ГАУ «Издательский дом»

Сейлмуханов Муса. Нана

Нана

Сан нана хаза ю,
Сан нана дика ю,
ХIунда еза нана дукха,
Ас шуна дуьйцур ду хIинца.

Шена юххехь вижош, гIаттош,
Дегайовхо денна латтош,
Хийла буьйса текхна цо,
Гал а йохуш набаро.

Цомгуш хилча – дарба лелош,
Йоьлхуш, бIаьргех хиш а ледош,
Хуьлий суна бIаьрла нур,
Нанна кхаьчна хала мур…

Со хьевелча керта кхача,
Ларбеш суна бовха кхача,
Корах арахьоьжуш, гIийла,
Шен корталех хьерчаш Iийна.

Комаьршаллин дакъа текхош,
Берам, сискал денна хьекхош,
Везаш эцна хьаша тIе,
Кхаьчна моьттуш деза де.

Шун наной а хаза бу,
Шун наной а дика бу.
ХIунда беза наной дукха? –
Хаттар ду сан шуьга а…

Стела1ад №1.2020

72 комментария

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.