Ширачу заманахь хьера веанчохь вовшахкхетта хилла аьшпаш дукха боттарна цIейаххана волу ши стаг. Цхьаннан цIе Мекар хилла, вукхуьнан – Некар. Мекара аьлла Некаре: «ХьаьжкIаш аьхьна йовллалц хан йайъар а хир ду, тоьллачунна гирда хьаьжкIаш а хир йу, аьшпех къовсавала веза вайшиъ».
Некар реза а хилла, иза хьалха а волалуш, дІадолийна цара шайн хьуьнар къовсар.
– Цхьана дийнахь дечге вахара со, хурманан дечган довга йолу сайн диг а эцна. Воьду-у-ш, цхьана хIорда йисте кхечира со. ТIаккха, сайн диг доьхканах а
оьллина, неканца дехьавала дагахь, хIорда чу иккхира со. Воьду-у-ш, йуккъе кхаьчначу
хенахь, хаьн тIера диг хецаделла, буха дахара сан. Дагарна тIаьххье со а буха вахара, иза лаха. ХІорда бухахь чIогIа бодане дара, цундела доьхканах оьллинчу гIутакх чуьра мокхаззий, милттий схьа а йаьккхина, хIордан луьста эрз а багош, диг лехира ас. Эххар, иза кара а дина, хIорда тIе а ваьлла, хьаьжча, диг дага а даьгна, хурманан довга хиллера ac хьалайаьккхинарг. Керла диг дан йухаваха дог а ца деана, эцца йакъайелла гаьннаш а лехьийна, цIа гIор алла, хьуьнах дIавахара со.
Хьуьна йистехь дуккха а къийгаш гира суна, цхьа йоккха гIовгIа йаьккхина,
гулйелла Іаш. И церан ирча гIовгIа ца лайелла, сайн довга кхоьссира ас. Къийгаш а гIовттош, лаьттах йогIайелира иза. Эццахь, со цец а волуш, зIийдигаш а хецна, доккха хурманан дитт хилира довганах.
Цигара ваьлла со дIавоьдуш, цхьа хІу карийра суна некъахь, иза ас лаьттах Iоьттира. Ткьа цунах гIабакхан хутал хилира. Йахлуш дIайоьдучу хутална тIаьхьа ца кхуьуш, ведда цхьана лам тIе велира со. Эххар а хутална тIе латийначу гIабакха гIе а хиъна, тхайн йуьрта кхечира со.
ГIабакх йуьртхошна массарна а кхочуьйтуш дIа а йийкъира ас, – аьлла, дийцира Некара…………………………………………….
ТIаьхье йеша “Стела1ад” журналехь (№1.2025)





