Мамиева Изета йина I953-чу шеран хьаьттан беттан 15-чу дийнахь. В.И. Абаевн цIарахчу Къилбаседа ХIирийчоьнан гуманитарни-социальни институтан фольклоран а, литературин декъан лакхара Iилманан белхало йу, филологин Iилманийн кандидат, доцент. Чекхйаьккхина А. М. Горькийн цIарах йолу дуьненан литературин институтан аспирантура. Цо йазйина хIирийн литературин проблемех а, кхоллараллийн уьйрех а лаьцна 140 Iилманан статья. Iилманан уьйраш латтайо Инжил гочдаран институтаца а, Къилбаседа-ХIирийн хьехархойн институтехь йолчу Юнескон кафедрица а, хIирийн литературин музейца.
«ДIауьйр ду хьох са керлачу эшаран зевнехь…»
Къонахаллин а, дегайовхонан а поэзи.
Нуьцкъала Советский Союз шех олуш йолу пачхьалкх йохоро баккхий хийцамаш бира йукъараллин кхетамехь, и хийцамаш кхоьллира перестройкин идеологино, дар-леларан а, культурин а хIоьттина йевлла кепаш нийсса бIостанехьа йерзаро а. Амма цу дерригенан уггар а бохаме тIаьхьало хилира, цIий Iанош, дуьхь-дуьхьал латтарш.
ТIом массо а агIорхьа ирча тIаьхьало йолуш хилар гайтарехь, филологаша, дукха хьолахь, масална балабо ширачу оьрсийн литературера «Игоран полках дош» цIе йолу гIарабаьлла хIоллам.
Оьрсийн половцашца хилла тIом цу поэмехь гойту той хIоттаран а, йалташ чудерзоран а вастийн гIоьнца – цу кеппара кхочушдо маьрша къинхьегам тIамна бIостанехьа хилар, кхолларан-дохоран, дахаран-Iожаллин. 12-чу бIешарера вевзашвоцчу авторан «русичан» синхаамашкахь санна, цIийIаноран агрессина шен тидам тIебохуьйту вайзаманан тIемийн эрчаллех чекхбевллачу халкъийн литературо а, – политикехь вай буьйцу хиламаш билгалбоху «къаьмнашна йукъара конфликташ» йа «компанеш» олий. Церан могIарехь бу массеран а кхолламех хьакхабелла, бохаме беана Нохчийчуьра тIом: и дIаболабелира I994-чу шарахь, шина муьре бекъабелла и тIом балахьегаран дехачу йалхитта шаре дIабахара. Зуламе ши агIо йолуш хилла агрессеш: республикина къилбехьа – Гуьржийчоьнан агIорхьара (1989 – 1992), къилбаседехьа – ГалгIайчоьнан агIорхьара (I992-чу шеран гуьйре) хIирашна а тIелатар хилира; церан бухе диллинарг дара мехкийн дозанаш.
Цу хиламийн ирча бохамаш ондда зарр хилла схьахезира исбаьхьаллин кхоллараллин декъехь. Йукъаралла кхиарехь къастамбаран муьрашкахь коьртаниг хилла дIахIоьттира оцу шерийн литературехь кегарийн концепт. БIешераш морзахдовлучу хенахь бохамех хьалхавала цхьа а агIо цахиларан ойланех йуьзна йу Ш. Джикаевн поэзи («Кагйина мIов» цIе йолу поэзин гулар, 2000). Цу гуларехь хадам боллуш, луьра а хIиттадо ХIирийчоьнан дозанаш лардаран а, маршонан а хаттарш («Иштта зама тIейеана…», «Харцахьадаьккхина дуьне», и. кхин а).
Аллегорех (кхидерг аларца маьIнина гергавалар) жигараллица пайда а оьцуш, авторо суртхIоттадо «хеназа йеанчу заманан муьран» а, цо кхоьллинчу адамийн йукъаметтигийн а: шен хьехамечу (притчин) цхьамогIа байташкахь цо кхуллу шаьш баккъал а дуьненахь хиларца адам кхерошдолу тайп-тайпана тIегIанера васташ, цу вастийн дукхалла а – вайзаманан «манкуртна» тIера дIа оьздангаллех вохаран уггаре а лахарчу тIегIана доьссина «шен тайпа-тукхам доцучу» адамна тIекхаччалц. («КъотIалгIавинарг», «Агурийн йиш», «ТIулг»), шен къилба а, урх а йоцчу пачхьалкхан кеманна тIекхаччалц («Со хIорда чухула воду Iовдалийн кеманна тIехь…», милла а, мел дерг а хьоьшуш схьадогIучу «бIешарна – иэхь-ийман доцчунна тIекхаччалц а («Иэхь-ийман доцу бIешо – сонта а, тIех аьрха а…»).
А. Кадзатип «Делан де» (I998) байтийн гуларан коьрта ойла йу адамо Сийлахь-Везаволчуьнга шен халкъана а, дуьненан дерриг а адамашна а маьрша хиндерг доьхуш, деган шовкъехь доIанаш дар. Къоман дуьне-дахар «дераллица» отуш, херцош долчу хьелашкахь Р. Джамбулатовн лирикин турпалхочун тIаьххьара а йисна дегайовхо йу стигалан Iаьршашкара (Делера) орца кхачар: «Йуха а йогуш йу цIергахь сан Нохчийчоь. // ‹…› АллахI воцург, кхин цхьа а вац // Нохчийчоь ларйан, цуьнгахьа гIо даккха…» («Нохчий маца бузур бу?»).
ДоIанан жанраца цхьаьна йухаденлуш ду хIирийн поэтийн байтийн бухе йийшина йолу фольклоран ламасталлин белхар-тийжар («Сан Иристоп, бохамо суна хорамбина…» К. Мавргиевн, «ГIеметтара шерийн къаьхьа ойланаш» Н. Джусойтын. М. Казиевн, «ГIайгIа а, лазам а» Т. Кокайтын, В. Гобозовн сонетийн кочар «Иристоп», кхин а). З. Хостикоевн автобиографин турпалхо оцу «Iаьржачу деношкахь» дайн лаьттана балхамаш беш ву. Цуьнан байташкахь-тийжамашкахь («ХIирийчохь тезетан деношкахь аганан илли», «Iаламе йистхилар», кхийерш а) – хеназа кошан барз шайна тIехь биначу къоначийн догъIийжаме гIайгIа йар, амма цара даймехкан бозуш цахилар, шайн йахь а, сий а лардарехь цара гайтина доьналла а, къонахалла хестор а цхьаьна. Божарийн къораме бIаьрхиш сецорца белхаран меттан хотIах пайдаэцна Х.-У. Албортыйс тIамах бевддачу зударийн, берийн, баккхийчийн а бохаме кхолламаш бийцарна леринчу шен йозанашкахь. Гуьржийн тIемалоша маьршачу бахархошна ницкъбар гайтина «луьрачу къинойн уггар лекха лакхе санна» («Цхинвалан гIайгIане цIенош…», «Заре некъах йолу баллада», иштта кхийерш а.
Вайзаманан тIемийн маьIнадацаран хьелашкахь байташ кхоллархоша карлайоху халкъан дIадаханчун агIонаш, дагабохкуьйту къоман а, мехкан а маршонехьа къийсам латтийна турпала къийсамхой («О, Хазби…» Х.-М. Дзуццатин, «БIаьхочун-цхинвалхочун кхайкхам А. Хамицеван, кхин а).
Даймехкан маршонан, цуьнан шатайпа маьршачу Iаламах догъIабаран тема хастамечу иллин могIанашкахь хеза нохчичун Рашидов Шаидан байташкахь: «Нийсоно отур йу йерриге харцо //, Бакъоно хазйийр йу адамийн йаххьаш. //Муьлхха а шелонца хьаькхначу дарцо, //Малх хьаьжна, къагор ду вайн лаьмнийн баххьаш» («Нохчийчоь»).
Оцу шерашкахь къаьсттина дукха шех пайдаоьцуш хуьлу Поэтан-БIаьхочун васт, цо (цу поэто) шен ницкъаш тIебузу дайн лаьттаца, халкъаца кIорггера йолчу зIенашкахула. ХIиричун А. Боциевн кхоллараллин коьрта ойла (идея) йу – вайзаманан дахаран Iоттабаккхамашна а, кегорашна а дуьхьал поэзи йаккхар. Кхузара схьа ду поэтан хьехамаш баран белхан маьIна кхетор (манифестация), цу поэто кхуллу дуьненан васт, цу кеппара цо шен дакъа йукъадуьллу долуш дерг низаме далорна, дохоран кегарий дIасадаржор, йукъараллин дехарера дIадаккхар («Парнасе боьдучу некъахь», «ТIехкарзахениг, кх. а)
Нохчичун Бисултанов Аптин поэтан вастан семантикин-маьIнин къепенан философин билгалонаш йу. Мифологин-метафорин ламастехь ша диттах тарварехь бухе йиллина ца Iа «дерригенан цхьаалла; стиглий, латтий ондда цхьаьнатоьхна а, цхьана кепара мукъаме йирзина а цхьа гуо хилар». (М. Эйнштейн), цо аьтто бо художникна ша Iаламан цхьа дакъа хиларан кIоргачу маьIнех кхета а, маршонан локхалла хаайала а: «Ас малхе кховдор ду//иллеша иэтIийна куьйгаш, //Сайн когийн орамаш// тийсина Даймехкан лаьттах. //Со иштта лаьттар ву, //Машар сайн белшаш тIехь сецош, //Сайн бIаьргийн чIенигех//Iийдалуш лаьттан мутт – марзо». Иштта кхузахь хеза Поэзин шен са цкъа а лийр доцуш ду боху ойла а: «Со иштта лаьттар ву, //дахаран мехаша саттийна, вакъийна//Дечиган пондаре верззалц, //ТIаккха ахь, Даймохк, ладогIалахь, сан синан мерзе».
Кхечу хотIан тIегIанехь, исбаьхьаллин меттан гIирсех говза пайдаоьцуш, говза аларан – къеггинчу рифмица нохчийн литераторна тIаьхьара олу хIирийн зудчо З. Догузовас. «Поэтан ницкъ кхочу дуккха дерг а кхочушдан», нагахь иза шен халкъан кхолламан ойла йеш велахь, бохург тIечIагIдо хIинц-хIинцца йаздан йолалуш йолчу авторо «Даймахке» цIе йолчу байтехь. Ира герз санна долу дош карадирзина волу ша цхьаъ а тIеман арахь бIаьхо ву, нагахь даймахкана кхерам тIехIоттахь. Цуьнан озан къекъар бIешерийн кIоргенера а схьахеза, хезар а ду тIедогIучу эзарнаш шерашкахь а…
Дуьззина схьаэцча, йаздархойн хьаьрмахь къахьоьгучара уггар а дукха шайх пайдаоьцуш хуьлу «хеназа», «шен заманза», «заманаша ха харцар», «заманаш морзахйийлар» боху кхетамаш. Уьш шайх пайдаоьцуш бу лаккхарчу синайамехь йазйинчу текстийн тIегIанехь: «Ткъес тохале» (I994) З. Хостикоеван, «МаьркIаж-бода» (1994) А Кодзатин, «Шина муьрана йуккъехь» (2000) Х.-М. Дзуццатин, «ДIадаханчунна а, хиндолчунна а йуккъехь» (200I) Яричев Iумаран.
Вайзаманан тIамех исбаьхьаллин агIорхьа кхетор баккхийчийн чкъурах болчу дешан говзанчаша, дукха хьолахь, кхочушдо депортацин проблемица цхьаьна. Доьналла долчу наношна – нуьцкъаша шайн махках баьхначарна хастаман илли олу нохчичо Яричев Iумара: «Делера совгIат хуьлда шуна, //Коммунисташа лаьтта тIехь хIоттийначу жоьжахатехь//Тхо цуьнан бодашкахь лардан ницкъ кхаьчначарна». Лирикин турпалхочунна моьттура, хено йерзор йу халкъ «жоьжахате дIакхалхоран», наггахь цкъацкъа гIенашкахь догIий бен, ша иэсехь карла ца доккхучу заманан. Амма, цул а къиза зиэраш тIейогIучу хенахь хиллера: «Сан бохамашна садеттар кхин а оьшуш хиллера//Нохчийчохь дIабахначу шина тIамна а…» («Тхо кIадделла»).
Вайзаманан поэтийн кхечу кепара гайтар хуьлу ХХ-чу бIешеран тIеман а, цу тIамехь долчу адаман а васташ. ТIеман хиламаша бохийначу мехкан йухаденбаларан, йухаметтахIоттаран, цуьнан доьналлин а мукъамаш онддачу буламехь хеза Абдулаев Лечин лирикехь: «Лазийний? – Лазийна, хьаха. //Къарйеллий? – Ас вала дуьллу! // Луъураш дуьйцийла наха – //Нохчийчоь йала ца йелла!» Поэто, ша дайн лаьттаца цхьаьна вустуш, шен «чевнаш» а йийцаре йо кхидIа а: «Амма вай кхуьур ду даха, //Белларш схьабелара бохуш…»
Бохамечу оптимизмах йуьззина йу Ахматукаев Адаман «Дайн латта» байт. Цу тIехь нохчийн поэто «озийначу дегIан пхенийн» буламан лаккхарчу тIегIанехь жоп лоьху хаттарна: къар а велла, лай санна «декъаза, пайденза, букъ сеттина» висар йа иллин дешнашца, кхерамашна а, кхераваларна а бIо ца къажош, «Iожалла эшо дуьхьало хIоттор».
Цуьнца цхьаьна, нохчийн тIеман тематикехь кIезиг дац цхьаллехь висаран, дерригенах а догдилларан аьзнаш а: «Иштта хуьлуш хилла, Малх бац – //Iаьнан дахкарийн пардо ду. //Со дуьнен тIе ваьлчахьана дуьйна – //Балахьегар, къаьхьа дахар, гуттар бехке хилар бен дац, – иштта го дуьне а, дахар а нохчийн йаздархочун Шамсудинов Бувайсаран лирикин турпалхочунна («Со дуьнен тIе ваьлла хилла…»). Кхин цхьа агIо а йу тIом гайтаран: ламанхошлахь беза-сийлахь болу тешамечу доттагIаллин синхаам бу авторо шен кхечу байтехь хьахош («Адамна ца лиира мостагIчух теша…»): «ДоттагI цу хIусаме веара, шена чу бохам боьссинчу», «Тхов тIехула меца хьаргIанаш хьийзачу». Цунна схьакхачаре дукха сатийсинчу, син неIарш йиллина дIайахийтира, «дог дагах тухуш» мараволла аьтто баларх воккхавеш. Иза веанера «дика мел дерг хир ду, ша цуьнан бала кхаьчна ву аьлла» дош дала, амма… харцдерг дийцира, и диц а делира.
Хьашайеллачу ойланашца цхьаьна халла къаьсташ ду дIадаханчун «гIалаташна тIехь болх баран» аргументаш йалар а (А. Ахматукаевн «Сан гIенийн хаттарш»), «кханене» неI йеллар: буьйсанан некъазаллин неIалтера «сирла-къегинчу дийне», сатийсамийн гIенашкара – баккъал а долчунна тIе» (Б. Шамсудиновн «Буьйсанаш»).
Вайзаманан цIий Iаноран конфликташ хIирийн поэтессаша гойту Зудчун-Ненан, лаьтта тIехь дахар лардархочун агIорхьара. Н. Гогичеван кхоллараллехь – и хастаман могIанаш ду даймохк ларбархошна («Вай дуккха ду!», «ХIирийчоьнан кегийрхошка», кх. а), байташ-белхарш («Веддарг», «Со муха ца йоьлху…»), косташ («Харц интеллигенташка», кх. а). Э. Кокоеван стихашкахь вовшах ца къаьста ненан-хIиричун балахьегарх гIайгIане иэс а, цуьнан бохаме кхоллам а, «хIаллакьхиларан цIий Iаночу тIаме кхисса кхиийна» кIентий а («Схьадаьхна бераш», «тIом боцчохь дуьнен тIе девллачу керлачу чкъуран хиндолчух тешар а («Дахаран балахьегар, дахаран зулам…», «Ма йелха…»).
Шатайпана хилам бара Къилбаседа-Кавказера вайзаманан литературехь Жумалаева Лулин (Куни) кхолларалла. ТIеман жоьжахатера дахаре йухаверзаран, дераллин а, къизаллин а кIуркIаманера адамаллин йукъаметтигашна а, синхаамашна а, дика мел долчу хьелашна: безамна, маьлхан йовхонна а, серлонна а дог дIаделлар, хIокху доккхачу дуьненан цхьа жима дакъа («гIамаран буьртиг», «бецан хелиг», «аьнгалин гериг») ша хилар хаадалар а ду цуьнан байташкахь къаьсттина дагах кхеташ а, сих хьакхалуш а дерг. Поэзин аларийн маьIнаш дукха а, доцца а хиларо тIамо мерцинчу даймехкан васт кхолла гIо до: «Беккъа кIур. Беккъа лазам. Беккъа чим. //Деттачу цIийн алх, //ХIинца шен Нохчийчоь олуш йолу. Амма иза шен авторан цIаро чахчийначу син васт а ду шен гIайгIанций, балахьегаран лазамций, цуьнан шен дарашций а, уггаре а йуххерчу зIенашций – гергарлонашций а, синмехаллийн башхаллашций цхьаьна.
Амма вай харц хир ду, тIеман дараш а, лазамаш а шен даг чухула чекхбахаро поэтан дахарх кхетарна шатайпана тIеIаткъам беш хуьлу аьлча.
Поэташна гушдерг – хиларан (бытие) цхьатеррачу хьолехь латтар а, цунна чохь дIабоьлху хиламаш йухаберзо ницкъ, цхьа Дела воцчун, кхечеран цхьанне а цахилар. («Дерриг а хуьлуш ду: Iай малх Iаткъар а…» Л. Абдулаев). Цара ойла йо адам гIорасиз кхоьллина хиларан а, шена хазделлачух Iехадала а (А. Ахматукаевн «Нигат»), «кхолламан чкъурган» хьолах, шерийн дохаллехь шен «меженаш йаайелла йолчу» (Ш. Цуруевн «Хаттарна жоп ца карадо…», «Цкъа Iин чу вуссу, цкъа Iункар берда тIера…»).
Дуьненан дIахIоттаман сурт йозанан ницкъаца гайтаран шатайпа кеп йалийна Куни Лулас, «Дуьненан геометри» цIе йолчу цуьнан байтана эпиграфехь йаздан мегар дара архитектурин модернизман а, функционализман а пионеран Ле Корбюзьен алар: «Вайна гонахара дуьне – иза, вайн бIаьргашца хьаьжча, цIеначу, баккъал а йолчу, цхьа а кхачамбацардоцчу геометрин дуьне ду. Гонаха мел дерг а – геометри…» Авторан поэзехь ойланаш оццу кепара йу – хIун ду дахарехь баккъал а дерг, хIун ду ткъа шайггара кхоьллинарг: «Махо наб кхеттачу дитташ тIера гIа охьакхоьссина, //Мекарчу дуьненан йуьххьера сурт дерзина доккхуш, //Тхевнаш тIерачу геригна тIера пелагаш охьатосуш, //Ченийн хьожа шайх йоьлла тIелхигаш чардакх тIера охьахьокхуш. //Дуьненан геометри. Графикин миф». Гериг дIахьаькхна, берзинабаьллачу тхевнан коьчална йуккъехула го иштта йаздинчунна шех кхерош долу «бух боцу Iин». Ма-дарра аьлча, вайна хьалха йу хIокхул а хьалха йевзаш хилла йолу, Куни Лулас цул хьалхарчу байтехь кхочушйина дерриг а дуьненан концепци. Амма цигахь лирикин «со» бохучун «кIезгаллин» характеристика лаьтташ йара Iаламах тера хиларца, абадеца зIенаш теллина а йу адамаллин дехаш хиларан онтологин дозанашкахь, шен генарчу дайшца йолу зIе хаьдда цахиларехь а: турпалхочунна хетарехь, иза «цхьана – дIадаханчу – синан йаьккхина кеп йу. //Адамийн Кхолламийн Жайни тIехь цахааран стешха зIаьнар» («Беккъа кIур. Деккъа лазар. Беккъа чим…»).
ХIокху поэтически контекстехь абаденна тIе тидам бахийтар космически хронотопан маьIнийн декъе дехьадаьхна ду. Иштта Куни Лунин персонаж а дуьненан къепенан йистйацарехь «гIамаран буьртиг» йа «бецан хелиг» а дац, ткъа вайна хьалхахIоттийначу геометрин проекцица цхьаьнадогIуш – цуьнан «кIеззиг бен йоцу хьаьрк» йу. Чаккхенерчу метафоро тIадам хIоттабо лирикин турпалхочунна ша цхьаллехь а, тIетовжа агIо а боцуш хилар хаадаларна. Амма цуьнца цхьаьна цо шена чулоцу стигланийн цхьа а ант доцчу «геометрин» дерриге а цIандаран дар-леларан маххадор а. Бакъдерг аьлча, Дуьне адамийн кхолламашкахь дакъалоцуш хиларх дIакъастийна ца Iа – «хIума хьалаойбучу хIуманан» аьзнийн цхьаьнацадаре хьаьжча («Сан дух – орам, сан дегI – дилха… //Абаден ЦIийдарехь гIийла аз//Синхаамазечу Стигалан Зарзакъан») иза ша, кхолларах йолчу мифашна нийсса бIостанехьа, Iаш йу ондда чIагIделлачу дисгармонехь (цхьаьнацадарехь).
Вайзама дуьненан тIегIанехь баккхий бохамаш бохьуш беана мур хиларх йолчу темина шена хетарг аларан буламехь йазйина хиларца къаьсташ йу Куни Лулин «Абрис» повесть а. Цу тIехь зудчун дар-лелоран логика схьайеллало тIеман халачу хьелашкахь а, тIом дIабаьллачул тIаьхьа хиллачу Iер-дахарехь а. Повестан поэтика тIехьажийна йу турпалхочун чоьхьара дуьне гайтарна. Гендерни конфликтан дакъош (зудчун цхьалла, безамна тешаме хилар, набахтешкахула а, тутмакхаш дIасахьовсочу меттигашкахь а майра лехар, тилавелларг доьзалан кхерча йухавоьрзург хиларх дегайовхо, моьттинарш доьхна дIадовлар, доьзалан йукъаметтигашкахь къоман башхалла, «ницкъ болчу зудчун» мифологемаш, кхидерш а) цхьаьнатоьхна, йукъадалийна ду тIам тIехь адам, дийнна къам а, дийнадисаран проблемийн гуонна.
Цу хиламашка «чоьхьара» бIаьргтохар ду и. КIорггера талламбаран а, массо а агIорхьа Нохчийчохь хилла тIемаш литературехь гайтар а, схьагарехь, кестта кхочушдалур дац. Цу декъехь башха йу повестан цIе – «Абрисы», аьлча а, гойтуш йолчу хIуманан тIехулара сизаш, йукъара суьрташ. ХIокху тIера шен йуьхь дIайолайо йозанан хотIан башхаллаша: дискретность, материал фрагменташкахь схьайалар – иэсан тIехжоьпаллин белхан жамI а. ТIеман къиза бакъдерг гайта доладо зудчун бIаьргашна гинарш ма-дарра, шайн инзаре ирча хиларо шайна жиргалла а кхоллайолуьйтуш йешархойн. Авторан пафос гуш йу текстехь йукъара синхаамен а экспрессех а дуьззина дакъош далорехь, тIедожарца – хIора а адамна, къомана, йукъараллина – пачхьалкхо хилийта тIелаьцна хьакъдолчу дахаран бакъо хилийтар, адамна цхьана а кепара ницкъцабар, цуьнца цхьаьна шена чохь са долчу кху лаьтта тIехь долчу дерригенна а, хуьлда и дитт, тарсал йа адам…
Вайзаманан тIемийн шерийн исбаьхьаллин йоза – Нохчийчоьнан а, ХIирийчоьнан а исторера бохамечу агIонийн – цкъачунна шен талламхо гучуваларе хьоьжуш Iа. ХIокху статьяхь цуьнан цхьадолу дакъош гайта гIоьртира тхо. Вай талламбинчу говзарийн башхаллин билгало – къаьмнийн дешан говзанчаша шайн халкъан дахарера чолхе, бохаме хиламаш гуманизман а, оьздангаллин а кхетаман агIорхьара схьагайтар. ДIабаьхьначу боццачу талламо таро ло вайна йийцарейинчу лирикин жанран-хотIан кепех дийца а (доIа, байт-белхар, сонетийн кочар, кхайкхам-тийжар), йозанан бакъдолчуьнца цхьаьна теманан кхетаран вастийн-метафорийн ламасташ а хилар а. Дуьззина аьлча, поэзин хIокху тайпанехь ламастехь ду къаьмнийн кхолламех, халкъийн хиндолчух къаьхьа ойланаш йар. Цаьрца цхьаьна – доьналлин а, дегайовхонан а мукъамаш къаьсттина чIогIа хазар а, дайн лаьттан сий-лерамбар хIораннан сийлахь декхар хилар а.
Гочйинарг – Бурчаев Хьаьлим
Орга №2. 2022
Visit My Site
Uma versao gratuita deste software de mineracao suporta apenas Windows e Linux esta disponivel e oferece suporte a ate 2 computadores.One USDT is redeemable for 1 USD on select exchanges.O cassino tambem possui uma versao movel. https://www.beenicole.net/forum/beauty-forum/hot-volcano-bonus-buy-cassino-gratis Hot Volcano bГґnus Buy cassino grГЎtis However, some casinos have faster withdrawal times, so it’s always worth checking the terms and conditions before you make a withdrawal.Whether you enjoy slots, Blackjack, Roulette, Baccarat, Jackpot games, or even video poker, you’ll have your hands full.The maximum withdrawal is 10 BTC, 50 ETH, 500 EOS.In markets, takers are those who reduce liquidity by taking orders that are already on the books.The most crucial thing is that they have an up-to-date licence that indicates they have the legal authority to operate gambling activities.Very recognized websites provide outstanding services for the best online casinos.Wirex e uma plataforma interessante que seria uma otima opcao para quem deseja comprar Bitcoin no Reino Unido e usa-lo em vez de moeda fiduciaria.All signs are pointing towards mobile casinos being the future of bitcoin gambling.Os mineiros tambem podem pausar seu dispositivo enquanto ele esta em uso, portanto, ele so faz mineracao enquanto esta ocioso.
stromectol precio 25 is a chronic, intensely pruritic blistering disease characterized by symmetric grouped vesicles, papules, and wheals on the elbows, knees, scalp, and buttocks
This is such a thought-provoking article! Check out my site