ГАУ «Издательский дом»

САИЕВ Iумар. Балл

Ас йуьйгIира бешахь балл,
Белаца ор даьккхина.
ТIаккха, бохабира бIал,
Синтарна гуобаьккхина.

ХIора дийнахь, дуттуш хи,
Цунна со тIехIуттура,
Денделла ца долуш и,
ХолчухIуьттуш гуттара.

Амма, цхьана дийнахь балл
Карий, лепаш, денйелла.
Даг чохь суна лети малх,
Гина иза сенйелла.

Воккхавево синтаро,
Воьлла цуьнан амалах…
Ойла хьаош, дог цIандо
Цо гIайгIанах, баланах…

Стела1ад №2. 2022

Оставить комментарий

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.