телат схьада.
Асет. Баба, шоьшла хIун йу?
Неби. Шоьшла чоконан йоьхьийн цхьа дакъа ду. И, цIена йила а йуьлий, йуззий чу туьха а духкий, йакъо хьалауллу. ТIаккха, чуьра туьха дIа а доккхий, кхо литр чуйоьдучу банки чу йуллу, тIе банка йуззий морза дутту. Шоьшла йашшалц, Iаьржачу меттехь латтайо банка. Нехча йоккхуш, ведаран барамехь йолчу мерзачу шурех цхьа Iайг шоьшла (туху) иэйо.
Асет. Ва Баба, и суна хуур дац, цул ас сайна истанг дан Iамор ду.
Неби. Йало хьайн нене схьакхайкха, чоко листа! Жижиг тIедилла телат а дан маса, корта дIаэцна ахь сан тахана.
Асет. Дика ду, баба. (ЙоI йоьду нене кхайкха.)
(Хеда, Нуржан а схьакхочу, бога, ведар а дохьуш.)
Неби. Ма дика кхечи шуьшиъ, Нуржан, уьстагI вовшахбоккхучу хенахь!
Нуржан. Нана, хьо мегар йуй те, малхехь Iийча?
Неби. Ца мага со хIун деш йу? Аш дечуьнга хьожуш, самукъадолу сан.
Асхьаб. Асет шуьгахь мел йу, сингаттаме хир дац.
Нуржан. Хеттарш деш йарий хIара? Цуьнан бала боцуш цхьа хIума дац, тхин биста кхаччалц.
Хеда. Бабас, кхунна тIера хьакъикъатна уьстагI бийча, хIара йоккха хир йу а аьлла, цхьа кIира а дара кхуо тхо хьийзадо. «Маца деш ду суна тIера хьакъикъат» – бохуш, хоьттуш.
Неби. Асхьаб, хьуо дIавахале, ахь тахана цхьа уьстагI ца ларгахь, Хедас тхо садаккха дуьтур дац-кх, и истанг маца до вайшимма, бохуш. Цхьана уьстагIан тIаргIа тоьур бац суна и маша бан.
Асет. Баба, хIан хIара телат схьаэца.
Неби. ДIало хьайн нене!
Асхьаб. Цхьа а халадоцург ду.
Неби. Iумар, дIо рагIун сторпалах доьллина чIода ду хьуна. И схьаэцахьа, лами а биллий.
Iумар. Дика ду, Баба.
Асет. Баба, чIода хIун йу?
Неби. УьстагI лоргу тукар ду.
Асет. Цунах чIода олу?
Неби. Олу.
Асет. Цунах хIун до?
Неби. УьстагI лоргу.
Асет. Баба, вайшиннан кхакханна тIера тIаргIа схьабаккха йоллу хьо?
Нуржан. Асет, ца йоллу. Хьуна истанг дан цхьа кхакха ца тоьу, кхечу уьстагIан тIаргIа ларга деза и чIода.
Кхакха мустбала биллина бу.
Асет. ТIаккха, хIара уьстагI ларга а лергина, хIунда ца бийра?
Неби. Асет, хьакъикъатна буьйш болу уьстагI тIехь дерт долуш хила йиш йац. УьстагI, ца хууш, хадийнехьара хIун дийр дара. Цундела ца лергина иза.
Асхьаб. Дера, Вашас, ша дIавахале, лоргур-м бу уьстагI. И истанг деш-м декъаваха суна а лаьа.
Асет. Баба, тIаккха тоьур буй истанг дан и тIаргIа?
Неби. Асет, цкъа хьалха тIергIан маша бан беза, тIаргIа бата а бина. ТIехь тIамар а йолуш ше-шен басахь, тIетегна чимчаргIа а долуш, гуо берзийча бен, ца хуьлу цунах истанг.
Асет. Ва-а, ма хала деш хилла и истанг?!
Неби. Хуучунна хала дац, амма хан оьшуш болх бу-кха. Вайшимма, тIаргIа къажбеш белхи бийр бу, сихо хилийта.
Нуржан. Тховса дан леринарг чекхдаккха дитахьара ахь тхо.
Асет. Нана, суна сайн истанг сихха дала ма лаьа.
Нуржан. Дукха дара-кх сан хила луург. Ма лиъна, ма ца хуьлу массо хIума.
Неби. Йитал аш бабин Асет! ТIулга тIехь йехар йолуш йоI йу и бабин! Махал маса йоI йу бабин Асет.
Асет. Баба, белхи маца бийр бу вай?
Неби. Дера бийр бу оршотан суьйранна.
Асет. Ненаваша, вайга волалахь оршотан сарахь.
Асхьаб. Ван хьожур ву, Дала мукъалахь.
Асет. Малкан кхойкхур йу вай белхе.
(Массо а велало.)
Нуржан. Дела ма йаха хьо йеха, хьан бала боцуш дац-кх хIума! ДIасацайе и хьайн цубуу. (ЙоI човхайо.)
Нана, ма хаза жижиг дели кху уьстагIах!
Неби. Дели-те. Жарж баош, чохь кхаьбна ма бара иза. ХIинца, катоххий йай дIаоллий, йуучунна кечам белаш, садале.
Нуржан. Нана, са ма гатде ахь. Дерриге а кийча ду, жижиг чу тесчхьана. Ахьаран а, деман а гала а йина йу.
Неби. Ма дика ду и. Со керта йолу, аша шайн гIуллакх де. Асхьабе хIума кхаллийта.
Асхьаб. Неби, суна са ма гатде. Со хийра стаг вац, ахь сагатдан. Хьакъикъат Дала къобалдойла!
Неби. Дела реза хила хьуна, Асхьаб. Ма гIуллакх ди ахь тахана.
Асхьаб. Дела реза массарна а хуьлийла вайна. Са ма гатде, Неби, хаза дIадоьрзуш ду хIара тахана.
Неби. Дала мукъалахь. Йало, Асет, вайшиъ хьан кхакха а хорцуш, дехьайолу.
Асет. Дика ду, баба.

12 комментариев

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.