Повесть
ТIаьхье. Йуьхь йеша №3, 4 (2024)
Чохь йовха йу. Цхьа шатайпа синтем
баржош пеш йу йогуш. Пешан неI
схьайиллина, цIере хьоьжуш Iа со. Дечиг
гурахь эцна ду, аннаш доху чархаш
йолчуьра – аннийн, рейканийн дакъош, доцца хедийна. Сиха йаьгна а
йовлу уьш, кест-кеста кхе дечиг тилла дезаш хуьлу.
КIорда ца деш, хаза хуьлу цIере хьоьжуш. ЦIе марсайаьлча, буьрса
угIу: «Сан ницкъ ца кхочуш хIун ду?» – бохуш санна. Дечиг даьгна
долуш, лагIйелча, гIийла тийжа.
Алуно пешан цIен кибарчиган пенах
а, тIерачу экъанах а эсала мотт хьоькху, ша уьш иштта къиза йагорна
бехказайуьйлуш санна. ТIаккха ши-кхо дечиг дуьллу ас кхе. Экъанна
тIехь лаьтташ чайник йу. Хи кIежйаккха долалуш, шен мукъам болабо
чайнико, сих-сиха, шех ца тешаш санна, йукъаха а йолуш. Эххар а
цхьаьнаэшшара бека болало мукъам, цIузам чуьра Iаь а гIоттуш. Хи
кхехка долало. ТIера негIар а деттало меллаша.
– Ца хеза хьуна чайник кхехкаш?! Пеша хьалхахь Iаш ма ву хьо! – олу
нанас.
Пеша тIера чайник йисте йуьллу ас тIаккха.
– Вало сихха, мамига схьакхайкха! Чай молу вай.
Пхи де а ду хаддаза догIанаш оьху. Дитташа тоххарехь чIенигаш
хецна, арахь хаалуш бIаьстенан цхьа ша-тайпа хаза хьожа йу. Амма хIара
йочанаш хиларна ловза ваха йиш йац. Баьццара мужалт йолчу титрад
тIехь, меттан буьхьиг ара а баийтина, йазйеш Iаш Лиза йу. Ша цхьа дош
йаздина йаьлча, иза дIадоьшу цо. Наггахь: «ХIара хIун элп ду?» – олий,
хоттуш, цунна йуххехь хиъна Малика а йу.
ГIазкхийн маттахь Арсанов
СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» цIе йолу роман йоьшуш, паднар
тIехь агIорваьлла, Iуьллуш со а ву. Библиотекехь нохчийн йаздархойн
говзарш дукха йац. Тхан йуьртахь нохчий боцу дела хир йац уьш. Суо
Олхазар-КIотара вахча, цигара библиотека талла дагадеана ву со, суна
ца хууш, ца йевзаш, дуккха а нохчийн киншкаш хиларе сатесна.
– Тхо арадовла мегий? – хеза суна, со йешарх йукъахвоккхуш.
……………………………………………………….
ТIаьхье йеша “Орга” журналехь (№1.2025)





