ГАУ «Издательский дом»

МУСАЕВ Сулиман. Дийцар

Хьайбийн чам муха хуьлу?

− Нани, − ненехьа вирзира Мовли, − со мацвелла!
Кхуьнан хечина йома йуьллуш йоллура нана. Пеша тIехь лаьттачу жима йай чуьра буха йисна цхьа чами хиллала йолу «чорпа» − хи тIехь кхехкийна ах кана мукх, цхьана татеш тоьхна − йоьттира нанас наштаран кеда. Доьазза-пхоьазза чу Iайг хьаькхна, кад бассийра Мовлис. Чухула дIасахьаьжира − кхин йаа хIума йацара.
− Со, ферме йахана, даьхний оьзна йогIу хьуна, кIанте хьажалахь, − аьлла, тиша белехйалларг¹ тIейуьйхина араелира нана.


Нурди цомгуш вара. Гурахь кхо шо кхочуш велахь а, кога вахаза вара. Хьалха, могуш волчу хенахь, беа когара лелара, хIинца иза а дIадаьллера. Воьлхуш а вацара дукха, ша сема волчу хенахь Iадда Iуьллура, ши бIаьрг къерзош, наггахьа узур а беш.
Кхуьйлира Мовли. Ца дезара цунна кIантаца чохь Iер. Арахьа, немцойн, кхазахийн, гIазкхийн берашца ловзуш, мацалла мелла а йицлора. Мацалла йан-м массо а хенахь йара. Шена дагадогIуш цкъаллига цкъа вуззалца хIума йиъна вацара Мовли. Чохь хуьлуш йерг, дикка хилча, тахана санна, кийра Iехабалла хIума хуьлура, нанас цхьацца бахьанашца − балхахь кховдийна, йа лулахошка йехна − вовшахатоьхна.


ГIанта тIеваьлла, корах арахьоьжуш Iа Мовли, кест-кеста наб кхетта Iуьллу ваша а тергалвеш. Тийна бу урам. Наггахь хьокхучо махо чан ловзайо. Говрахь вогIу комендант хаалой, дIалечкъа кIант – хьастагIа, Нурди таьIна волуш, цунна йуххехь Iе нана цIахь сецча, кхаьрга а веана, дукха буьрса лийра иза нене, балха ара хIунда ца йаьлла бохуш. Цхьа хан йаьлча хьалатаьIна, арахьаьжча иза генаваьлла а каравой, йуха а урам тергалбан хуу Мовли. Ведарш чохь хи эцна Совлен, лулара казашка, тIехйолу.


ДIайаханчу бIаьста, кетIахь лаьтташ волчу Мовлина йуххехь цхьанхьара йогIучура сецна, шен тIоьрмиг чу кхевдина схьаэцна Iаж белира цуо кIантана. ХIара, шега кхийдош йерг хIун йу ца хууш, сацавелча: «Бери, бери, не стеснйайсйа», аьлла, боккха цIен Iаж кхуьнан буйна белла, дIайахара. Сиха чувеана пеш латон гIерташ йоллучу нене хаьттира Мовлис, куьг хьалха дохуьтуш:
− Нани, хIара хIун йу?
Пеша чу гIий буьллуш йолу нана схьахьаьжира:
− Iаж бу-кх. Мичара баьлла хьуна иза?
− Совлена белла, − Iожаха хьажа йаьккхира Мовлис.
− СагIа хийла цуьнан иза! Баа ахьа.

− Хьайна а баккха.
− ХIан-хIа, суна ца беза, − пешехьа дIайирзира нана.
Кхано суьйранна нене хаьттира Мовлис:
− Iаж мичара болу, нани? Стенах бо иза?
− Дитта тIехь кхуьу-кх.
− Кхузарчу дитташ тIехь ма ца хуьлу уьш!
− Муьлхха а дитта тIе ца болу Iаж. Ша тайпа, Iожан дитта тIе болу. Вайн Кавказехь ма дара уьш, ма чомехь хуьлура! − дагалецамашка йахара нана. − Вайн Кавказ цхьа йалсамане хиллера. Цигахь дитта тIе ца йолуш хIун йара − Iаж, кхор, туьрк, хьач, хьайба……………………………………….

Полную версию читайте в журнале «Нана» №1. 2023

5 186 комментариев

Лента новостей

Highlight option

Turn on the "highlight" option for any widget, to get an alternative styling like this. You can change the colors for highlighted widgets in the theme options. See more examples below.

Categories count color

Advertisement

Small ads

Flickr

  • Le grand désordre
  • Du balai
  • Chiyoko
  • Antonia
  • estate
  • Last
  • Strings Trio
  • Last one
  • Au bois #

Social Widget

Collaboratively harness market-driven processes whereas resource-leveling internal or "organic" sources.

ThemeForest

Your Header Sidebar area is currently empty. Hurry up and add some widgets.