ГАУ «Издательский дом»

МУТАЕВ Муса. ХIетахь дагахь кхин дара…

ХIинца сан кIант вац.
Сан цIийнда вац.
Цхьалха йу со-м. Сан Iовдаллина…
ХIетахь кхин дара дагахь…
ХIетахь со жима а, хаза а йара…

ХIетахь хIумма а ца оьшура. Шадерриге хир ду моьттура. БIаьрхиш дIадевлла, цхьа кIайн Iаьмнаш дисна. Кхин цхьа хIума дац дисна. ХIинца цхьа а вац сан даг чохь чехийна ойланаш листа. Сан кийрахь ду цхьа тамашийна лазар. ХIинца сан бIаьргаш чохь цхьа тамашийна суьрташ ду. ХIинца цхьана хIуманна тIаьхьакхиъна со. Иза собарца ду. ХIинца кхета со, хIетахь хилларг нийса ца хиллий. Бакъду, сан бехк цхьа дика доцуш боьрзур бац. Лен баьлча, матто хIун дуьйцур дац. Суна-м ца хета эхь. Вуьшта, къахета. Иштта дахар хилча мукъане мегар дац-теша эхарт хила? Йа сан къинна дилхинчу бIаьргаша гечдийр дац-теша суна? Ненах даьккхина бер гIайгIане хуьлу. Дац-теша сан дахаран техкийна ага? Дац-теша? Мегар дац-теша? И ойланаш….

ХIинца кхин зуда йу со. Аьлча а, къена йац со-м. Къона а йац. Цхьа хан дIайахана зуда йу-кх. Цхьа хан дIайахана. Tхо. Тхо хIетахь хьере дара. Сиха дара. Тхан кортош дIадахана дара, тулгIенаш йетташ. Гечонаш дохуш тхан синош дара. Цкъацц1а тхо ца дешара. Цкъацц1а тхо кхаьрдара. Кхераман тхан йаххьаш кхоьлина йара. Йаьгна йара тхан йаххьаш. Йаьсса йара Iалашонаш. ХIинца цIе йац сан даг чохь. Дисна даьсса хьажаран хатI. ХьагI йу йисна. Йорт йетташ дIайоьду говр санна, сан сингаттаман къамкъарг а къуьйлуш, къа-бала бу. Къахеташ бу. Цо доьIу са хеза суна. Дикка.


– Берах нана йаккха ца лууш йу со… Муьлхха зуда… Муьлхха зуда, шен декъа тIехь да хилла, лаьтта… Аш сан несах дуьйцучу эладитах со тешаш йац… – тхан марнана дIайолайелча, сан охьадуьйладелла бIаьрхиш. ЭхI! ХIинца-м тIаьхьа дера дара дохкойийла… тIаккха а ца Iало-кх…


– Ой, хьо-м цIенна хьерайаьлла! – тхан мардевешин зудчун мохь ма болу. – Ой, кхана Iуьйранна цхьа бератIорза хилахь, хIун дан йоллу хьо?! ХIа?! Дийцал соьга! Хьан кIант Лайлаъ йита стаг ца хиллехь, ахь дита деза, нус аьлча а, и лачкъаза дисина шайтIа!


– Йитийша со Iадда! – аьлла, шен къанделлачу боларца марнана дIатасайелча, сан кхоссаделла дог.
– Oй, вай кхин аьлла хIума-м ма дацара Азмане, – цецйаьлла, корехь сецира сан мардейиша, – Ма чIогIа халахетта цунна…


– Дера хетта, ас дуьйцург бакъ дуй хууш! ХIинца цIа ма кхаьчча, цо шен несана тIехь дендерг гуш ма йу со… Шен меттахь аьлла долчу даше кхочуш хIума дац. Цо майралла а, ницкъ а, доьналла а эшадо.

«Дера йеза шен цIа йахийта… Шайн мачаш йаайаллалц лела хIинцалера зударий… ЦIийнада воцу нус мегар йац шен кертахь йита… Хаза йелахь муххале а!.. Вуьзначул тIаьхьа йиънарг шайтIанна кхаьчна. Вуьзначул тIаьхьа Iийнарг стешха лерина.


Лайлаъ аьлччахь бисна хIорш-м. Дера, Тамара, цхьа хIума дацахьара, иштта майра къамел дийр ма дацара. Хуур ду-кх, Лайлаъ цIа кхаьчча! Ас кхин ловзор йац иза. Тоьар ду!»

– Азман, шун нус цIахь йуй?
– Хьо вац и, Рукъман… Схьачоьхьавала… ЦIахь-м йац иза… ХIинцца цIа кхача йезаш-м йу… Шайн мачаш йаайаллалц лела хIинцалера зударий!.. – оьгIазе тIетуьйхира Азмана. Йуха, иза тергал ца веш, цхьа тамашийна меракIел гIийла «гIам-гIим» деш, ша-шеца къамелаш дан йелира: – «ХIара дара хьуна тIедаза диснарг. Дера йеза шен цIа йахийта».

Машен дIайахара.

Кхетта, гIайгIанна гIаддайна, гIора дIадолуш дуй, схьалецира цуьнан куьг. Схьалецира цуьнан хьажар:
– Муха Iаш йу хьо, нана?


– Хьо ма хьейеллера? – со тергал ца йеш, шен ойланаш кегош, чухула дIа а, схьа а лелаш йара Азман.
БIаьра ца хьожура. Йуьхь кхохкийна йара. Йусайелла. Гиний шуна, шок тоьхча, йусалуш москал? Иштта йусайелла, разхиъна Iара иза. ЦкъаццIа шийла.

Шовкъан хорша дIалечкъош. Къаххаш йуккъехь дисна бер санна, бIаьрнегIаран гIад дужу. И хьажар а гой, со кхерало. Цхьа тамашийна хийцаделлера йуьхь-сибат. ЦIармата. Маттаца дийцалур доцу. Дийцалурдоцу сурт. Йуха, со тергал ца йеш, цхьа тамашийна гIийла узамаш деш, ша-шеца къамелаш дора Азмана.

– Муха Iаш йу, нана?
– Тохара санна Iаш йу-кх. Хи лол суна мала. ДIайеллал неI!
НеI дIайиллира. Хи дан хьалагIоттуш, цIаьххьана тоьхначу телепоно охьахаийра. Куьг телепонна тIехь долуш, шолгIа куьг хи чохь долчу стакана тIе кхийдош, къамел дийца хIоьттира. Макхйелира Азман.
– ХIума ца йиъча, мегар йац хьо, нана. ЧIепалгаш дуур дарий ахь?


– Дуур дац! – дера дуьхьала жоп делира Азмана, – Со йуьзна йу.
– Цхьа-а… хIума йезий хьуна?
– Ца йеза.
– ГIоли ца хета хьуна?


– Хета… Хьо ма хьейелира?!
– Дукха болх бара.
– Бара… Хм…
– Тамарига, тIехйолуш, йист хIунда ца хуьлу хьо?


– Муьлхачу Тамарига?
– Муьлххачуьнга?!. – оьгIазе йистхилира Азман, – Сан йишин йоьIе…
– Маца?
– Селхана.
– Суна-м ца гина иза.


– Хьо машенца йогIуш хилча, корехула арахьоьжуш ма Iе, – элира Азмана гIеххьа аз лагIдеш, цхьанна хазарна кхоьруш санна, – кIхин тIе, зудчунна товш дац хиъна Iаш…
– Мичахь?


– Муха мичахь? Ца кхеташ санна, гой хьуна цо? – аьлла, шен буйнара тен-туьппалг кхоьссина маьнги тIе йахийтира Азмана. – Тоьар ду, масех бутт чекхбаьлла… ХIинца хьо ларйеш Iан таро йац сан…
– Со-м ма йац хIумма лело гIерташ, нана!.. – йелхаран къурдаш дууш, йистхилира со, – ХIунда дуьйцу ахь иза?!. Со сайн кIант кхобуш, хьоьца Iийр йу… Сайн цIа чохь…


– Хьан дац йа цIа, йа ма…
– ХIунда дуьйцу ахь и, нана…
– Ахь ден цIера деана хIумма а дац! – аьлла, къамел хадийра Азмана, – цIа а, кIант а сан ду… Хьо хIинца къона йу…
– Нана, сох новкъарло хир йац хьуна… Со хьоьца Iийр йу… – аьлла, шен тIоьрмиг схьаэцна, хьалагIатта дагахь – сайн цIа чохь… сан кIант кхобуш…


– Иза хьаха ду хьуна цахиндерг!.. – ХIинца-м оьгIазло легашкахь саца ца йелла, охьаIанийра Азмана. – Хьо къона а, хаза йу… Кханнехь цхьаъ везалур ву хьуна… Хьо ларйеш, Iен таро йац сан… Хьайн децIахь хьайна луъург леладе…


– Сан денцIа доций ма хаьа хьуна, нана, хIара доцург… – Сан нигат дохош. Сан дог дохош. Дависа хьан делаI! Дависа! НеIарехь сецна, сан караравала гIерташ волу кIант сецош, букъ а тоьхна, эккхийтира ас, – Нехан эладиташ схьа ма лецахьа……………………………………………….


ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№3.2024)

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.