ГАУ «Издательский дом»

Кхо ваша а, саьрмик а

Туьйра, туьйра, туьппалиг!

Дас шен кӀанте цкъа а вониг эр дац.
Цхьана ден кхо кӀант хилла. Ша валале, весет дина хилла цо кӀенташка:
– ХӀокху вайн махка тӀера дӀабоьдуш кхо некъ бу шуна. Царах ширчу новкъа ма гӀолаш, – аьлла.

Мацца а цкъа, хан йаьлча, шайн да веллачул тӀаьхьа, араваьлла дӀавоьдуш, цу ширчу некъа тӀе кхаьчна кӀентех уггар воккханиг. Вахана, хьожур ма ву со хӀокху новкъахь хӀун ду аьлла, дӀавоьдуш хилла иза. Дуьхьал а баьлла, саьрмико хаьттина цуьнга:
– Ахь хӀун до, кӀант, хьо стенга воьду? – аьлла.
– Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан дас ша валале весет динера, хӀокху новкъа ма гӀолаш аьлла. Иза хӀунда аьлла хилла-те цо бохуш, хьажа веънера со-м, – жоп делла кӀанта.
– Хьайн дас баьхначух а ца тешаш веъна хьо? Ас гойтур ду хьуна кхузахь дерг-м. Илли олуш, хьо сол ца толахь, ас бийр бу хьан болх! Хаьий хьуна илли ала? – хаьттина саьрмико.
КӀанта ца хаьа шена аьлча, иза дӀакхаьллина саьрмико.
ТӀаккха цуьнан шолгӀа ваша вахана оцу ширчу новкъа, цигахь хӀун ду хьожур ма ву ша аьлла.
Цуьнца а изза къамел хилла саьрмикан. Иза а дӀакхаьллина цо.
Шен вежарий цӀа бахка хьебелча, кхоалгӀа, уггар жимахволу ваша вахана царна тӀаьхьа. Воьду-уш, xlapa а саьрмик болчу кхаьчча, вукхаьрга санна, хӀокхуьнга а дӀахьедина цо:
– Илли аьлла йа туьйра дийцина, хьо сол ца толахь, ас бийр бу хьан болх, – аьлла.
– Дика ду. Ас дуьйцур ду хьуна туьйра, – аьлла кӀанта. – Бакъду, со дийцина валлалц, йукъагӀертар бац хьо. Нагахь йукъагӀортахь, хьо эшна бу. Ткъа со толахь, сан ши ваша схьалур ву ахь.
Цу тӀехь барт а хилла, кӀант дийца волавелла:
– Стохка Ӏай хӀордана бинчу ша тӀехь говрийн рема йажош вара со. Кхано, бацах йуьзначу говрашна хи мало дезаш а хилла, диг деттарх и исс аьрша стомма ша боха а ца белла, дагарх цIе йиллира ас ша башо. ЦIе летта сан диг, шах Ӏуьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага тӀехь а йуьсуш.
Мел дӀасахьежарх, хи схьаэца хӀума а ца хилла, катоьхна сайн коьртан туьта схьа а йаьккхина, хи малийра ас говрашна. Суьйранна шелйала йоьлча, сихха сайн рема а лаьллина, стигла хьала, мархашна тIе буьйса йаккха вахара со. Кхано хьаьжча, сан коьртан туьта йац-кха коьрта тӀехь. «Ой, хӀара хӀун ду?» – аьлла, ведда йуха а вахана, дӀахьаьжча, сан туьтан чохь шена бен а бина, Iаш лекъ дара. ДIа катоьхна, и лекъ схьа а лаьцна, сайн коьртан туьта тIе а йиллина, тӀехиира со лекъана, цо вадийна-валийна, сайн реманна йуххе, мархаш тIе охьавиллира со. Тоьхна, и лекъ ден а дийна, цIе а латийна, ворхӀ бӀе чIу а бина, лекъан жижиг царна тӀехь доттуш со воллуш, цхьа Ӏоврех терра даьтта охьаэха доладелира. Цу даьттан хьожа кхетта беъна, хьо а бара бухахь гуш, даьтта бага нисдан гӀерташ, хьалакхиссалуш.
– Мичахь бара?! Мичахь бара со?! – аьлла, саьрмик хьалаиккхина, тохара шаьш бина барт а бицбелла.
– Вахь-вахь-вахь! – аьлла, велар иккхира кӀентан. – Хьо ийши! Хьо ийши! Ахь бохий вайша бина барт. Схьало сан вежарий, – аьлла.
Маттана говза а хилла, шайн дас бохург ца дина шен ши ваша а валош, цIа веъна жимахволу ваша:
– Иштта хуьлу шуна, дас бохург ца дича! – бохуш.
Цул тӀаьхьа кхин ца бахана уьш ширчу новкъа.

СтелаIад № 3, 2023

1 comment

  • May I simply say what a relief to uncover someone that really knows what they’re talking about
    on the net. You actually know how to bring an issue to light and
    make it important. More people need to look at this and understand this side of the story.
    I can’t believe you’re not more popular given that you
    surely possess the gift.

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.