Цхьана йоккхачу хьуьнхахь цIоькъалом хилла дехаш. Акхарой схьа а гулйина, цо аьлла, дуьнен чохь, шена улле вала майра доттагI, накъост а велхьара, кхин хIумма а ца оьшура шена, аьлла. Пхьидо элира, боху, ша йу-кх хьуна йуххе йала доттагI, накъост а.
Цкъа цIоькъалоьмана улле а йаьлла, йогIуш, «харшт-хиршт», аьлла диттан тIера гIа меттахъхьайча, пхьид хи чу иккхира, боху.
– Э, дIайала, хьох шена накъост хир вац! ГIа меттахъхьайча, хи чу лелхаш йолу хьо, цхьа доьхнарг тIедеъча, ма йодур а йара хьо, – аьлла, цIоькъалоьмо и пхьид шена уллера эккхийна, бохура.
ТIаккха цициг хIоьттира, бохура, цIоькъалоьмана улле, ша ву-кх хьуна тешаме а, майра доттагI а, накъост а, ша догIур дара хьоьца, аьлла. ЦIоькъалом ур-атталла дIа а ца хьожуш: «Хьо соьца лела майра а, доьналла долуш а дац» – элира боху. Къар ца лора, боху, цициг, хIан-хIа, хьо доьдучу ша даийтахьара ахь бохуш.
Эххар а цIоькъалом резахилла, хIара шиъ дIадоьдуш хилла, бохура. Доьду-уш, цхьана йуькъачу хьун йуккъе кхаьчча, «харшт-хиршт» аьлла, лаьттара гIаш кегадеш, цхьа хIума дIайедча, парт-аьлла, дахана, цициг тIекхийтира, боху. Ткъа цIоькъалом ког лаьтта ца кхочуш, ша ма-даддало дIадедда, бохура… Цундела ду, боху, цициг меттахъхьовчу хIуманна сема а, майра а, схьалоцуш а.
ДIайаздина йаздархочо
Мутаев Мусас 1969 шарахь





