Дакъалоцурш:
Шайман – Самартан марнана
Самарт – доьзалан нана
Малика – Самартан йоI (нехан цIентIехь йу)
Асхьаб – Самартан кIант
Мансур – Маликин марваша
Iумар – лулара кIант
Ваха – Шайманан кIант.
Адам – хаспдечу Олхазаран кIант.
Мовлид – луларчу йуьртара кIант.
(Шайман йу чохь, суьлхьа а доккхуш, Iаш. ЧувогIу кIентакIант Асхьаб шен доттагIчуьнца)
А с х ь а б. Баба, де дика дойла хьан!
Iумар. Де дика дойла хьан, деца!
(тIе а воьдий, маракхета)
Ш а й м а н. Эй, дукха ваха хьо, Iумар, хьо ванза ма хан йаьллера!
Iумар. Хьан могашалла муха йу?
Ш а й м а н. АлхьамдулиллахI! Хене хьаьжча, дика латтайо Дала!
А с х ь а б. Баба, дехьа чу волу тхойшиъ.
Ш а й м а н. ХIума хIунда ца кхоллу ашшимма?
А с х ь а б. Баба, охашимма IумаргIаьргахь чIепалгаш диъна.
Ш а й м а н. Дера, Асет комаьрша стаг ма йу! Цуьнан нана ма йара иштта чувеанчунна комаьрша.
А с х ь а б. Баба, Нана?
Ш а й м а н. Дера йу, Малика йогIу аьлла, рагIу кIелахь йуург йеш.
А с х ь а б. ХIа-а… Ма дика ду, суна тахана сайн йиша гур йолуш. (доттагIчунна белшах куьг туху) Вало, вайшиъ компьютарх ловзу. (ший а дехьачу волу. Дукха хан йалале, Нана чуйогIу)
С а м а р т. Мама, цхьа-ши котам тоьур хир йу вайна?
Ш а й м а н. Тоьур йу аьлла-м, хета суна. Ваха а цIахь ца хилча, Маликица мила ву-теша вогIуш?
С а м а р т. Хаац. Схьакхаьчча, хуур ду-кха. Марваша вало мега цо. Ца валийча-м дацара хIумма а! Цхьаъ йуххе тесна бен, йан йиш ма йаций цуьнан!
Ш а й м а н. Ма ала иштта, хьан йоьIан марваша ма ву и. Асхьабана тIегIерташ схьавогIу и. Гергарло, лелоре терра бен, ца хуьлу. Вайниг дIа а воьду, цераниг схьа а вогIу.
С а м а р т. СадаIа йогIуш хилча, цIахь Iа-м мегар дара!
Ш а й м а н. Самарт, ахь хIун дийр дуй, кхул тIаьхьа суна хьайн и вуон ойланаш ма хазийталахь. ДIа а гIур ву, схьа а вогIур ву, со дийна мел йу, кху керта хьаша-да. Шийтта бер кхиийна ас, царна тIе мел вогIург а лара а лоруш, веза а везаш. Хьаша-да ванза кхо де-буьйса даьлла хIусам йуьйцуш ца хезна хьуна?
С а м а р т. Мама, аса-м и йоI садаIа йогIуш хилча бохура…
Ш а й м а н. СадаIа Дала буьйса йелла. Кху керта вогIу стаг, зуда, бер а къахкийна йаьлла-кх хьо. Ахь и муха боху-м хаьара суна…
С а м а р т. ХIумма а атта-м ца аьлла ас айса аьлларг. Цайаьлла аьлла-кх. Вайга веанарг дIавахача, цхьаъ йовш йу-кха сан. Шайн куьйгаш шайгахь совцош мукъане а делара цара. Йаа а йелча, мала а йелча, дIабоьлхуш, шайца цхьаъ дIахьо-кх баьхкинчара. Хала муха ца хета ишттаниг дича?!
Ш а й м а н. Кхетар и ду-кх хьан? Ас масазза аьлла хьоьга: Хьайн бIаьргашна цагинарг ма дийца! Зуламе дерг хIетте а. Йа хьайн хIума дIайилла. Цкъа мацах хилларг карла а ца дохуш, йух-йуха а ца дуьйцуш, йахахьа. Ма чIогIа чIуг хилла-кх и хьан йайнарг!
С а м а р т. Ва, йара дера, мама! Сан дас эцна ма йара и чIуг суна.
Ш а й м а н. И ас йелларг-м, доь доцуш, къайла ма йаьккхи ахь?! И а ма йацара суна арахь карийна.
С а м а р т. Мама, и-м ца йайна, ас сайн йишина йелла-кх, и вайга дуьххьара чу кхайкхина йеача.
Ш а й м а н. Суна йайна йу-кхи и, ахь хьайн йишина и йаларх. И санна, цхьанна дIайелла хир йу-кх ахь и йух-йуха йуьйцург а…
С а м а р т. Мама, дас йелла чIуг дIайаллал, галйаьлла-м ма йац со!
Ш а й м а н. Хьуна хIун хилла-м ца хаьа суна, морза деха веанчух хьо шек йу, кетIахь сецначу машенах хьо шек йу. Хьан шеко йоцуш цхьа ван а вуй-те? Ма бале леци ахь, айхьа и чIуг йайина! Суна хьайн и шеконаш йиталахь!
(дехьачуьра сехьачу волу А с х ь а б. Шайман суьлхьанаш хьовзош йу)
А с х ь а б. Нана, со IумаргIаьрга воьду хьуна.
С а м а р т. Цхьана а метте ца воьду! Хьайн цIахь Iе!
Ш а й м а н. ЛаилахIаиллаллахI! (чIогIо олу)
А с х ь а б. Баба, ца мега со IумаргIаьрга ваха?
Ш а й м а н. Iумар вайгахь хилча, хьо муха воьду цаьрга?
А с х ь а б. Баба, Iумаран нанас тхойшинга, хье а ца луш, схьавола аьллера, цIахь ала а алий.
Ш а й м а н. Мегар ду, гIо. Дукха а ца Iаш, цIа а вола. Нахехь дукха Iаш ца хуьлу, дIагIо цааларх. (и ший а сихха араволу)
С а м а р т. Мама, и кIант хьайн куьйга талхийна йаьлла-кх хьо, ас «хIан-хIа» аьллачунна «хIаъ» олуш, ас «хIаъ» аьллачунна «хIан-хIа» олуш. Суна и цхьаьнгге а ваха а ца лаьа, йа цхьа а схьаван а ца лаьа.
(Малика схьакхочу шен марвешица цхьаьна)
Малика. Ийман-беркат вайга…Де дика дойла хьан, Баба, Нана… (марайуллу доггах шен денана) Хьоме, сехьавала.
Баба, хьо муха йу? Ма сагатделлера сан шуна.
Ш а й м а н. Дика йу баба. ЦIахь хIун дара? Массо а, хатта мел везарг а могуш варий? (Мансур, тIе а вогIий, шинне а маракхета) муха ду хьан гIуллакхаш?
М а н с у р. Дика ду. (эхь хеташ, охьахьожу) Асхьаб цIахь вуй?
М а л и к а. Хьоме, вало Асхьаб волчу дехьа чу вуьгу ас хьо!
С а м а р т. Асхьаб чохь вац, Iумар а веана, цо шайга вигна.
Малика. Баба, ас делахь хIара цунна тIаьхьа вигий?
Шайман. Вигахьа бабиниг. Цхьаьна самукъа а дер дара церан.
С а м а р т. Ма вига дера. Ас Асхьаб схьакхойкху.
Малика. Нана, ма кхайкхахьа! Румига хьал-де а хоттуш, ас дIавуьгу. Хьомен а самукъадер берашца.
С а м а р т. Чукхаьчна а йалале, хьо муха йоьду РумигIаьрга?
Ш а й м а н. ХIумма а дац, йахийта! ХIара цуьнан чоь йу, бехкаш даха аддам а дац. Шен марвешин самукъадаккха ма гIерта и.
(самукъадолий, и шиъ арадолу)
С а м а р т. Самукъа хир ду шуна, нехан чуьра цхьаъ йахь!
Ш а й м а н. ХIун йовр йу? Ахь хIун дуьйцу дийца?! Ванах, Самарт, хьо-м, хетарехь, хьайн IиндагIах а шек йу, моьтту суна. И хIун къамелаш ду ахь хезош дерш? Хьан йоьIан марваша вац и вайга веанарг? Иза-х бер ду, иттех шо бен доцуш?! Захалшна дIахазахь, йухург хьан йоI йац?
С а м а р т. Мама, суна сайн дайна мухар ду-кх дагахь дерг. Сан ден безам ма бара сан и.
Ш а й м а н. Йелла йала со делаI, ас хьуна делларг а дара-кх сан ворхIе ден а, цера стунцахойн а, марзойн а безам! И безам ма сиха бицбина ахьа?! Карор ду, сих ма ло! Йа хьуна хаьа и хьан даьхьна? Ахь вуон дитна-кх бIаьргана гучахь, ца гуччу дIадилла дезаш хиллера-кх ахь и! Ма летаде къинош, цхьанхьа охьадоьжна хир ду хьан и! Хьан мухIар дайна аьлла, кевнна гIуй буллур бу вай. Хьан пIелга тIера, шершина, охьадоьжна хир ду. Эй-й…лиейаьллачохь йицйелла базара йахьа йезаш йолу ши гIаз, ши бад! Уьш дIайахьа вогIур волуш Мовсар ма вара.
(Сихонца арайолу. Цул тIаьхьа цхьа кIира хан йолу. Шайман чохь йу. Цунна чай охьадуьллуш Самарт йу. Чуволу Шайманан кIант Ваха)
Visit My Site
Artificial intelligence creates content for the site, no worse than a copywriter, you can also use it to write articles. 100% uniqueness,5-day free trial of Pro Plan :). Click Here:👉 https://dakelin.ru/news/promokod_143.html
Check out my website
Artificial intelligence creates content for the site, no worse than a copywriter, you can also use it to write articles. 100% uniqueness,5-day free trial of Pro Plan :). Click Here:👉 https://ceramicinspirations.co.uk/articles/promokod_191.html
melbet promo code registration Click Here:👉 https://www.nationallobsterhatchery.co.uk/news/melbet_promo_code__sign_up_offer.html
1xbet promo code free bet Click Here:👉 https://www.lafp.org/includes/pages/1xbet-promo-code-1xbet-bonus.html
FREE FILMORA 11 CRACK | LIFETIME FULL VERSION | INSTALL FILMORA | 2023 https://www.youtube.com/watch?v=fuMi_mZRQhM