ГАУ «Издательский дом»
ImageJ=1.45s

ТЕДЕТЫ Ефим. Илли

Тедеты Ефим (1929)
Поэт, публицист. Вина Къилбаседа ХIирийчоьнан Корсеви йуьртахь. 1953 шарахь Къилбаседа-ХIирийн хьехархойн институтан историко-филологин факультет чекхйаьккхина. Ишколехь хьехархочун а, К. Хетагуровн цIарах хIирийн литературин музейхь Iилманан консультантан а, Къилбаседа- ХIирийн АССР-н йаздархойн Союзехь литературин консультантан а белхаш бина. Дуьххьара зорбане ваьлла 1947 шарахь. Гуларш арайевлла Буру-ГIалахь а, Москвахь а.

Илли

Лаьмнашкахь веха со,
мархашна йуххехь,
Сийначу гӀушлакхан хьаша.
Махо шок йеттачу ламанан
дукъ тӀехь
Дорцаша баьжна сан накха.
Буьрсачу лаьмнийн со
илли ду аьхна,
ГӀоргӀачу озаца олу.
Ламанан дарц санна, ламанан аьрзо
Белша тIе хаа сан йогӀу…
Куьйгашца лоьцу ас
алонан ткъесаш,
Уьш доьлча стигланаш къекъо,
Ламанан чӀожашкахь,
къа-бала лечкъош,
Ирс кхайкхош, вайн дуьне деко.
Ткъа тӀаккха, детин хи
диллича санна,
Ӏаьржа лам сенлой дӀахӀутту.
Ша лаьттан куьзганах дӀатарлой,
Малхо
Шан тархаш зӀаьнарех хутту.
…Сан илли хӀинццалца
ца хезна хьуна,
Ткъа цуьнца – безаман йовхо?
Сайн берриг синхаам
дӀабелла цунна,
ДӀайелла сайн дегайовхо.
ХӀумма дац
Сингаттам эккхийна генна –
СтелаӀад хир ду йукъ кхолуш, –
Хьо йолчу со мацца кхочур ву,
тешнна,
Иллица хьан неI цкъа тоха!

Гочйинарг – Арсанукаев Шайхи

Орга №2. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.